
Нохчийн Республикин Мехк-Ден Кадыров Рамзанан тӀедилларца белхан гӀуллакхца Москва вахана волчу Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Даудов Мохьмада цхьаьнакхетар дӀадаьхьна Россин Федерацин Президентан чоьхьарчу политикин Урхаллин хьаькамца Ярин Андрейца. Цу хьокъехь Нохчийчоьнан Премьер-министра хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
Цхьаьнакхетарехь дийцаре дина Нохчийн Республикин социальни-экономикица а, мехала проекташ кхочушйарца а, регионан йукъараллин-политикин дахаран мехалчу агӏонашца а доьзна долу гӀуллакхаш. Къаьсттина терго тӀе йахийтина харжамашна кечамаш барна.
«Ахьмад-Хьаьжин Рамзана леррина терго йо регион кхиорна а, цуьнан тӀаьхьалонаш чӀагӀйарна а, бахархойн Ӏер-дахаран хьелаш тодарна а леринчу гӀуллакхашна а, республика кхидӀа кхиарна тӀехьовсийна долчу дӏадолораш кхочушдарна а», – йаздина Правительствон Председатела.
Даудов Мохьмада билгалдаьккхира, Ярин Андрейс оьшучунна тӀехь регионна массо а агӀор гӀо деш хилар. И бахьана долуш Нохчийчоьнан Премьер-министра баркалла элира цунна.