Кадыров Рамзан: Со тешна ву «АХМАТ-ТАУЭР» йерриге Россин а сийлалла хирг хиларх

Соьлжа-ГӀалахь дукхахьаштийн «АХМАТ-ТАУЭР» комплекс йар йуха дӀадолош ду. Цу хьокъехь телеграммерчу шен агӀонехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана.

«Хьомечу ВЕЖАРШЦА: РФ-н Пачхьалкхан Думин депутатаца Делимханов Адамца а, Нохчийн Республикин Правительствон Председательца Даудов Мохьмадца а, НР-н Правительствон Председателан хьалхарчу заместительца Тумхаджиев Ӏийсаца а, НР-н Правительствон Председателан заместительца Висмурадов Абузайдаца а, НР-н Мехк-Ден а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочуьнца Таймасханов ГӀаласца а, «Смарт-Билдинг» ООО-н генеральни директорца Зубайраев Сайд-Мохьмадца а, Шайх Зайедан цӀарахчу Фондан директорийн кхеташонан председательца Усманов Анвараца а
ас дийцаре дира бан безаш болчу белхийн коьрта гӀуллакхаш.

Зубайраев Сайд-Мохьмада билгал ма-даккхара, хинйолу гӀишло 435 метр лекха а хир йу, цуьнан лаьтта тӀехула 103 гӀатт а, лаьтта бухахь цхьа гӀат а хир йу. Цу чохь офисан чоьнаш а, 1200 меттигна лерина машенаш дӀахӀитторан меттиг а, хьешийн цӀийнан чоьнаш а, 325 резиденци а, йиъ пентхаус а хир йу.

Билггал ала йиш йу, таханлерчу дийнахь хӀара проект дуьненахь а уггаре шатайпачу проектех цхьаъ йу, аьлла», – йаздина Кадыров Рамзана.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас гулбеллачарна баркалла элира хӀинцале а бинчу балхана. Цо билгалдаьккхира, «АХМАТ-ТАУЭР» йерриге Россин а сийлалла хирг хиларх ша тешна хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: