Масех де хьалха кхеташо хилира Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллехь. Иза дIахьош вара оцу урхаллин куьйгалхо, Нохчийчоьнан муфти Межиев Салахь-Хьаьжа. Цигахь дийцаре дира республикерчу бахархоша дозанал арахьа бусалба дин Iамор цхьана къепе дерзоран хьокъехь долу гIуллакхаш. Кхеташонехь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван, ткъа иштта къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон, прокуратурин, УФСИН-н векалш.
Кхеташо дIахьош яра Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дина тIедиллар кхочуш а деш. Нохчийчоьнан муфтис кхузахь гулбеллачеран тидам тIебахийтира бусалба дин Iамо боьлху бохуш вайн республикера цхьаболу кегийрхой дозанал арахьа дIаоьхуш хиларна а, цара лелочунна тIехь латтош терго ца хиларна а. «Тхоьгахь болчу хаамашца ши бIе гергга жима стаг дозанал арахьа дIавахана бусалба дин Iамо воьду аьлла. Амма царах 20 процент (40 стаг) бен баккъал а доьшуш вац. Бисинарш хIун деш бу? Вайна хууш дац. Экстремистийн, радикалийн Iаткъамна кIел нисбала тарло уьш. Цундела, и саннарг цахилийтархьама студентийн союзан туш кхолла еза, вай тIехь терго а латтор йолуш. Оха барт бина Мисарарчу университетан куьйгалхошца. Оцу бартаца нийса а догIуш, цара хIокхул тIаьхьа цига деша дIаоьцур вац Нохчийчоьнан бусалбанийн динан урхалло хьажийнарг бен.
Иштта, полицин каппашкахь болчу инспекторша, ярташкарчу маьждигийн имамашца цхьаьна дIаязбан а, хьесапехь латто а беза дозанал арахьа деша бахаран Iалашонца паспорташ даьхнарш. Кхузахь кхин цхьа хIума а билгалдаккха лаьа суна. Вай долчохь (Нохчийчохь) 30 шо кхачаза болчу кегийрхошна а, мехкаршна а дозанал арахьа баха бакъо луш йолу паспорташ ца доху да-нана юххехь долуш а, церан бакъо хилча а бен. Ца девлла дина хIума ду иза. Дагадеъана жима стаг, паспорт а даьккхина, Дозанал арахьа дIа ца вахийта.
Дукха хьолахь дена-нанна шайн кIант я йоI дозанал дехьа дала лууш, кечлуш хилар хууш а ца хуьлу. Нагахь санна вай лакхахь хьахийна туш кхоллахь а, паспорташ даьхнарш хьесапе оьцуш хилахь а вайга оцу гIуллакха тIехь къепе латталур ю. Оцу туьшана тIехь хир ду посольствошца юкъаметтиг лелоран а, студентийн проблемаш дIаяхаран а декхарш. Мисаре деша кегийрхой ца хьовсош Iойла а дац вайн. ХIунда аьлча Iеламнехан хаарш кIаргдар оьшу вайна. Iилманца бен вахабизмана дуьхьало ялур яц вайга», – бохура Межиев Салахьа.
Цул тIаьхьа къамел дира лакхахь хьахийначу департаментан директора Дадаев Ризвана: «Дозанал арахьа деша боьлхуш берш шина кепара хуьлу. Хьалхарниш вай къобал а бина, мага а бина дIабоьлхуш берш бу. Царна вай са а гатдо, цара лелочуьнга ла а дугIу вай. Ткъа шолгIаниш – шайн лаамехь дIабоьлхуш берш бу. Царна юккъе богIу кхечу регионашкара дозанал арахьа деша боьлхуш берш. Царна тIехь терго латтайойла ца хуьлу вайн. Цундела уьш шайна къаьсттина сагатдан дезаш хуьлу, вахабитийн, экстремистийн Iаткъамна кIелбахарна кхерам хиларна. Ишттачарна кхачойина ца хуьлу стипендица, хIусамашца, социальни хьашташца. Делахь-хIета Iамарко ахча латточу радикалийн боламийн Iаткъамашна атта кIел боьлху уьш.
Вайна чIогIа оьшу дозанал арахьа деша боьлхучарна тIехь сема терго латтон йолу туш. Цуьнан коьрта Iалашо хир ю вайн кегийрхой, мутаIеламаш радикальни боламийн агIонгахьара хила тарлучу кхерамах ларбар. Цу тIе Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхина а ду экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал къийсам дIабахьар регионан Iедалан политикехь уггаре а коьртаниг хилар», – чIагIдира Дадаев Ризвана.
Кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу бакъонашларъяран органийн векалша а хаийтира шаьш цхьаьна болх бан кийча хилар, шайгара оьшучунна тIехь кхоаделла Iийриг цахилар.
Кхеташо цу тIехь чекхъелира. Амма туш кхолларан болх хIинцца бен дIа ца болийна. Иза кхоьллинчул тIаьхьа дIаболор бу коьрта болх. Нохчийчоьнан Куьйгалхочо тIелаьцна туш вовшахтоьхначул тIаьхьа Мисаран паччахье кехат яздар, кхузара цига деша баханчу вайн студенташна тIехь терго латтор пачхьалкхан тIегIанехь хилийта.
Д.ПАШАЕВ
№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо