(Диспансеризаци яран хьалхара жамIаш)
Нохчийн Республикин куьйгалло тIедилларца, Могашалла Iалашъяран министерствос хIоттийначу планаца дIахьош ду вайн республикин бахархошна диспансеризаци яр.
И дIаяхьарх дерг тхуна довзийтира Нохчийн Республикин коьртачу терапевта Умарова Зураа.
Диспансеризаци, иза масех лоьрах чекхваьлла, шен могашаллех дерг къастор ду. Иза дIахьо кхаа шарахь цкъа. ХIокху шарахь дIахьочу диспансеризаци юкъа ца богIу Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман заьIапхой, ветеранаш, цу тIамехь дакъалаьцначарах бисина хIусамнаной, концлагершкахь баьхкинарш, иштта хIора шарахь диспансеризацих чекхбовлурш.
Диспансеризаци яран Iалашо ю бахархошна йолу хронически, инфекци йоцу цамгарш (царна юкъахь – онкологин, туберкулез, шекаран диабет, и.дI.кх.) гучуяхар, нагахь санна цу тайпана цамгарш йолуш бахархой белахь, уьш хьесапе эцар.
2015-чу шеран 9-чу июлана болчу хаамашца диспансеризацих чекхваьлла 57 548 вахархо (чекхвала везарг 178 197 стаг ву).
Царах хьалхарчу тобанна юкъахь (могаш болу бахархой) 36514 стаг ву, шолгIачу тобанна юкъахь (цамгар чIагIъяларна кхерам болу нах) – 10752 стаг, кхоалгIачу тобанна юкъахь (лоьрийн хаддазчу тергонехь хила беза бахархой) – 10282 стаг.
Зураа ма-дийццара, Нохчийчохь хилла тIемаш бахархойн могашаллина Iаткъам ца беш буьсийла дацара. Диспансеризацех чекхбевллачу бахархошна юкъахь хIавааца а, буучу кхачанца а, иштта кхечу бахьанашца а доьзна тайп-тайпана цамгарш йолуш 10282 стаг гучуваьлла. Царна юкъахь:
– цIий леларан системин цамгарш йолуш – 7315 стаг;
– эндокринни системин цамгарш йолуш – 1099 стаг;
– цIийца цамгарш йолуш – 554 стаг;
– бIаьргийн цамгарш йолуш – 363 стаг;
– нервийн системин цамгарш йолуш – 693 стаг;
– садеIаран меженийн цамгарш йолуш – 773 стаг;
– ахкаргийн цамгарш йолуш – 394 стаг;
– онкологин цамгарш йолуш – 7 стаг;
– инфекцин цамгарш йолуш – 37 стаг (царна юкъахь 1 стаг туберкулез цамгар йолуш).
1452 дархо диспансеран тергоне хIоттийна. Диспансеризацин яран гурашкахь доцуш, кхин тIе диагностикин таллам бан къастийна 195 стаг.
Диспансеризацех маьхза чекхвала аьтто бу. Ша Iаш волчу меттигерчу, ша тIечIагIвинчу поликлиникин терапевтана, куьпан лоьрана я медйишина тIеваха веза.
Диспансеризаци дIайолало лоьрийн профилактикин кабинета тIера. Цигахь уггаре а хьалха анкета язйо, цIийн таIам бусту, холестерин мел ю, глюкоза мел ю, бIаьргийн таIам мел бу хьожу. Цул тIаьхьа диспансеризацех чекхволучунна карта ло. Юха иза чекхволу флюорографех, электрокардиографех, маммографех, иштта дIа кхечух.
«ХIора вахархо декхарийлахь ву шен могашаллина таллам байта, шен могашалла чIагIъян, тоян. Вайн республикехь дерриге а хьелаш кхоьллина диспансеризацех бахархой чекхбовлийтарна, – дуьйцура З.Умаровас. –
Нохчийн Республикин берриге а лоьраш кийча бу, де-буьйса ца лоьруш, муьлххачу а дархочунна гIо-накъосталла дан».
Бахархой кхеташ хила беза, диспансеризаци, уггаре а хьалха, царна шайна оьшуш хиларх.
Л.ИБРАГИМОВА
№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо