Марха дастаран денца доьзна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар
БисмиллахIиррохьманиррохьийм!
Хьомсара вежарий, йижарий!
Ас даггара декъалдо шу марха дастаран денца!
Дерриге а дуьненахь болчу бусалбанашна уггаре а коьртачех, уггаре а дукха дезаш долчех ду хIара де. Вай Iамал-Iибадат деш дIабаьхьна сийлахь Рамадан бутт берзо ма-беззара берзор ду марха дастаран деза де.
ХIокху сирлачу, самукъанечу дезачу дийнахь вай вовшийн марханаш къобалдо, Везачу АллахIе доьху вайн марханаш къобалдар, вайн доIанашна жоп далар. ХIокху дийнахь массо а бусалба стага гIайгIабо мискачун хьокъехь, гIодо гIийлачунна, цомгашчунна, заьIапхочунна, къеначунна. Царна сахь-закат ло, сагIанаш ло.
Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу регионан юкъараллин фондо фарз мархийн Рамадан баттахь дукха даккхий сагIанаш а дехира, къинхетаме гIуллакхаш а дира. Иттаннашна хIусамаш елира, бIеннашна дарбанаш леладайта ахчанаш делира, эзарнаш бахархошна кхачанан сурсаташ делира. Фондан чоьтах дуьненан тайп-тайпанчу мехкашкарчу эзарнаш бахархойн оцу баттахь маьждигашкахь марханаш даста аьтто хилира. Дуккха а бусалбанаша масал ийцира оцу фондо гайтинчу комаьршонах, цара а шайгара комаьршо гайтира шайн бусалба вежаршна, йижаршна совгIаташ даларехь.
Рамадан бутт вай дIабаьхьира вешан дегнаш, синош цIандеш, Дела везарехь совдовла гIерташ, вешан ийман чIагIдан гIерташ, вай Веза а, Сийлахь а волчу АллахIе доIанаш дира вайн халкъ зенах-зуламах, жахьталлех лардар доьхуш, Вайн Даймахкахь беркат, зовкх дебор доьхуш, халкъан дахар ирсе, токхе хилийтар доьхуш.
Тахана Нохчийн Республико марха дастаран де даздо вовшашца бертахь долуш, маьрша долуш, вайн кхане кхин а зовкхе хирг хиларх тешна долуш.
Хьомсара махкахой! Дала къобалдойла шун марханаш а, Iамал-Iибадаташ а, Дала жоп лойла шун доIанашна.
Ирс, аьтто хуьлда шун массеран а!
№ 80, шот, 18 июль, 2015 шо

«Тахана Нохчийн Республико марха дастаран де
даздо вовшашца бертахь долуш, маьрша долуш,
вайн кхане кхин а зовкхе хирг хиларх тешна
долуш.» Юьйцуш ерг республика ю, амма цунна адамийн «гайтаран» кеп лелийна… Я ша алам хийцабеза я т1еоьшу дош т1етохарца, маь1на куц-кепе далодеза… Баркалла!
Ислам, баркалла тидам барна. Ахь нийса боху, «республикехь» аьллехь нийса а, хаза а хир дара. Оьрсийн маттера ша ма-дарра гочдар бахьанехь нисделла г1алат ду иза.