Кадыров Рамзанан тӀедилларца къаьсттина хала хьал дӀакхайкхийна Нохчийчохь

ЧӀогӀа догӀанаш ихна даккхий зенаш хилар бахьана долуш, Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца къаьсттина хала хьал дӀакхайкхийна Нохчийчохь. Республикин кӀоштийн администрацийн куьйгалхошна тӀедиллина хилла болу бохамаш дӀабахар а, церан бараман хьокъехь хаамаш цхьаьнатохар а. Иштта, Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу урхаллина Нохчийн Республикин Правительствон хаам баран а, къаьсттина хала хьал хӀоьттича хилла болу бохамаш дӀабахаран а комитетаца цхьаьна беррига а ницкъаш бохамаш дӀабахарна тӀе хьажор тӀедиллина. Дагадоуьйту, селхана Нохчийчохь чӀогӀа догӀанаш ихар бахьана долуш даккхий зенаш хилла хилар.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: