
Нохчийн Республикин Мехк-Дас Кадыров Рамзана дакъалаьцна «Соьлжа-ГӀала – Ведана – Дагестанан доза» некъан 16-чу километрехь Орга хинна тӀехдолу тӀай схьаделларехь. Цу хьокъехь цо хаам бина телеграммерчу шен агӀонехь.
Дагадаийта догӀу, чӀогӀа догӀанаш ихна хи тӀедалар бахьана долуш Устрада-ГӀалара тӀай доьхна дара. Иза дерриге меттахӀоттор шеран чаккхенгахь чекхдала дезаш дара. Амма, говзанчаша а, белхалоша а жигара къахьегар бахьана долуш хеназа дина даьлла иза.
ХӀинца оцу тӀай тӀехула цхьана дийнахь а, буса а 78 эзар сов машен чекхйала аьтто бу. Иза 159 метр деха а, 42 метр шуьйра а ду. ТӀай меттахӀоттош къаьстина терго йина кхерамзаллина.
Кадыров Рамзана даггара баркалла элира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан хьалхарчу заместительна – НР-н автомобилийн некъийн министрана Тумхаджиев Ӏийсанна а, оцу объетехь къа мел хьегначарна а болх дика а, сиха а барна.