БIаьрсил а сирла деган са

GE DIGITAL CAMERA1784-чу шарахь, Парижехь вевзачу хьехархочо Гаюи Валентина шен харжах схьайиллира бIаьрзечу берийн дуьххьарлера школа. Валентинан дог цIеналла а, хьуьнар а гергара хеттачу Россин паччахьо Александр Хьалхарчо шен махкахь иштта меттиг схьаелла кхайкхира цуьнга. 1807-чу шарахь Гаюис Санкт-Петербургехь схьайиллира «Белхалойн бIаьрзечу берийн институт».  МогашаллаIалашъяран дуьненаюкъарчу организацин (ВОЗ) лехамца, Гаюи Валентине болчу лерамна, иза винчу дийнахь, 13-чу ноябрехь билгалдоккху бIаьрзечеран дуьненаюкъара де.

Могашаллина оцу тайпана эшам а болуш, амма вайн юкъараллин дахарехь дуьззина дакъалоцуш болу бахархой кIезиг бац вайн республикехь а. Царах цхьаъ ву ТIехьа-Мартан №4 йолчу школин хьехархо Туганов Абуезид. Иза ца вевзаш наггахь а стаг вац хIокху кIоштахь. Кхузахь хьовха, республикехь а дIахьочу юкъараллин цхьаьнакхетаршкахь дакъалоцуш ву иза, даима а чIурам санна къегина, дуьненна а къинтIера ваьлча санна велакъежна, даггара адамаш дезаш, цаьрца шен дикалла, дегайовхо йоькъуш, хьаьнцца а стеннах  лаьцна дийца къамел долуш ву. Иза гуш воцуш, цуьнан къамел хезачо, Абуезид бераллехь дуьйна а бIаьрса доцуш ву эр  дац.

Цуьнан бIаьргех дохку, маьлхан серло чекх ца йолуьйту Iаьржа куьзганаш сайна гушшехь, хала дара суна 5-чу «Б» классехь «пени» урок луш, берашна тIевирзина стоьла хьалха лаьтташ волу лекхачу дегIахь, детех лепаш сирла корта болу хьехархо бIаьрса доцуш ву ала. Стоьла тIехь Iуьллура цуьнан белхан накъост – пондар.  «Улыбка» («Велакъажар») йиш дешархошка дIаязйойтуш, тIаккха цуьнан мукъам бовзуьйтуш, юха иза берашца цхьаьна дIаолуш, къахьоьгуш воллура иза. Доллучул а тайра суна, берашна ца кхета тарло аьлла хетачу дешнийн маьIна Абуезида довзийтар:

Оцу урокехь оьрсийн маттахь берийн йиш йовзийтина ца Iийра Абуезид, цо дешнаш гочдора, маьIна достура, сацаран хьаьркаш мичахь хIитто еза хьоьхура. Хала дара цхьа «пени» урок цунах ала. БIаьрсил а цIеначу, дегасица гуора цунна,  бер ца кхетта я яздарна тIаьхьадисна меттиг.

«Абуезид башха географ а ву, – бохура школин директора Хатуева Зинас. –БIаьрса дацара аьлла ца Iаш, кхечу хьехархоша санна, урокана кечам бо цо. Цуьнан урокан планаш талла мелла а ийзалуш со хилар хааделлера цунна. «Сан планашка хIунда ца хьожу хьо?», – аьлла, сох бехк а боккхуш, ша шен элпашца язйина планаш схьайийшира цо. Ала деза, Абуезид лаккхара дешар дешна а, «Россин Федерацин юкъара дешаран Сийлахь белхахо» а, «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» а ву.  Цуьнан хIусамнана а ю тхан школехь юьхьанцарчу классашкахь хьоьхуш. ХIара 14-гIа шо ду оха цхьаьна белхаш бо. Ткъа ТугановгIара школехь къахьоьгу 33 шо ду. КIорггера жоьпалла долуш стаг ву Абуезид».

Глаукома лазар долуш дуьнен тІе ваьллачу Абуезида Соьлжа-ГIаларчу бIаьрзечу а, бIаьрса ледара долчу а берийн интернатехь дешна. Цигахь кхоллабелира эшаршка безам а, Iемира пондар лакха а. Интернатехь 9 класс чекхъяьккхина, Москварчу бІаьрзечеран Интернате деша вахана, тIехдика дешарца цигахь 11 класс чекхъяьккхира цо. «ХIинца санна дахаран зеделларг долуш со хиллехьара, циггахь Консерваторехь дешна хир дара ас, – боху Абуезида, – амма и эшам меттахIоттийна ас Брайлан шрифтаца Къуръан деша а Iамийна. Ерригроссин  конкурсехь дакъалаьцна, кхоалгIа меттиг а яьккхина, и бахьана долуш Кувейте а вахана, церан Арахьарчу зIенийн министран заместитела совгIат а дина», – шен кхиамех воккхаве Абуезид.

Шен дахаран цхьа де а, сахьт а эрна ца дойу цо. Тахана а хIокху школехь лакхарчу классашкахь географи а, 5–7-чуй классашкахь эшаран урокаш а ло цо, районан Берийн кхоллараллин цIийнахь хоран кружок а лелайо. Т.САРАЛИЕВА                                                                                                                                                   Авторан суьрта тIехь: А.Туганов 5-чу «Б» классан дешархошца

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: