Марха, бутт гича лаца, и гича даста. Нагахь санна, дуьхьал марха еана, иза гойла дацахь, ШаIбан беттан ткъе итт де дузийта. (Аль-Бухари, Муслим).
***
Сахь-закат даккхар фарз хилар билгалдина ду Бухарис а, Муслима а дийцинчу Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бакъдолчу хьадисехь.
***
Марха кхабарехь дийлинчу гIалатех, летийначу къинойх цIанвалар ду сахь-закат даккхар, иза мискачу стагана дIакхачор.
***
Мархийн бутт кхаьбна, сахь-закат даьккхина, Iийда ламазе арабевллачу бусалбанех стигларчу маликашна хьалха дозалла деш хир ву Веза-Сийлахь АллахI.
***
Марханаш (фарз) кхаьбначеран яххьаш Iийда дийнахь елаелла, екхаелла хир ю, Iеса болчу нехан яххьаш кхоьлина хир ю.
***
Марханаш стигална а, латтана а юкъахь, Дала къобал ца деш, Цунна тIе ца кхочуш, лаьттар ду ахь къен-мискачу стагана (нахана) сахь-закат дIадаллалц. Иза дIаделча хьан марханаш Дала къобалдийр ду, Цунна тIекхочур ду.
***
Делан пурбанца, Къематан дийнахь, ша кхаьбначунна шафаIат деш, цунна Деле гечдар доьхуш хир бу фарз мархийн Рамадан бутт.
***
Сахь-закат Iийдан Iуьйранна ламаз динчул тIаьхьа, Iийда ламазана нах арабовлале дIадалар деза ду.
***
Вайн, имам ШафиIин, мазхIабехь сахь-закат ялтица бен даккха мегаш дац. Ялтица иза даккха аьтто боцучо имам Абу-Хьанифин мазхIабна тIетевжина, ахчанца сахь-закат даккха мегар ду.
***
Сахь-закат даккха деза шена а, ша напха латтош болчу доьзалшна а, дена-нанна а, хIусамнанна а тIера.
***
ШафиIин мазхIабехь сахь-закатан (ялтин) барам 2,5–3 кийла бу. Хьанифин мазхIабехь 3,5–3,7 кийла. Оцу барамел лахара сахь-закат даккха мегар дац, сов ваьлча мел алсам хир бу. Дела комаьрша ву, комаьршаниг везаш ву.
***
Шайна сахь-закат догIуш берш Къуръанан 9-чу суратехь, 60-чу аятехь хьахийна бу. Уьш уггаре а хьалха къен-миска берш, шайна верасалла дан стаг воцу буобераш а, заьIапхой а, цомгашнаш а бу.
***
ХьаьжцIа ваханчо хьаьж санна лардан дезаш ду марха а, ламаз а, сахь-закат а, сагIа а – муьлхха а Iибадат а.
***
Мархадастаран Iийд кхаа дийнахь лаьтта. Шена чохь марха кхабар хьарам динарг царах хьалхарниг бен дац.
***
Доькхуш фарз марха а, Шаввал беттан суннат ялх марха а кхаба луучо, Iийдан хьалхара де дIадаьлча кхаба долор ду уьш.
№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо