Премьер-лигин командашна юкъахь 2015–2016-чу шерашкахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан хьалхарчу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира Дона-тIера-Ростоверчу «Ростов» командица.
Майданан дай: С.Джанаев, Т.Маргасов, И.Новосельцев, Баштуш, Сесар Навас, А.Гацкан, Т.Калачев, Г. Канга, М.Думбия, А.Бухаров, Д.Полоз (П.Могилевец,75).
СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, А Семенов, Родолфо, И.Айссати, В.Кузяев, В.Адилсон, М.Рыбус, О.Иванов, Ф.Пириз (Ж.Маурисио,73), И.Лебеденко (М.Митришев,90), А.Мбенгуе (З.Садаев,83).
Болельщикаша шега дукха сатийсина йолу Россехь хьалхьеяккхаран чемпионат дIайолаелира чекхдаьллачу кIирнаха. Иштта буьйсанна 9 даьлча Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» Дона-тIера-Ростоверчу «Ростовца» хиллачу матчехь ах сов стадион хьала юьзина яра.
Цхьаьнакхетар дIадоладаларца Годзюр Ярослава лардечу кевна кхерамаш тийса буьйлабелира майданан дай. Царна чIогIа лаьара чемпионатан хьалхарчу турехь шайн болельщикашна хьалха толам баккха. Матчехь счет схьаелла герга вара Полоз Дмитрий. Амма цо тоьхна буьрка кевна масех сантиметр уллехула елира. Цул тIаьхьа Бухаров Александран таро яра билгалвала. Бакъду вайн вратаран тIах-аьлла ловзаро иза шен Iалашоне ца кхачавалийтира. Командаш садаIа яха пхи минот йисинчу хенахь Калачеы Тимофейс дукха дика елла йолчу буьрканех пайда ийцира Думбия Муссас. Вайн республикин коьртачу командо дийнна таймехь кхин хIара ду аьлла тIелатар ца дира. ГIолехь ловзура майданан дай. ШолгIа тайм дIайолаяларца хийцаделира майданахь хилла сурт. Жим-жимма йолалуш дика ловза йолаелира Соьлжа-Г1алара «Терек». Дуьххьара Адилсон Варкенан, цул тIаьхьа Рыбус Мацейн таро яра гол тохарца билгалвала, амма царна цхьа кIеззиг аьтто ца тоьира. 70-чу минотехь Айссати Исмаила шега хьажжийна елла йолу буьрка чутохарца матчехь счет дIанисйира Лебеденко Игора. Цул тIаьхьа шина а агIора тоьхна гол йоцуш, цхьа а ца тоьлаш чекхделира цхьаьнакхетар 25-чу июлехь 2-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шайн ц1ахь «Ахмат-аренехь» ловзур ю Краснодарерчу «Кубаньца».
Довзуьйту кхечу командийн цхьаьнакхетарийн жамIаш: ЦСКА (Москва) – «Рубин» (Казань) – 1:0; «Анжи» (Махачкала) – Крылья Советов (Самара) – 0:1; «Амкар» (Пермь) – «Краснодар» (Краснодар) – 0:1; «Кубань» (Краснодар) – «Урал» (Екатеринбург) – 0:2; «Мордовия» (Саранск) – «Локомотив» (Москва) – 0:1; «Зенит» (Санкт-Петербург) – «Динамо» (Москва)– 2:1; «Спартак» (Москва) – «Уфа» (Уфа) – 2:2.
А.АБДУЛАЕВ
№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо