Шорто кхолларан новкъахь

12

Нохчийчоьнан латталелорхоша кхиамца кхочушъеш ю «2014–2020-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь юьртан бахам кхиор а, юьртабахаман сурсатийн, аьргаллин, кхачанан сурсатийн рынкаш нисъяр а» аьлла йолу пачхьалкхан программа.

ДуьххьалдIа дIадаханчу цхьана шарахь а хаалуш яра цо лун йолу тIаьхьенаш: дикка алсамделира лаьттан а, даьхнилелоран а сурсаташ дахар, цаьрца бахархошна кхачояр. Иза къаьсттина хаалуш дара шурин а, жижиган а Iалашонан даьхнилелор жигарадаккхарехь, вайн аренашкахь цхьана хенахь хиллачу дозанашка кхача Iалашо йолуш хасстоьмийн культураш кхиор алсамдаккхарехь. Хьалхахьа керла гIулч яьккхира кенан буьртиган ялташ гулдарехь, церан дикалла лакхаяккхарехь, вешан хIу кхиорехь, аьргаллех тайп-тайпана кхачанан сурсаташ кечдарехь. Аьлча а, и программа кхочушъярехь яьхна хьалхара гIулчаш тIаьхье беркате хирг хиларна, цуьнца хьалха хIиттийна декхарш тIех а деш кхочушдийриг хиларна тешам луш ю.

Амма регионан куьйгаллина тоаме ца хийтира и дерриге а. Цуьнан шен бахьанаш а дара. ГIуллакх доллура малхбузерчу дийнна цхьамогIа пачхьалкхаша Россина дуьхьал санкцеш юкъаялорца доьзна вайн махко оцу гIуллакхана жоп луш вайна цигара чуузуш долу цхьадолу сурсаташ совцийна хиларехь. Царна юкъахь дара коьртачу декъана жижиган а, шурин а, стоьмийн-хасстоьмийн а сурсаташ. Цундела шашаха кхеташ дара вайна дозанал арахьара кхочуш долчу сурсатийн меттана церан барам алсамбаккхархьама оцу дакъошна алсам тидам тIебахийта безаш хилар.

Леррина хьесапаш динчул тIаьхьа сацам хилира гIуллакх деш йолчу программина юкъа керла масех подпрограмма яхийта. Ша аьлча,   билгалдора арахь а, тхевна кIелахь а кхиош болчу тайп-тайпанчу хасстоьмийн барам дикка алсамбаккхар, картолийн   хIу меттигера хилийтарна буьззинчу барамехь кхачояр. Иза иштта хьакхалуш дара шурин даьхнилелор кхиор жигарадаккхарх, дохнан керла хIу кхиоран гIуллакхан гIолацар, иза дарца цуьнан  сурсаталла лакхаяккхарх, селекци яран балхана тIехь терго латтор тодарх.

Ма-дарра аьлча, регионехь-м хIинцале а гIуллакх деш ю оцу декъехь юкъара импорт ма-хуьллу лахъярна тIехьажийна  цхьамогIа программаш. Схьаэца шайна масална «Родина» юкъаралла (цхьана хенахь стоьмаш а, хасстоьмаш а кхиорехь уггаре а тоьллачарах цхьаъ хилла пачхьалкхан бахам). Йоккхачу жигараллица гIуллакхаш деш бу цигара латталелорхой бахаман хьалха хилла сий меттахIотторна, регионехь стоьмийн а, хасстоьмийн сурсаташ латтош йолу коьрта предприяти йина дIахIотторна тIехьажийна. Иза гойту хIокху бакъдолчара а: дикка алсамбаьлла кхузахь бошмийн барам. Дукха хан йоцуш юкъараллехь гIуллакхана юкъаялийна итт гектара тIехь теплицаш. Еш ю эзарнаш тоннаш хасстоьмаш а, стоьмаш а Iалашбарна лерина меттигаш, шелонца кхачояран берриге а гIирсашца кечйина а йолуш. Оцу дерригено а  таро хуьлуьйтур ю бахархошна дийнна шарахь  оцу сурсаташца кхачоян.

Жижигах гIуллакх даран дийнна комплекс йина «Лидер-А» юкъараллехь.  ХIинцале а республикехь дика девзаш ду цигахь кечдеш долу сурсаташ. Цигара махлелоран сете (цхьайолчу гIаланашкахь, ярташкахь йолуш ю цуьнан туьканаш) тахана дIадохьуьйту тайп-тайпана йоьхьаш, жижиган консерваш, кхидолу сурсаташ. Еш ю оптово-рознични махлелоран йоккха комплекс.

«Лидер-К» юкъараллехь коьрта тидам тIебахийтина Iаламат мехалчу гIуллакхана – берийн кхача кечбарна. Леррина малхбалера мерза хIумнаш арахецар вовшах а тоьхна цигахь.

Ткъа «Лидер-Р» юкъараллехь юьхьарлаьцна шурин даьхнилелор кхиор, докъарийн йоккха туш кхоллар. Тахана еш йолчу шурин комплексехь I200 етт хир бу. Диъ эзар бежанна докъарца кхачоян ницкъ хир бу докъарийн комплексан.

Ораматашлелорехь а бу бIаьрла хийцамаш. Масала, кху шарахь регионехь 53 процентана алсамдаьккхина картолаш дIаер. ТIаьххьарчу шерашкахь  картолаш кхиор тIеттIа алсамдоккхуш схьайогIуш йолчу Невран районна тахана а кхочу оцу майданех коьрта дакъа. Цундела ларамаза дац цигахь бархI бIе эзар тонна картолашна лерина Iалашйойла йина хилар. Дийнна схьаэцча дIаяханчу бIаьста республикехь хасстоьмийн культурашна къастийна майданаш алсамъевлла итт процентана, ткъа бошмийн майданаш тIекхетта 3,7-зза. Оцу бакъдолчара гойту вайн юьртан бахам ондда кхиаран новкъа хIуттуш хилар.

Дозанал арахьара вайна чуузуш долчеран меттана республикехь дохучу юьртабахаман сурсатийн барам алсамбаккха билгалдарца цхьаьна керла тIеэцначу программаша гIо дийр ду регионан агропромышленни комплексан санехь хилар лакхадаккха, иза кхиар  жигарчу боларшца дIадахарна кхачоян. КIезигчу маьIнен лорийла дац ярташкахь социальни гIуллакхаш къасторехь царна тIехь дан леринарг а. Iалашонан документаш кечдинарш тешна бу республикехь белхазаллин барам хаъал лахбарна а цара боккха Iаткъам бийриг хиларх.

Латталелорхошна шаьш билгалдина декхарш кхиамца кхочушдарна тIехьажийна билггал гIо хуьлу регионан куьйгаллера а. Нохчийн Республикин Правительствос дуьххьалдIа хIокху цхьана шарахь лаьтта тIехь гIуллакх деш болчарна бIаьстенан культурийн хIу эца цхьа бIе миллион соьман барамехь ахча къастийра. Цу тIехь чекх ца делира царна гIо дар – юьртабахаман культурийн хьекъар лакхадаккхарехь ца хилча йиш йоцу  минеральни удобренеш эца 70 миллион сом ахча делира. Иштта ораматаш цамгарех ларъяран гIирсаш тоъалчу барамехь хилийта ткъеитт миллион сом къасторо таро хуьлуьйтур ю  сурсатийн дукхаллин барам санна, дикалла а лакхаяккха. Аьллачунна тIетоха догIу вайн латталелорхошна федеральний, меттигерчуй бюджеташкара а субсидийн кепара гIо хирг хилар.

Цундела дог-ойла гIаттарца къахьоьгу латталелорхоша. ХIора дийнахь тIеттIа керла гIулчаш йоху цара билгалйинчу Iалашоне.

 

Л.АБУБАКАРОВ

№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: