
Алиев Тимур – Нохчийн Республикин Мехк-Ден гIоьнча, Нохчийн Республикин Мехк-Да волчохь йолчу граждански йукъаралла кхиоран а, адамийн бакъонийн а Советан председатель:
«Докладехь билгалдоккху Россехь харжамашкахь хьалхататтаран процессан дикалла дуккха а лакхайаьлла хилар. Аналитикаша мах хадийна хьалхататтаран муьран йуьхьанцарчу жамIийн: харжамийн дакъалацархойн йуьххьерчу позицийн, хьалхататтар дIадахьаран, политикин партийн стратегин, Федеральни а, регионийн а кампанийн конкуренцин тIегIанан. Докладан авторша жамI до хьалхататтар дIадахьаран муьро харжамийн система харжамашна кийча хилар гойтуш йу, российски дукхах йолу партеш харжамашкахь дакъалацарна тIейирзина йу, дикачу жамIашка кхача лууш йу, бохуш. ДIайаьхьначу партийни съездаша а, партеша а тIеэцначу харжамел хьалхарчу программаша а гойту чоьхьарчу политикин уггаре а мехалчу некъех къеггина уьш кхеташ хилар. И кхочушйарна тайп-тайпана тIедахар а, предложенеш а хилар идеологин конкуренци къеггина гучуйалар ду. Иштта, билгалдоккху, партийни документийн анализ йаро партийн кечамбаран белхан дикалла лакхайаьлла хиларна, партийни аппаратийн бакъонийн а, вовшахтохараллин а охIлалла лакхадаьлла хиларна тоьшалла деш хилар».

Хатуев Ислам – Нохчийн Республикин хьакъ волу журналист, Россин Йаздархойн союзан декъашхо, историн Iилманийн кандидат, доцент:
«Йукъараллин-политикин проектийн а, коммуникацийн а Туьшан аналитикин докладехь билгалйаьхна 2026-чу шеран харжамийн кампанин башхалла гойтуш йолу коьрта тезисаш, цу йукъахь: йуьххьехь долу хьелаш, харжамийн системин кийча хилар, йукъараллин тергойар кхиаран некъаш, законодательство хийцадалар, харжамийн процессана керла кхийсарш а, кхерамаш а. Иштта, докладехь билгалдоккхуш ду харжамийн кампани тIеман леррина операци дIахьочу хьелашкахь дIахьош хилар, российски йукъаралла карзахйаккхарна харжамаш Россин дуьхьал тIелатар даран коьртачу Iалашонех цхьаъ хилар. Ладаме кхерам бу хаамийн технологеш кхиар, ткъа царах жигара пайдаэцаро тIедало тарло харжамаш дIахьочу хенахь хIилланаш лелорна, фейкаш йарна. Цо лоьху электоральни экспертизин керла технологеш кечйар, бозуш боцу тергамхой кечбар, церан болх тобар. Харжамхойн кхаьжнашкахьа а, депутатийн мандаташкахьа а ондда къийсам бу хир болуш, партийни испискашна йукъахь а, иштта мажоритарни округашкахь а конкуренцин тIегIа лаккхара а долуш».

Каримов Iалу – Нохчийн Республикин Йукъараллин палатин Председателан заместитель, 2026-чу шеран харжамашкахь йукъараллин тергонан Туьшан куьйгалхо:
«Харжамашкахь дакъалацаро гойту российски партийни системехь чIагIйелла йаьлла, гIуллакхна хьуьнаре йолу туш хилар, партийно-политикин йукъараллин цхьаалла хилар. Партеш ницкъ ма-кхоччу шайн агIончашца йолу зIенаш чIагIйарехь гIуллакхдеш йу. Шуьйра даьржина граждански йукъараллин предложенийн буха тIехь харжамел хьалхара программаш вовшахтохаран дIадолораш».