Дуьненан муьлххачу а меттехь тIом баьлла аьлла хезча, дог Iаьвжа вайн. Нохчийчохь 10–15 шо хьалха хилларг дага а догIий, тIом баьллачу махкахь а хир ду-кх вай долчохь хилларг олий, ойла йо.
Тахана Шемахь дIабоьдуш бу тIом. Эзарнашкахь дойъуш адамаш ду цигахь – царна юкъахь дукхахберш маьрша нах бу. Йохош ю дуккха а шерашкахь кхуьуш, хазлуш лаьттина гIаланаш, ярташ.
ХIинцале, Шема тIамах ведда, араваьлла 2 миллион гергга стаг. Цу махкахь дерг инзаре а, къаьхьа а хьал ду.
Дуьненан дуккха а мехкашкара нах бу Шемахь бечу тIаме хIуьттуш. Уьш эзарнашкахь IаьIна цигахь хIинца. Цара шаьш гIазот даккха дахана ду боху, цигарчу бусалба нахана гIо дан.
Халахеташ делахь а, Нохчийчуьра а бу Шема бахана кегийнах. ХIунда гIерта те кегийнаш оцу цIера юккъе? ХIун лоьху цара цигахь? Вай Делора, гIазот билггал хIун ду хууш ма бац царах дукхахберш. Иза муха а, стенан дуьхьа а доьхку а ма ца хаьа царна.
Дуьххьара цигахь хIун ду хьажархьама, ша зиэрхьама ма воьду цига воьдург. Цхьаберш ахчанан дуьхьа боьлхуш а хир бу. Нехан цIий а Iанош, адамийн синош а дохуш, церан мохк а хIаллак беш, даьккхина ахча беркате хир дуй? Дера, дац. Шегара къизалла а гойтуш, стаг а вийна (уггаре а даккхийчех цхьа къа ду иза), даьккхина ахча хьарам ду, цунах цкъа а беркат хир дац.
Цуьнан ойла хIунда ца йо те Шема гIазот даккха боьлхучара? Ма гIазот дац иза. Ма сонта, ма цхьа а тIаьхьало йоцу гIуллакх ду иза.
Шема тIаме боьлхурш дукха хьолахь цIахь болчарах – дех, ненах, вешех, йишех лечкъий боьлху. Оцу балхо гойту цара арабаьккхина некъ нийса цахилар. Нийса иза муха хуьлу, къу санна, лечкъина, гергарчарех цхьаннах дага а ца волуш, уьш реза а ца беш, мича воьду а, муха воьду а ца хууш араволуш хилча? Цкъа-делахь, да-нана ша лелочунна резацахиларан къа латадо ишттачу «турпалхочо», шолгIа-делахь, нехан цуьнга болу лерам а дIаболу, кхоалгIа-делахь (уггаре а доккха къа!), Дела шена оьгIазвохуьйту цо.
Иштта «дика болх» бо-кх Шема гIазот даккха воьдучо.
Ткъа гIазот-м луучунна цIахь а даккха меттигаш шортта ма ю.
Шен доьзална а, махкана а стаг пайден велахь, ийманехь цуьнан лелар делахь, Далла гIуллакх деш иза велахь, хьанал къахьоьгуш велахь – иза ду-кх цуьнан доккха гIазот.
Вай олу: «ХIораммо а ша хоржу шен некъ». Иза бакъ ду. Амма муьлхха а ХIума ша дале, цхьанхьа ваха новкъа валале дех-ненах, воккхачух, Хьекъалечух дагавалахь, иза юьхьIаьржа-м хIуттур вац. ХIунда аьлча воккхачунна дика хуур ду цо арабоккху некъ я дан кечдина гIуллакх нийса ду я дац.
Цундела, кегийнаш, шуьга ала лаьа: «Ма хилийша сонта! Ма дейша, цхьаннах а дага а ца довлуш, шайггара гIуллакх. Дохкодевр ду шу, тIаккха тIаьхьа хир ду».
М.АРСАНУКАЕВ