Зезагех синна дарба хилла

img

Адам ша дуьнен чохь мел деха а шен даго тIелоцуш долу гIуллакхца, я балхаца доза хIутту шен дахар. Цхьаверг жималлехь дуьйна шена цхьа некъ а хоржий дIалела. Кхечуьнан дахарехь хуьлучу бохамех цхьаъ шена тIенисбелча, я цхьа боккха кхаъ кхачарца самадолуш хуьлу похIма.                Ишттачех цхьаъ ю ала мегар ду  Грозненски районерчу Чечанара яхархо  Нодия Астанда. Лулахошка а, белхан накъосташка а даима шен дика цIе яккхийтина цо. ХIинца даима самукъане, елаелла хилахь а, дахар атта ца хилла Астандин. Шен 18 шо кхаьчначу хенахь дуьйна тайп-тайпана белхаш бан дезна цуьнан. ХIусамда  жагIа кхоьхьуш «Камаз» машена  тIехь водитель вара.  Астандин цхьана хенахь шина сменехь а болх бан дийзира – сарралц парникаш лелош, ткъа буьйсанна пекарнехь бепиг доттуш. Цунах жимма аьтто хуьлура церан. БIаьста а, аьхка а  иштта белхаш деш  аренашкахь къахьоьгура цо. Нохчийчохь  тIом болабеллачу  муьрехь  хIусамда вийра  цуьнан. Де доьхна йисира  жима зуда.  ТIеман хенахь  лулахоша, шайца дIаса юьгуш, 1алашйира  27 шо долуш йисина 1аш йолу зуда. ТIом дIа а бирзина, адам маьрша даха хиъча, зезагаш лелон йолаелира иза. Цунах самукъадолура цуьнан. Дикка кара а  дирзира цунна и гIуллакх. Церан ерриге а чоьнаш зезагаша дIалаьцна яра. Шена томана лелийна а ца Iаш, луларчу зударшна а лора цо царна хазахеттарш. Т1аккха дохка а  йолаелира. Тайп-тайпанчу ярташкара адамаш догIура Астанда йолчу зезагаш эца а, уьш муха кхион деза хаа лууш а.  Жимма Iийна  бес-бесарчу зезагийн майда дIаюьйгIира цо. Ша цхьаъ йоцург кхин накъост ца хиларна жимма хало хуьлура цунна. Iуьйра ламаз дина араяьлча, делкъа хан хиллалц бан болх хуьлура.  Цо дуьйцу: «Дан дезарш шортта хуьлу – уггаре а хьалха меттиг кечъян  хIу  тасале цхьа де халха латта  кечдан деза гам хьокхуш латта нисдо, цул тIаьхьа меттиг хи а тухий юьту. ШолгIачу дийнахь, Iуьйрре, малх хьажале хIу тосу. Цхьадолчарна цхьана жимачу пхьегIи чу хIу а тосий леладо, тIаккха жимма хьаладаьлча, арахь дIадоь. ХIора а зезаг шатайпа терго ян езаш  ду. Цхьадолу зезагаш IиндагI дукхадезаш хуьлу, ткъа вуьйш къеггинчу малхехь дика кхуьу. Хи тохар а хуьлу церан шатайпа, кIирнах цкъа тоьхча мегарш а ду, ши де моссазза долу  тоха дезарш а ду. Алссам я кIезиг тохар а ду лардан дезаш.

Ткъа гуттаре а экаме дерш чохь лелон зезагаш ду. ХIора зезаган шен цIе санна, шен башхаллаш а хуьлу. Хьаладолучу хенахь алссам хи, серло  еза. Кхиъна даьлча,  хи  кIезиг оьшу, ткъа иштта IиндагI  дезш а нисло. Хи тохар а тайп-тайпана хуьлу церан. Цхьадолчу зезагна  орамна туху хи, кхечунна  –жимма орамна гена. Зезаг доккха мел хуьлу а йоккхачу  пхьегIана чу дугIу.

Зезаг, адам  а санна чохь са долуш ду. Ахь царна еш йолчу тергоне хьаьжжина хуьлу церан кхиар. Зезагана удобрени – ахь тосуш йолчу хIума хилла ца Iа, уьш а ду хьостуш хила дезаш. Нагахь зазадаккха хьелуш делахь, дов дан а деза», елало Астанда.

ДАНСАЛИКОВА Аза

Авторан сурт

№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: