ГӀашлойн кхерамзаллина лерина пресс-конференци

Оцу темина йара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь «Продвижение безопасности» йерригроссин социальни кампанис дIайаьхьна пресс-конференци. Конференцин Iалашо йара гIашлоша, къаьсттана бераша, некъийн-машенийн кхерамзалла ларйар, Нохчийн Республикин бахархошна некъийн бакъонаш йовзийтар, уьш карлайахар, машенийн некъашца хуьлуш болу бохамаш кIезиг хилийтар.

Пресс-конференцехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин МВД-н Госавтоинспекцин урхаллин хьакаман заместитель, полицин майор  Уматгириев Тамерлан, Нохчийн Республикин транспортан а, зIенийн а, терахьийн а кхиаран министран заместитель Дажаев Ариф, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран заместитель Усманов Ахьмад, Нохчийн Республикин могашаллаIалашйаран министерствон хьалхара медико-санитарни гIодаран отделан хьаькам Эльдерханова Асет, «Продвижение безопасности» кампанин векалш.  

Пресс-конференци дIайолош Уматгириев Тамерлана доцца йовзийтира «Продвижение безопасности» кампани а, церан Iалашо а. Цо билгалдаьккхира гIашлойн кхерамзалла ларйар, къаьсттана бераш лардар, вайн хIораннан а декхар хилар.

«Вайн хIораннан а декхар ду Нохчийн Республикин бахархошна  кхерамазалла иза уггар  хьалха адамаш вовшашца ларам болуш, гIиллакхе, оьзда хиларна тIера дIадолалуш хилар хаийтар, вайн гIашлойн, къаьсттана берийн кхерамзалла ларйар вайн хIоранна а декхар хилар», – элира Т.Уматгириевс.

Нохчийн Республикехь гIашлойн кхерамзалла ларйаран а, оцу темина Нохчийн Республикехь дIахьочу мероприятеша  гIо даран а, цу декъехь берашца цIахь, дай-наноша  болх бан безаш хиларан а, иштта цхьамогIа кхечуьнан а хьокъехь тайп-тайпана хаттарш дира  пресс-конференцин дакъалацархошка журналисташа.

Пресс-конференци йерзош, Нохчийн Республикехь 2025-чу шеран кхолламан баттера гIуран бутт тIекхаччалц болчу муьрехь  хиллачу некъан бохамашкахь маса стаг кхелхина а, лазийна а дийцира.

Оцу шарахь некъан 9 бохам хилла, 5 стаг кхелхина, 4 стаг лазийна.

2026-чу шеран кхолламан баттера асаран бутт тIекхаччалц болчу муьрехь:

3 некъан бохам хилла, кхалхар хилла дац, 3 стаг лазийна.

САГАЕВА Залина

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: