МЧС-н белхахойн рогIера дика гIуллакх

ZLDxN2QsIQ-big-350

Дукха хан йоццуш МЧС-н лахаран-кIелхьарабахаран тобанан белхахоша исс шо долуш йолу йоI чохь йолуш дIакъевлина йолчу х1усаман неI схьайиллира.

Ленински районерчу Садаев Iумаран цIарах болчу урамехь вехаш йолчу яхархочо кхайкхира МЧС-н белхахошка шега шен х1усаман неI схьа ца еллало аьлла. Цул сов цу чохь йолу йоI а хилла мохь тоьхча йист ца хуьлуш. Шайга кхайкхина дукха хан ялале белхахой сихха дIа а кхечира, иштта шайн белхан гIирсашца неI схьа а йиллира. Цхьадика, Делан къинхетамца, цхьа а бохам хилла ца хилла, йоIана наб кхетта хилла, цундела бетташ болу мохь ца хезна цунна.

Беран нанас дийцарехь иза уллерчу туькана яхана хилла. Оьцург эцна а яьлла юха еаначу хенахь чу ца яхаелла. Оцу хьолехь, шен йоIана цхьаъ хилла моьттуш, кхераелла йолчу яхархочо, МЧС-н белхахой кхайкхира.

Дерриге а дIадирзинчул тIаьхьа лахаран-кIелхьарабахаран тобанан белхахоша ненаца профилактикин белхаш бира. Цара дийцира сихха чу йог1ур ю бохуш бераш шаьш дита мегаш цахилар. Бераца чохь дита адам дацахь, цуьнга лулахошка хьажа ала дезаш хилар я  бер шеца дига дезаш хилар  дийцира цара. ХIунда аьлча цамоьттург хуьлуш зама ю х1ара. Массо а ларвала веза.

А.АБДУЛАЕВ

 № 80, шот, 18 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: