Нохчийн Республикин пачхьенехь Соьлжа-ГIалахь 1-чу сентябрехь схьаелла лерина Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах дешаран туш. ХIинцале а белхан меттигаш хилар дIакхайкхийна. Дешаран туш 240 дешархочунна лерина ю. Цигахь дешар сарралц хир ду. Делкъа хан хиллачул тIаьхьа дешархойн аьтто хир бу шайн-шайн корматаллашка хьаьжжина тайп-тайпана кружокашкахь, секцешкахь, курсашкахь дакъалаца. Школехь болх бина зеделларг долчу хьехархой балха кхойкху дешаран туьшо.
Кхечу гIаланашкара баьхкинчу хьехархошна Соьлжа-ГIали юккъехь чохь Iен хIусамаш лур ю.
Алапа а лаккхара хуьлуьйтур ду.
Цул сов, царна а, церан доьзалшна а шайн могашалла Iалашъян оьшуш долу гIо а дийр ду, некъан харж а меттахIоттор ю, корматаллин тIегIа лакхадаккха аьтто а бийр бу.
Резюмеш 10-гIа август тIекхаччалц схьаоьцур ю Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствехь.
Оцу туьшехь иштта тIеоьцуш бу дешархой.
З.ХИЗИРОВА
№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо