Токхе а, самукъане а де

Чекхбели Везачу АллахIа (С.Т.) Мухьаммад Пайхамаран (Делера  салам-маршалла хуьлда цунна) умматана совгIатана баийтина, цунах къинхетам беш баийтина болу фарз мархийн  шахIру Рамадан. Тахана берриге а бусалбанаш вовшийн марханаш къобалдеш, вовшийн декъалбеш, белабелла, бекхабелла, самукъадаьлла бу. Бакъ а долуш, вайн нохчийн халкъан а    уггаре а самукъане деза де ду х1ара.

Марха досту де тIекхачале масех де хьалха  дуьйна а «Даймохк» газетан редакце кехаташ, декъалдарш оьхура вайн халкъ, берриге а бусалбанаш марха достучу  денца  декъалбар доьхуш, церан марханаш къобалдар доьхуш. Царна юкъахь дара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан, Нохчийн Республикин бусалбанийн динан урхаллин (муфтиятан), цхьамогIа министерствийн а, ведомствийн а декъалдарш.

Царна тIехь билгалдоккхура: «Сийлахьчу Рамадан батто вайн дегнаш, синош цIанди, вайгахь къинхетаман ойланаш кхоьлли,  вайн комаьршо гучуяьккхи. Аллах1 Ша а ву комаьрша, комаьршаниг  везаш а ву. Комаьршонан масал хилла дIахIоьтти вайна юха а Нохчийн Республикин хьалхарчу  Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолу регионан юкъараллин фонд а, цунна коьртехь лаьтта Кадырова Аймани а. БIеннаш эзарнаш бусалбанашна Нохчийчохь а, Россин регионашкахь  а, дозанал  арахьа а дIакхечи цо даьхначу сагIанийн дакъош. Дала къобал дойла цуьнан сагIанаш…».

Вайн ийман зуьйш беанчу хIокху Рамадан баттахь Нохчийчуьра бусалбанаш совбевлира Далла Iамал-Iибадат дарехь, Пайхамарна (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) салаваташ дахкарехь, Дела хьехорехь, Къуръан дешарехь. ХIинца, хIара бутт  чекхбаьлча а, вай  малдала  мегар дац Iамал-Iибадат дарехь, Делан беркат  вайн халкъах а, махках а хьерчар алсамдалийта. Оцу ойланехь буй хаьа вайна вайн дукхах болу махкахой. Дала къобал дойла  церан Iибадат.

Ткъа тахана вай даккхийде кху дийнах. Вай ирсе ду. Цхьа а ца го гIайгIане. АлхьамдулиллахI! Цундела, вай  Далла  хастам бан беза  вайна хIара маршо, рицкъанан шорто, токхо  яларна. Дала кхул тIаьхьа а латтайойла хIара паргIато.

С.ХАМЗАТОВ

 № 80, шот, 18 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: