Дешархойн ларам хилар коьрта хета

IMG-20150715-WA0010

ТIехьа-Мартан кIоштарчу Котар-Юьртахь дуьнен чу яьлла Бокова Арбият. Циггахь дIаяхана цуьнан бералла а, деша а циггарчу №1 йолчу юккъерчу школе яхана. Хьехархошна дукхаезара шен дешарца, хазачу духарца  масална хIотто хьакъ йолу дешархо.

«Доьзалехь массарел жимах ерг хиларе терра, ден-ненан хилла а ца Iаш, йиш-вешин а хьоме яра со, – дуьйцу Арбията. Цундела къоналлин шераш ирсе дара. Цу хенахь цIахь долчух цхьа а хIума сох доьзна цахиларна, мукъа хан дукха хуьлура. Иза книгаш йоьшуш дIайолура. Дуккха а доттагIий бара сан школехь а, лулахь а. Школехь доьшуш йолчу хенахь дагна дукхаезаш къастийна нохчийн мотт, литература хьоьхуш йолу Ибрагимова Сацита а, оьрсийн мотт, литература хьоьхуш йолу Абдулаева Асмаъ а яра. Къаьсттина суна дукхаезара Гешаев Мусан стихаш а, Бексултанов Мусан дийцарш а. Сан самукъадолура дозанал арахьарчу мехкийн яздархойн – Джеймсан, Ф.Куперан, М.Ридан, Чейзан, В.Скоттан, А.Дюман – исторически литература йоьшуш а.

Сол баккхий болу вежарий а, йижарий а «шабашке» оьхура. ЦIахь долчу доккха хиллачу  дена-нанна сан гIо оьшура – лелош дукха бежанаш а, юьйш-ерзош йоккха керт а яра. Нана цIийн таIам лакхара болуш яра. Массо а хенахь лор кхайкха везаш, уллохь цхьаъ оьшуш хуьлура цунна. Церан терго еш, цIахь Iан езаш хуьлура, царна гIо-накъосталла а деш. Цундела школера дешна ма-елли лаккхара дешар деша аьтто ца хилира, даг чохь кхобуш психолог хила лаам хиллехь а. Дукхахболчара олура «психолог дика хир яра хьох». Суна лаьара тIамехь дукха баланаш лайначу адамийн дашца мукъане а дог эца…»

Уллернаш кхалхар лан хала дара. ГIортор йоцуш йисира Арбият, дукхадеза да-нана а кхелхина.  Воккхах волчу вешех а, йишех а къастар а хала дара лан. 2000-чу шарахь Котар-Юьртарчу №3 йолчу юккъерчу школе библиотекаран балха хIоьттира иза. Хьехархошца цхьаьна школа меттахIоттош къа а хьийгира.

«Дерриге а меттахIотто дезаш дара хIетахь. 2000-чу шарахь юьртана тIе бомбанаш тоьхча, йохийна яра школа. Кхаа сменехь болх а беш, меттахIиттийра кабинеташ. КIезигчу хенахь 5–9 классашна черчени а, рисовани а хьоьхуш къахьийгира.

Жимачохь дуьйна книгаш дукхаезаш хиларна еара со библиотеке балха, – кхидIа а дуьйцу Арбията. – Библиотеки чохь йисина книгаш боьха а, тиша а яра. Дешаран министерствос меттахIоттийра тхан библиотекин фонд».

Арбият, цигахь болх а беш, заочни кепара деша яхара Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене. 2013-чу шарахь кхиамца иза чекх а яьккхира.

Арбият, шен балхах самукъа а долуш, болх бан хууш ю. Цуьнан куьйгаллица библиотеко дIахьо деза денош билгалдахар. Масала, 27-чу майхь ерригроссин библиотекийн а, 24-чу октябрехь школийн библиотекийн  деза денош, Нохчийн меттан де, нохчийн поэтийн а, яздархойн а юбилейш билгалъяхар а ду ламасте дирзина.

Дешаран шо чекхдолуш библиотекехь йолчу дешархойн активаца йоьхна книгаш тояр а дIахьо.

Стохка дуьйна «очумелые ручки» кружок дIакхоьхьуш ю Арбият. Берашна чIогIа хаза а хета, церан самукъа а долу и белхаш беш.

«ХIинца проблемаш дукха ю, – бохура Арбията. Самукъадалар кIезиг ду. Цуьнга хьаьжна доцуш, со ирсе ю. Суна хаьа йоккхаеян а, сайна Дала деллачунна хастам бан а. Сайн дахарехь дуккха а дика адамаш девзина суна. Со цаьрца дика хила хьаьжна, уьш хийца ца гIиртина. Ас уьш шаьш ма-дарра тIеоьцу, цундела суна атта ду цаьрца гергарло лело».

Белхан коллективана а, берашна а дукхаезаш  а, цара сий деш а ю Арбият. Иза коьртаниг хета цунна шен балхахь.

Л.ИБРАГИМОВА

 № 80, шот, 18 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: