
Нохчийн Республикин Мехк-Да Кадыров Рамзан Соьлжа-ГӀалин мэраца Кадыров Хас-Мохьмадца цхьаьна пачхьенан гӀишлошйаран коьртачу майданашкахь хилла. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь. Цкъа хьалха уьш хилира Правительствон керла комплекс йолчохь кхузаманан Конгресс-Холл йечохь. «Кадыров Хас-Мохьмада хаам ма-барра, гӀишлошйаран гӀуллакх халонаш а йоцуш дӀахьош ду. Деррига а долуш ду. Ас тӀедиллира дикалла а, гӀишлошйаран кхузаманан лехамаш а ларбеш болх бар. Шеко йоцуш, Конгресс-Холл лакхарчу тӀегӀанан мероприятеш дӀайахьаран коьртачу меттигех цхьаъ хир йу», – йаздина Кадыров Рамзана. Цул тӀаьхьа уьш кхечира Россин Президентан Путин Владимиран цӀарахчу кӀошта а. «Кхузахь сихачу боларшца дӀахьош ду дукхапетарийн 28 цӀийнах лаьтташ болу шолгӀа могӀа баран белхаш. Кадыров Хас-Мохьмада дийцарехь, кхузахь монолитан дерриге а белхаш дӀадирзина ала мегар ду. Ткъа хӀинца дӀахьош ду гӀишлойн фасадаш кечйар а, чохь белхаш бар а, чаккхене дахана лаьтта бухахь машенаш дӀахӀитторан меттигаш йар а. Со тешна ву, ишттачу боларшца Соьлжа-ГӀала вайн дийнна махкахь а бегӀийла хьелаш долу кхузаманан тоьлла гӀала хилла дӀахӀуттург хиларх», – аьлла Нохчийчоьнан Мехк-Дас.