Нохчийн къомана еза шен театр. Масане сийлахь цIе серлайолу хIораннан иэсехь иза хьахийначохь. Бадуев Мовжди, Зубайраев ЯрагIи, Дениев Iальви, Исаева Асет, Хакишева Хьава, Хаджиева Неля, Багалова Зулай, Муртазалиева Асет, иштта дуккха а кхиберш
Ткъех шо сов ду Муртазалиева Асета нохчийн къоман театран сцени тIехь къахьоьгу. ГIалгIайн вевзачу яздархочо Чахкиев СаIида язйинчу пьеси тIехь, режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу «Асхьаб Бендер» цIе йолчу спектаклехь евзира вайна иза дуьххьара.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь дара Нохчийн Республикин университетехь дешна яьлла, театран, кинон актриса хилар тIечIагIдеш, диплом схьаэцна, Муртазалиева Асет искусствон хьаьрме кхаьчча. Керла хIотточу спектаклехь коьрта роль яра режиссера къоначу актрисе кховдийнарг. Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, шеконаш а яра садууш: ларор юй-те, ницкъ кхочур буй-те коьртачу турпалхочун васт кхолла?! Ларийра. Ницкъ тоьира. Асета цу спектаклехь васт кхоьллина Индира Iаламат хьекъале йоI яра, забарх кхеташ, шена забар ян хууш. Ткъа уггаре а коьртаниг, Индирина хаьара ХХ-чу бIешеран чаккхенехь ша ехаш юйла. Хьанал-хьарам ца къестош, гулбинчу бахамах Iехалур йолуш яцара иза. Асхьаба лелочу моттаргIанех ца яшшал синъондалла яра цуьнгахь. Леларца, духарца, дечу къамелаца кхузаманан оьзда вайнехан йоI яра Индира Муртазалиева Асетан шовкъечу ловзарехь.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь нохчийн къоман театро Iаламат дукха болх бина халкъан бартан кхолларалли тIехь. Цу хоршара яра театро Зайт Шихмирзех долчу илли тIехь хIоттийна «Шихмирза» цIе йолу спектакль а. Шихмирзин хIусамненан роль ловзош яра Асет. Солцаев Мималта хIоттийначу «Шейх Мансур» цIе йолчу спектаклехь Мансуран хIусамненан роль ловзийра цо. Ханна жима елахь а, Хамидов Iабдуллин пьеси тIехь режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу «Лийрбоцурш» спектаклехь Бикатун роль ловзош яра актриса. Алссам дуьне диъна, тоххара жималла тIехтилла турпалхо яра Бикату. Делахь а, шерийн башхалла ца тосайолуьйтуш, сирлачу басаршца васт кхоьллина гIеметтахIоьттинчу вайнехан зудчун амал гайтира актрисас «Лийрбоцурш» цIе йолчу спектаклехь.
Вайна массарна езаеллачарех ю режиссера Хакишев Руслана хIоттийна «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолу спектакль. Испанхойн поэт, драматург хиллачу Федерико Гарсия Лоркас язйина поэтически драма ю иза. Вайна хьалха гина яра и спектакль РСФСР-н хьакъйолчу артисткас Хаджиева Неляс Нускалан роль ловзош.
1998-чу шарахь, театро «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолу спектакль карлайоккхуш, режиссера Муртазалиева Асете кховдийра и чолхе роль. Керла хIуо деара къоначу актрисас вайна девзачу Нускалан васте. Ишта хаза, безамна тешаме хиларал совнаха, Муртазалиева Асетан Нускалца ховхалла, догцIеналла алссам яра. Заза хецна догIучу бIаьстенан зезагах тера яра иза, романтикех юьззина йолу нуьцкъала амал гойтуш. ХХ-чу бIешеран чаккхенехь нохчийн къоман театро хIоттийначу «ЦIий Iанийна ловзар» цIе йолчу спектаклаца билгалделира, муьлхха а роль хьакъ доллучу тIегIанехь ловзо хьуьнар долуш, вайнехан актерийн къона чкъор тIекхуьуш хилар. Хьовсархоша и спектакль езаш тIеэцаро тIечIагIдора чолхечу кхоллараллин зиэрех Муртазалиева Асет кхиамца чекхъяьлла хилар.
Инзаре ирча, буьрса бара 1999-чу шеран шийлачу гуьйранна Нохчийчу баьржина шолгIа тIом. Луьста дечу авиатохарша бIаьрг белла ца вуьтура. Къинхетамза охьааьттера Соьлжа-ГIалара дукхахйолу гIишлош. Цу декъазчу декъахь яра къоман театран гIишло а. Цхьана ханна махках бевлира вайнехан артисташ а. Амма шаьш, цкъачунна, дIатарбеллачу меттигашкахь а кхоллараллин болх ца сацийра цара. Боьдуш тIом болуш фестивалашкахь дакъалаьцна, кхоллараллин суьйренаш елла. Керла спектаклаш хIиттийна. Царех цхьаъ оьрсийн яздархочо Гоголь Николай Васильевича язйинчу «Зудаялор» цIе йолчу пьеси тIехь, режиссера Хакишев Руслана хIоттийна спектакль ю. Агафья Тихоновнин васт кхуллуш яра Муртазалиева Асет цу спектаклехь. ДагадогIий шуна, «Сайн 28 шо кхачале маре яха дийзи-кх сан!» – бохуш, дилхина цхьа тайна зудабер. ХIаъ иза ю Агафья Тихоновна. Цунна чIогIа лаьа маре яха. ТIехьийзачу кIентийн къелла яц цкъачунна. Делахь а, цхьаьннан мара товш бац, вукхуьнан балдаш ирча ду, кхозлагIниг гIиллакхаш шога долуш ву. Ткъа бехк буй кхуьнан царна юкъара цхьа а ца къаставелча? Актрисас, басарш ца кхоош, безамца кхуллура и васт, турпалхочух мелла а шен дог лазар ца хьулдеш. Цундела массара езаш тIеоьцура цуьнан Агафья Тихоновна.
Цу муьрехь театро карлаяьккхинчарех яра Хамидов Iабдуллин пьеси тIехь хIоттийна вайна массарна дукхаезаш йолу «Бож-Iела» спектакль. Бож-Iелин хIусамненан Зулайн роль яра цу спектаклехь Муртазалиева Асета ловзийнарг. Нохчийн къоман театран сцени тIехь ша ловзочу массо а ролана юкъа санна шен похIмин серло, экамечу синан ховхалла йиллинера актрисас цу ролана юкъа. Цундела мелла а къинхетам, адамалла совъяьлла хеталора Зулайн вастехь. Иза уллора, гергара яра хьовсархошна.
Дагахь доцу совгIат дира нохчийн къоман театро шен хьовсархошна 2005-чу шарахь. Французийн яздархочо А.-С. Экзюперис язйина «Жима эла» новелла бухе йиллина, изза цIе йолуш спектакль хIоттийра режиссера Хакишев Руслана. Новелла нохчийн матте яьккхинарг вара Нохчийн Республикин халкъан поэт Абдулаев Леча. Розин васт дара Муртазалиева Асета кхиамца цу спектаклехь кхоьллинарг. Спектакле хьаьжча гуш дара актрисас кIорггера ойла еш кечам бина хилар. Балха тIехь зеделларг, Дала ца кхоош делла похIма, актриса къинхьегамах къехкаш цахилар, дерриге а вовшахъиэро кхачийнера иза рогIерчу кхиаме. Цу йоьхна еанчу заманахь вайн махкахошна мерза кхаъ хилла дIахIоьттинчарех яра «Жима эла» спектакль. Цу муьрехь хIоттийна ю театро Мольеран пьеси тIехь «Скапен, спаси любовь!» цIе йолу спектакль а. Зербинеттин роль ловзош яра вайн турпалхо цу спектаклехь. Цо и мел дика ловзийна гойту ерриге а Россихула 2006-чу шарахь дIайоьдуш хиллачу «Сцена без границ» цIе йолчу фестивалехь толам баккхаро. Спектаклан лаккхара мах хадош, фестивалан тергамхоша Сийлаллин диплом делира Муртазалиева Асетана Зербинеттин роль тIехдика ловзорна.
Дуьйцийла йоццуш, хьуьнаре адам ду актриса. Нохчийн къоман театрехь цо бинчу сценически белхаша гойту яккхий таронаш йолуш иза хилар. Аьлларг тIечIагIдеш, масална яло луур дара нохчийн драматургин классика хилла схьайогIу «Совдаттий, Дауддий» цIе йолу драма. Дукха хан ю и пьеса вайна евза. Хьалха цкъа-шозза хIоттийна иза нохчийн къоман театран сцени тIехь. Делахь а, классика иза классика ю. Цуьнан мехалла цкъа а йовш яц. 2010-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхалера шира чIираш дIаяхаран хьокъехь кхайкхам бича, цу кхайкхамна жоп луш санна, театро кхин цкъа а карлаяьккхира «Совдаттий, Дауддий». Даудан васт кхуллуш вара Нохчийн Республикин халкъан артист Кутаев Хьамзат. Тайначу озаца цо бечу узамаша чIагIбора спектаклан исбаьхьаллин тIеIаткъам. Совдатан васт Муртазалиева Асета кхоьллира, даима санна, шен синшорталла ца кхоош, къегинчу басаршца и васт серладоккхуш. БIешерийн кIоргенера таханене схьаеана нохчийн мехкарийн синондалла яра Муртазалиева Асета цу ролехь гайтинарг. Цо Iамавора безамна тешаме хила, халонашна къар ца вала, Делан диканах дог ца дилла. Ишта похIме артистка ю-кх иза. Цкъа а, цхьана а хIумана тIехь мало еш яц. 2005–2007-чуй шерашкахь Михаил Юрьевич Лермонтовн цIарах йолу оьрсийн драмин театр юхаметтахIотточу заманахь царна орцахъяла кхиира Асет. Шен балхана иэшам боцуш иза ларийра Лермонтовн цIарахчу театрехь хIотточу шина спектаклехь дакъалаца. Iаламат самукъане, комедийни васт дара цо «Зачем пойдешь, то и найдешь» спектаклехь Раисин ролехь кхоьллинарг. Ткъа Солцаев Мималта хIоттийначу «Рыцари кавказских гор» спекталехь Лермонтовна дукхаезачу йоьIан Верин васт кхуллуш яра актриса. Кхузахь билгалдаккха луур дара Муртазалиева Асетана нохчийн мотт, оьрсийн мотт цхьабосса дика хууш хилар. Цундела муьлххачу спектаклехь хьовсархоша безаш тIелоцу цуьнан турпалхой. Ишта-м Муртазалиева Асет фильмашкахь дакъалаца а ларийна. Царех цхьа «Дело чести» яра режиссера А.Черных яьккхина. Ткъа важа А.Сокуровн «Александра» яра. Оцу фильман премьера Францерчу Канны цIе йолчу гIалахь, дуьненаюкъарчу фестивалехь хилира 2007-чу шеран 24-чу майхь. Тергамхоша Iаламат лакхара мах хадийра режиссера а, цуьнца цхьаьна актераша а бинчу белхан. Россин кинематографин боккха кхиам бара иза. Ткъа фильмехь дакъалоцуш вайн махкахо хилар дозалла дара.
Нохчийн къоман театрехь тахана болх бечарех тоьлла актриса ю Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка Муртазалиева Асет. Цуьнан хьанал къинхьегам халкъан а, мехкан а мах боцу беркат ду. Вай хьахийнарг масех роль бен яц актрисин шуьйрачу кхоллараллера. Уьш-м йийцина ца валлал дукха гулъелла ткъех шарахь сов цо театрехь болх беш. Цул совнаха, театрехь болх бина Iаш яц похIме актриса. Иза хьоьхуш ю Нохчийн Республикин искусствон колледжан театральни отделенехь. Дуккха а шерашкахь бинчу белхан зеделларг тахана кегийрхошна дIалуш ю иза. Къоман кханенан ойла яр ду иза. Цуьнан хиндолчух доглазар ду. Муртазалиева Асетана шен ирс карийна кхоллараллин хьаьрмахь. Цуьнан яхар, къахьегар вайн дуьхьа ду. СинбIов хилла лаьттарг нохчийн къоме, театре болу безам бу.
ГАЗИЕВА Аза
№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо

