Кадыров Рамзана дукхатӀегӀанийн харжамийн жамӀашна лерина кхеташо дӀайаьхьна

Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дукхатӀегӀанийн харжамийн жамӀашна лерина кхеташо дӀайаьхьна Нохчийчоьнан Правительствехь. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.

Кхеташонехь доклад йинчу НР-н Правительствон Председатела Даудов Мохьмада билгалдаьккхира, харжамаш лаккхарчу тӀегӀанехь дӀабаьхьна а, бахархоша жигара дакъалаьцна а хилар. Цо хаам ма-барра, 95,19 % харжамхоша дакъалаьцна цигахь. Ткъа Кадыров Рамзанна кхажтеснарг 99,85 % – 830 690 стаг ву.

«Ас даггара баркалла боху халкъана суна тешам баларна. Харжамийн жамӀаш суна доккха жоьпалла ду. Бахархойн тешам Ӏалашбарна оха дерриге а дийр ду», – йаздина Кадыров Рамзана.

Иштта, Россин Федерацин пачхьалкхан Думин депутат хаьржина Делимханов Адам. Кадыров Рамзана декъалвира иза оцу толамца.

Нохчийчоьнан Мехк-Дас билгалдаьккхира, харжамийн болх цхьа а талхор а доцуш дӀабаьхьна хилар. Цо баркалла элира харжамашкахь къа мел хьегначарна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: