ТӀаьххьарчу шерашкахь Нохчийн Республикехь 91 ишкол а йина

Цу хьокъехь хаам бина Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана ВКонтактерчу шен агӀонехь.

«ТӀаьххьарчу шерашкахь Нохчийн Республикехь 91 ишкол а йина, дешаран 136 организаци то а йина. Кхиоран дакъа чӏагӏйарна а, доьзалан мехаллаш ӏалашйарна а лерина йолу Йерригроссин «Бераллин навигаторш» проект жигара кхуьуш йу», – йаздина цо.

Цо билгалдаьккхира, «Кегийрхой а, бераш а» къоман проектан гурашкахь республикехь кхочушбеш баккхий белхаш хилар.

«Оха берашна деша а, хьехархошна болх бан а тоьлла хьелаш кхуллу, керла ишколаш йо, дешаран хьукматашна ремонташ йо, хьехархошна гӀо до», – элира Кадыров Рамзана.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: