Алиев Iальви

Дийна велахьара, тахана 66 шо кхаьчна, гIеметтахIоьттина стаг хир вара Iальви. Амма АллахIан кхиэлаца шен кхузткъа шо кхаьчначул тIаьхьа Далла дуьхьал д1авахара иза. Шераш дIаэхарх виц ца ло иза. Iальви дийна волуш ма-хиллара, хIинца а даггара сий-ларам бу цуьнга редакцин коллективехь.

ДIадаханчу бIешеран 70-чу шерашкахь «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакце балха веара тIехь оьзда духар долу безамехь жима стаг. ХIетахь цуьнан хенара кегий нах нохчийн йозанан мотт шера хууш а, цуьнца уьйр йолуш а бацара, я иза царна хаийта а, бийцийта а гIерташ Iедал а дацара. Ткъа жимачу стагана, Алиев Iальвина, редакцерчу белхахоша тамаш а беш, нохчийн маттахь яздан дика хаьара.

Ша балха веанчу хьалхарчу деношкахь дуьйна массеран а гергара стаг хилла, редакцин коллективана юкъавахара Iальви. Массарна а, къаьсттина газетан редакторна Габисов Бийсолтина даггара везавелира иза. Жимачу стеган амалехь коьртаниг дара цо шена цахуург юххерчу баккхийчу накъосташка хаттар, цара шена дина хьехар схьаэцар, цунах говза пайдаэцар.

Дукха хьеха ца дийзира Iальвина газете хIун, стенах лаьцна, муха яздан деза. Наггахь хеталора иза цул хьалха кхечу редакцехь болх беш хилла. Иштта журналистикин белхан доккха зеделларг долчу белхахойн могIаршка хIоьттира иза сихха а, ондда а.

ТIаьхь-тIаьхьа шен корматалла шаръеш дIавахара къона журналист. Редакцин белхахошна хаадала доладелира цкъацкъа белхан доккха зеделларг долчу журналистийн дан ницкъ ца кхочург Iальвига далуш хилар. Газетан редкторша (Iальви редакцехь болх беш хиллачу шовзткъа шо гергга йолчу хенахь уьш массийта хийцавелира) уггаре а жоьпаллин декхар Iальвина тIедуьллура. Цо иза шен хеннахь а, ала хIума доцуш, дика а кхочуш а дора.

ДагадогIу суна. Кест-кеста космонавташ космосе оьхуьйту мур бара иза. Оцу хенахь дуьйцуш дара нохчийн дуьххьарлера летчица Насуханова Ляля а космонавтийн могIаршка дIаоьцу, бохуш. Цунах нохчаша дозалла а дора. Дуьйцуш дара, амма… нохчи хиларна дIа ца ийцира иза. Бакъду, рогIера космосе вахийтинарг дагестанхо Манаров Муса вара. Цунах а кхаъ хиллера нохчашна. Муса нохчи вацахь а, амма вайн лулахо хиларна гергара вара.

Газетехь гуттар а кхечеран доцург юкъадало лууш, керланиг лоьхуш хиллачу редактора бегашийна санна элира: «Вайн республикехь цхьана а газето ца динарг вай дича ма дика хир дара. Космосе ваханчу Манаров Мусаца интервью хьан йо аш?». Иза забарна аьлла дара. Хууш дара космосехь Лаьттана гуонаш дохуш лелаш волчу космонавтаца интервью ян таро йолуш цхьа а цахилар. Цу тIе иза дан ницкъ кхочуш ур-аттал боккха ницкъ болу центральни газеташ а дацара.

Амма иза дан хьуьнар а, ницкъ а, корматалла а хилира Iальвин. Цунна Дагестанехь схьакарийра Мусан гергара нах, цаьргахула  карийра Москвахь ехаш йолу М.Манаровн хIусамнана. Ткъа цуьнгахула Мусаца зIе тесна, иза Лаьтта тIе юхаверзаза а волуш, цунах лаьцна материал араелира «Ленинан некъ» газетехь. Иза Iальвис говза а, сиха а кечъярна леррина билгалдаьккхира редактора.

Цул тIаьхьа лаккхарчу говзаллица язйина хиларе терра, дуккхазза а хастайо Iальвис язйина статьяш а, очеркаш а, репортажаш а, кхийолу материалаш а. Тайп-тайпанчу темина лерина хуьлура уьш. Ткъа тема лахарехь, иза карорехь Iальви воккха говзанча вара. Цо юкъаяьккхина рубрика, цхьа билггал долу гIуллакх дийцаре дар дуккха а шерашкахь дIа ца долура газетера. Иза газетдешархоша чIогIа дезаш тIе а оьцура.

Iальвин дика нислора официальни материалаш а, спортан къийсадаларшкара отчеташ а. Уггаре а коьртаниг, дара цунна ша хаьржина тема дика йовзар а, материал язъеш, ша къамел динчуьнца тIейогIучу ханна герггара уьйр хилар а.

Алиев Iальви вина 1949-чу шеран 24-чу июлехь Казахски СССР-н Малхбален Казахстанан областан Кировски районерчу Белоусовка юьртахь. Амма кIантах марзо эца ца кхиира цуьнан да-нана. Iальви дуьнен чу а валале кхелхира цуьнан да Дуда. Нана Таа а цул тIаьхьа дукха ца ехира. Iальви шаьш долчу дIавигира цуьнан девашас Киндаров Султана а, цуьнан хIусамнанас Лайлаа а. Цара шайн берел а гергара, хьоме хеташ, везаш кхиийра Iальви. Ала деза, ша хаъал хилча, цо а иштта кхетарца шен дехошна жоп делла хилар. Цунна а иштта хьоме а, гергара а хетара уьш. КIант гуттар а хуьлура шен ненахошкара схьаэцна «Алиев» боху фамилии дехойн «Киндаров» бохучу фамилица хийца гIерташ. Шен дуккха а статьяшна буха цо яз а йора иза. Гуттар а хуьлура шен бакъйолу фамили Киндаров юйла хаийта гIерташ.

Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийначул тIаьхьа, 1957-чу шарахь шен дехошца цхьаьна  Жимачу АтагIа цIавеара Iальви. Дешарца дика ларош, чекхъяьккхира юьртарчу школин бархI класс. Цул тIаьхьа Соьлжа-ГIаларчу кооперативни училище деша вахара, иза кхиамца чекхъяьккхира. Цул тIаьхьа эскаре шен сийлахь декхар кхочушдан вахара. Цигара цIавеача, йоццачу хенахь республикин цхьана районерчу райпохь товароведан болх бира. Амма эскарехь волчу хенахь дуьйна стихаш язъеш кхоллараллин болх дукхабезаш хилла Iальви 1971-чу шарахь ненан маттахь арадовлуш долчу «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк»), газетан редакце балха веара, кхочушхилира Iальвис дукха хенахь дуьйна шега чIогIа сатийсинарг. Юьхьанца корреспондентан, цул тIаьхьа редакцин хаамийн отделан куьйгалхочун, тIаккха жоьпаллин секретаран даржашкахь белхаш бира. Республикехь кегарий а болабелла, «Даймохк» газет арахецарехь цхьацца кхачамбацарш кхолладелча, 1993–1994-чуй шерашкахь «Свобода» газетан редакцехь жоьпаллин секретаран болх бира. Дуккха а шерашкахь региональни юкъараллин-политически «Къилбаседа Кавказ» редакцехь штатехь воцчу корреспондент хилира Iальви муьлххачу а балхахь хилча а, цо ала хIума доцуш, хьанал кхочушдора шена тIедехкина декхарш.

2002-чу шарахь «Даймохк» газет юха а арадала доладелча, хьалхарчарна юкъахь редакце балха аравелира I.Алиев.

Iальвис нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь арахийцира поэзин иттех гулар. Арахеца кечйина яра кхин а масех  гулар. Амма уьш зорбатоьхна, царех марзо эца ца кхиира иза.

Iальви белхан накъосташа лоруш а, сийдеш а вара. Нахаца тарлуш а, гIо-накъосталла эшначунна иза дан гуттар а кийча а вара. Цо жигара дакъалоцура редакцин коллективан юкъарчу дахарехь. Иза къаьсттина билгалваьллера доьзална дика а, берийн башха кхетош-кхиархо а хиларца.

Балхахь баккхий кхиамаш бахарна а, нохчийн журналистика кхиорна йоккха хазна юкъайилларна а, юкъараллин дахарехь жигара дакъалацарна а I. Алиевна республикин журналисташна юккъехь массарначул а хьалха совгIат дира «Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца а, ткъа иштта Президентан декъалдаран кехатца а, цIе тIеязйинчу сахьтаца а, дуккха а кхечу совгIаташца а.

С.МАГОМАЕВ 

№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: