Иштта декхар хIоттийра мэрин векалшна хьалха Хучиев Муслима. Соьлжа-ГIалин мэран декхарш кхочушдеш волчу М.Хучиевс кху деношкахь шен хьалхара кхеташо дIаяьхьира Соьлжа-ГIалин районийн префекташца а, мэрин департаментийн, отделийн, комитетийн куьйгалхошца а, налогови службин векалшца а, муниципальни предприятийн куьйгалхошца а, бакъонаш ларъяран органийн векалшца а. Цигахь дийцаре дира Нохчийчоьнан коьрта шахьар кхиоран гIуллакхаш.
Цхьаьнакхетар дIадолош М.Хучиевс билгадаьккхира белхаш, кхин а жигара а бохуш, дIабахьа безаш хилар.
– Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас билгалбаьккхинчу новкъа соьлжагIалахойн дуьхьа къахьега дезаш ду вай. Цу декъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайна тIедехкина къаьсттина жоьпалле декхарш а ду. Коьртачу декъана хIусамийн-коммунальни бахамах (ЖКХ) доьзна ду уьш, – бохура мэра.
Иштта, М.Хучиевс аьлла ма-хиллара, балхаца ерриге а ведомствоша цхьаьна къахьега деза, вовшех дага а довлуш, оьшучохь вовшашна гIо-накъосталла а деш. ТIаккха болх дика дIагIур бу.
– Таханлерчу дийнахь уггаре а коьртачу декхарех цхьаъ ду налогаш схьагулъяр. Цу декъехь долу хьал кIорггера Iаморхьама, иза тодаран некъаш лахархьама цхьаьна рейдаш еш белхаш бан беза вай, – бохура цо.
Ала дашна, налогаш гулъяран гIуллакхана лерина кхеташонаш, дIаяьхьира иштта Нохчийн Республикин юьртан бахаман министерствехь а, республикин финансийн министерствехь а. Йоццачу хенахь министерствийн а, ведомствийн а гIоьнца Соьлжа-ГIалин мэри лерина ю Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран бюджет кхио.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо