Сулейманов Ахьмад

Нохч-ГIалгIайн  АССР-н халкъан поэт Сулейманов Ахьмад  вина  1922-чу  шеран  май  беттан  1-чу  дийнахь  Хьалха-Мартан кIоштарчу  Олхазар-КIотарахь. Дешна  Нохч-ГIалгIайн  пачхьалкхан  хьехархойн   институтехь. Дуккха  шерашкахь  хьехархочун,  школин  директоран   белхаш  бина,  яздархойн  Союзан   исбаьхьаллин  литературина   пропаганда   яран   Бюрон  куьйгалхо   лаьттина.

Шен   кхоллараллин  болх  А.Сулеймановс  30-чу  шерийн   чаккхенехь   болийра. «Безаммий, шаьлтий» цIе   йолу   стихийн  хьалхара гулар  араяьлла   1967-чу  шарахь. ХIетахь  дуьйна  шуьйра   йовза   йолало   поэтан   цIе.  Ешархоша  а,  критикаша  а лаккхара  мах  хадийра   поэтан   цул  тIаьхьа   арайийлинчу  «Дог дохден   цIе», «Лаьмнийн   шовданаш», «Лаьмнийн   мукъамаш»,  «Даймехкан  некъаш» цIерш  йолчу   стихийн  гуларийн. «Цхьа-ши дош»  книга  язъярна   Нохч-ГIалгIайн  Пачхьалкхан   совгIатан  лауреат  а хилира   Сулейманов  Ахьмадах. Ахьмадан   дуккха а  байташ  иллешка,  эшаршка йирзина, халкъана  шуьйра   евзаш а,   езаш а ю. Масала, «Дог дохден цIе», «Лойша суна»,  «Шуьнехь дош»,  «Машаран  кхокха», «ДоттагIаша боху соьга», «Батто сагатдо» иштта  кхин а.

selemanov-ahmad

Лойша суна

 

Лойша суна шийла шовда

Амма цIена  шовда ло!

Адмийн дегнаш чуьра  мекха

ДIаяьккхина  цIандийр ду.

 

Лойша суна, безам лойша,

Амма сирла безам ло!

Дерриг халкъаш, барт цхьаъ бина,

Бертахь  даха  хьовшор ду.

 

Лойша суна сийна стигал,

Амма цIена  стигал ло!

ХIай адамаш! Лаьттахь, стиглахь

Ас машар дIахIоттор бу!

 

Лойша суна, аш ирс лойша,

Дуьненнал ирс суна  ло!

Сайна пайда цунах  ца беш,

Шуна  ас и дIалур ду!

 

Даймахке сайн безам  гайта,

ДоттагIий, аш  таро ло!

Цуьнан дуьхьа  муха веха,

Муха ле ас гойтур ду!..

 

Даймахках илли

 

Массо а суьйранна,

Тхан беша долий,

Хьозано юх-юха

Лоькху цхьа  йиш…

Карара сайн  къолам

Охьа  а  буьллий,

ЛадугIу  ас,  хIуттуш

БIаьргаш чу хиш.

 

Цкъа а цу эшаран

Дош а ца кхета,

Мел чIогIа  ойлаеш,

ЛадегIарх ас.

Амма цхьа  шатайпа

Гергара хета

Сан дагна, ца кIордош,

Цу иллин  аз.

 

– Алахьа, хIай хьоза,

Юх-юха  боху

Хьан хьоме  и илли

ХIун илли ду?

Хьан даим и лекха

Дог хIунда догIу,

Суна а и хIунда

Ца кIордадо?

 

Хьозано, ладоьгIна,

Элира доцца:

– Сийлахьчу Даймахках

И илли ду.

Даймехкан иллига

Шен безам  боцург

Ша винчу махкаца

ЗIе йоцуш ву.

 

Батто сагатдо

 

Орцан дукъах дато маIаш

Туьйсуш, батто сагатдо…

ЦIестан кIудал нохчийн йоIа

Шовдана  кIел сацайо.

 

Хета, баттах схьадухдуьйлуш,

КIудал юзу шовдано.

Нур-зIаьнаршца безам  муьйлу,

ЙоIах хьерчаш, цу батто.

 

КIудал юьзна…Iанаоьху

БIаьрхих тера дато хиш,

Ткъа, йоI гича, дог а лехий,

Нохчийн кIанта лоькху йиш:

 

– ЙоI, хин чами кховдабехьа,

Чохь беттан нур даржадай!

Ткъа беттан нур ца лахь айхьа.

БIаьргийн нур ло суна  хьайн!

 

Маржа! ХIинца доцу кема

Ткъесах гIатта космосе!..

Маршал хатта, даржош тIемаш,

Хьол генарчу седане!

 

Лоцур дар-кха стелахаьштиг

Стиглахь кхарсто сийна цIе.

Стиглан дари цIарца дагош,

Хьан цIе язъян цунна тIе!

 

ЙоI, хин чами кховдабехьа,

Чохь беттан нур даржадай!

Ткъа беттан нур ца лахь  айхьа,

БIаьргийн нур ло суна хьайн!

 

Дог дохден цIе

 

Iаьржа буьйса, буьрса буьйса –

Дарцо левси кхийсайо.

Дино лергаш дуьхьал туьйсу,

Халчу новкъа вогIу со.

 

Сан бора дин ма кIайбелла –

Дарцо тIе  хIур биллина.

Ломахь тхойшиъ некъах тилла –

ХIусмах ас дог диллина.

 

Цецах санна, гIиттош верта,

Сох чекхбуьйлу шийла мох,

Тхойшиннах шен пхьор дан гIерташ,

Барзо бIаьргаш къегабо.

 

Сан дин, сой – шиъ, дарцо гIорош,

Шело даге кхийдайо, –

Хьеше кхойкхуш, цхьаннан-м корехь

ГIийла серло еттало.

 

Барзах, къуьнах хьаша  къасто

Iамийна вайнехан пхьу,

Генна дуьхьалдогIий, хьоьстуш,

Тхойшинна некъ хьоьхуш ду…

 

– ХIей, нах! – олий, ас мохь туху,

Корехь серлаболу чиркх.

Вевзаш  вацарх, ломахь наха

Даим оьцу хьаша  чу.

 

Беркат шорта хуьлда хьоьца,

Воссал, делхьа, хьаша, хьо! –

Олуш, ондда луьйта  лоций,

ХIусамдас со воссаво…

 

– Дела ва хьо могуш-маьрша,

Ма гIелвелла хир ву хьо!

Кху тхан  тишчу  хIусмах вашахь,

Даккха тхоьца дийнна  шо! –

 

Олий, йоьлуш дуьхьал йолу

Нохчийн сийлахь цIенана.

Шарахь цаьрца Iан дог догIу,

ДIавоьддашехь со кхана.

 

Сох ца къаьсташ, баьрчче болий,

Чохь дIахIутту дорцан кIур.

– Хьаша веъна вайга! – олий,

Набарх гIотту  берийн сур…

 

Божлахь сан дин паргIатбаьлла,

ХIинцца паргIат вер ву со.

Кхача кечбеш, марсаяьлла,

Пешахь кхерсташ хир ю цIе.

 

Цу кхерчарчу цIарочул а

Хьаша вохвеш, йовхо луш.

Ю вайнехан комаьршалла,

Ду вайнехан  оьзда дош!

 

Ма ала соьга  

Бовхачу безамца

Хьайга  дог кхийдаш,

Хьо ца гуш дахна  де

Кхоьлина хеташ,

Мацалла, хьогалла

Хьо йолчохь йицлуш,

Хьуо езначуьнга  ахь

Йицъе ма ала!

 

ХIар дуьне  дита а

Хир ву со реза,

Амма со дуьнен чохь

Мел веха гIоза.

Самах а, гIенах а

Хьо сайна  езар

Далхадеш  вехар ву:

Йицъе ма ала!

 

Шалха мотт вайшинна

Юккъе ма буьйли,

Соьцара хьан безам

Шелбелла бели.

Сан даго тIаьххьара

Хьоьга мохь эли:

Сан безам, соьга хьуо

Йицъе ма ала!

 

Сан бIаьрхих, сан дуйнех

Хьо ма ца кхийти,

Езар сов мел дели,

Со хийра  хийти.

Шелделла тIулган дог

Ахь суна  гайти,

Сан безам, соьга хьуо

Йицъе ма ала!

 

Сан кийра йижий ахь

И Iаьржа буьйса,

Вити ахь со хьайга

Къайлах сатийса.

Ахь суна дихкина

Хьо йолчу хьийзар.

Сан безам, соьга  хьуо

Йицъе ма ала!

 

Ахь алахь, кийча ву

Лекха лам ахка,

Кийча  ву хьо лоьхуш

Вала а акха,

Ма таса вайшинна

Юккъе ахь мекха,

Сан безам соьга  хьуо

Йицъе ма ала!

 

Реза яц хьо соьца

Сан безам бекъа,

Вехар со валлалца

Безаман шовкъехь.

ХьагI йоцу сан безам

Хьанна бу новкъа?

Сан безам, соьга  хьуо

Йицъе ма ала!

 

Валлалца хьо йицъян

Хир вац со реза,

Хьуна  со ца везарх,

Суна  хьо еза.

Вайшиннан метта хьо

Ехийла  гIоза,

Сан безам, соьга  хьуо

Йицъе ма ала!

 

№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: