КIонжаха

Итон-Кхаьллан районерчу ЧIиннаха юьртахула чекхболу КIонжахой олучу  меттиге боьду некъ. Советийн Iедал тIедале  хьалха  нохчийн хIора а  йоккхачу юьртах йозуш кIотарш хуьлуш хилла.  Бахархоша даьхни а, кхаш а лелон паргIатонна, шайн  аьттонна йохкуш  хилла уьш.

Умаев Ибр.

Иштта йиллина хилла КIонжахой а. Нохчий бохоле хьалха алссам бахархой болуш а, ткъа хIара тIаьххьара тIемаш хилале хьалха а, кIезиг белахь а, кхузахь бина, кхиъна юьртахой бехаш а яра КIонжахой. Тахана кхузахь вехаш жима а, воккха а 20 стаг волуш  4 доьзал бу.

– Муха кхоллаелла кху меттиган цIе? – бохучу хаттарна жоп луш, ЧIиннахан администрацин куьйгалхочо Дацаев Шарпуддис дийцира:

– Цхьа а шеко яц, тхан баккхийчара дийицина ма-хиллара,  «гIоьнчий» бохучу дашах иза кхоллаелла хилар. ХIунда аьлча, кIотаршкахь даьхни, кхаш лелош берш юьртарчу бахархойн гIоьнчий хилла. Иттаннаш шерашкахь кхидолу хIума ма-хийцадаллара, дош а хийцаделла, амма цуьнан маьIна «гIоьнчий» бохург ду. Олуш атта хиларна, дукха хьолахь КIонжаха олу кхунах.

КIонжахахь вина а, кхиъна а волчу 85 шо долчу Умаев ИбрахIима дийцира, 1944-чу шеран февралехь, махках дохучу дийне довлуш, шен  ялх  да хийцалуш, кхузахь даьхна шаьш, аьлла.

Шайн дахарх лаьцна иштта дагалецамаш бара цуьнан:

–Уггаре а хьалха кхуза ваха хиънарг Алака хилла, Уьшкхаьлларчу (ЧIиннаха) гIали чуьра хьалавеана иза – латта а, даьхни а лелон аьтто болуш меттиг хIара хиларе терра. Алакан кхо кIант хилла – Акхболат, Гелаг, Точа. Тхо, УмаевгIар, Точех схьадевлла.

ХIара тхо деха меттиг, мехаш доцуш, гуобаьккхина долчу лаьмнашна юккъехь, Iай а малх хьожий, мел доккха ло диллича а деший дIадолуш, Iаьн тIехь а йовха хуьлуш, даьхни арахь лелон аьтто болуш меттиг хиларна, баьхкина тхан дай кхуза. Хьан бIаьрго ма-лоццу хьалайоьдучу ломан басах дуьйш-дерзош латтанаш дара суна дагахь а. Кху ломан буьххьехь шера экъа ю, оцу лакхахь кIотаршкахь Iа доккхуш дохнаца Iара кIонжахой. БIаьстенца цигахь ялта дIадуьйра – хьаьжкIа а, картолаш а, кхоьш а, хох а, иштта кхиерг а. ДIадийначу кхаш тIехь даьхни лелон йиш яцара, цундела кхуза, лаха охьадогIура. Дохнна Iа даккха  кечам цигахь бора – докъар а, ялта а гулдора. Ткъа Iаьно, бIаьстенца латта тодан. кхелли гулйора. Латта екха долуш, и ца йиллича, ялта ца хуьлура. ХIинца санна удобренеш а яцара, я уьш ю-яц а ца хаьаара.

Вай арадохуш а цигара гIаш охьадаьхкира тхо. ХIора а доьзалан  шен-шен кIотар яра, хIинца а, дуй а хууш, шайн-шайн латтанаш  ду лакхахь, амма пайда ца оьцу. Вай хIинца дика деха – пенси а ло, газ, ток а ю.

КIотар мел жима хиллехь а, тIаме  бахана нах бара тхан а. Суна дагадогIуш, 8 жима стаг ву олура тIаме  ваханарг.  КIонжахал лакхахьарчу юьртара  4 жима стаг тIепаза вайна – Iиси Висайт а, Жемин Жабраил а, Илесан Куьйра а, Масин Iиса а, вукхеран цIерш дага ца йогIу суна, амма Даймехкан тIаме ваханчу 8-х, 7 юха ца веана. Царах цхьа Умаев Якъуб, заьIапхо а волуш цIа веана, хIинца  Гикалохь вехаш ву иза.

Вай дохоле а, лахахь ЧIиннахахь сельсовет а йолуш, ЧIиннахана чуйогIуш яра КIонжаха. Оцу муьрехь Уьшкхаллан юьртда – Саадуев МоIса а, колхозан председатель – Жумаев Идаг а вара. ЧIинхойн ломахь докъар гулдора, цигахь леладора колхозан даьхни а. Бахархоша цIахь лелочу дохнна тIера жижиган а, даьттан а, налог  лора. Налог яккха веанарг хьан дохнан  керта а, божли чу а хьожура.

Юьхьанцара школа а яра кхузахь. Цигахь кхо класс чекхъяьккхина, 4-чу классехь доьшуш вара со. Хьоьхуш нохчийн хьехархой а, (Кхокхатара схьавогIуш хилла Гилани дагавогIу суна), цхьа оьрси хьехархо а яра –Тоси яра цуьнан цIе. Дохоле хьалха, массанхьа а санна, тхо дехачу юьрта а салти баьржира. Массанхьа кхочуш, доллу адам а, церан дерг-доцург а дIаяздеш лелаш бара уьш. Оцу Iаьн тIехь лелош 20 бежана а, 50 газа а, 3-4 вир а яра тхан. Некъаш ца хиларе терра,  мохь лелош говр, вир, сту хуьлура. Цаьрца бен кира дIасадахьа аьтто бацара. Iаьн тIехь кIотаршка берриге а хьалабоьлхий ца Iара, доьзалера 2-3 стаг хуьлура дохнан гIуллакх деш ткъа доьзалш  алссам бара, уьш а кест-кеста гIаш дIаса боьлхура. Тхо Iай а, аьхка а цигахь Iан йиш йолуш, тхан дас дина цIа дара, дукхахьолахь, тхо дерриге а Iаьн тIехь кIотарахь хуьлура. 1944-чу шарахь, вай дохош, кIотаршкара цхьа де хьалха охьадехира тхо.

Цу дийнахь тхан ваший, цуьнан зудий, церан 5 беррий, тхан дай-наний, ши ваший, ши йиший, сой, шолгIачу вешин цхьа йоIIий –15 стаг вара араваьккхинарг. Салазна ши сту дIабоьжна, цу тIехь яхьалург – ялта, ахьар, цу, жижиг, цхьацца сал-пал яьккхира оха новкъа. Кхузара охьа яхьийтира тхоьга, амма машенашна тIе ховшуш, ЧIиннахахь йисира, хIумма а хьала ца яккхийтира.

К1онж.некъ

Тхан доьзалехь а, нехан доьзалшкахь а  санна, Iаьнна кечам аьхка бора. Иттех гали ахьар а, цхьаъ я ах гали цу а боккхура, хиш гамхадевлча хьер хIуттур ю, тIаккха дан хIума хир дац, олий. Кха тIера гулйина картолаш ор чу юхкура. ГIабакх,  чу йохьура, я докъарна буха, божли чохь гIорон йоцчохь къайлайохура.  Хьаннашкара кхораш, стеш, элхьамчаш гулйора, уьш хи чу юхкура. Бакъийначу кхорех цу беш меттиг а хуьлура. Чайнна Iаждарбуц а,  хьожа йогIу буц а гулйой, якъайора. Шелаг дуззий нехча хуьлура, гурахь лахьанна бежана доьра, котам, гIаз, бад, москал  лелайора. Дохнна докъар гулдора, хьаьжкIех схьадаьлла гIад а, хьаькхна йол а. Иштта къахьегча Iа токхе даккха таро хуьлура. ЧIогIа ледара дара тIе-кога юхучуьнца. Итон-Кхаьлла кIади деана олий, буьйсанна юккъехь воьдий тхан дас, наггахь кIади дохьура, ца кхочуш а нислора, цунах куьйга коч-хеча тоьгий, цхьа мадар йора тхан нанас. Дерзина-м дацара, амма хьашт ма-дду беркъа-м дара.

ХIинца санна лелош алсам пхьегIаш яцара. Коьртаниг – юург кхехкош чуьйна яй, гала-хьолтIам чуюьллуш, дечигах дина текх, уьш схьайохуш а иштта дечиган чоьлпа а дара. Йижарша хи дохьуш шиъ кIудал лелайора. Ткъа иза 1-2 километр генара, лакхарчу хьостанера дан дезара. Iаждарбецан чай, шура тухий молура. Наггахь буйннал шекар хуьлура, амма марздина, хIинца санна, екха чайнаш ца моьлура – шура, етташура, морза, шар хуьлура даима молуш.

Оццул къен-миска долу тхо махкахдохур ду аьлла дага а ца дарна, карахь-куьйгахь доцурш алссам бара новкъабевллачех. Тхан нана кхиънера ши-кхо пунт ахьар машен тIе хьаладаккха. Дуьхь-дуьхьал мехаш хьоькхучу, даьхни лелийначу вагона тIе дехира тхо. «ГIарчI» аьлла гIораш дIакъевлира, хIора а вагонна ха хIоьттира. Наггахь, станци кхаьчча, чорпа-хIума а лора, амма кIеззигчарна кхочура иза. Духкуш-оьцуш хIума цахиларал сов, схьаэца ахча а ма дацара. Дуьххьара кхелхина ЧIинхара Махьмин Iела, гIамаран латта нисделла, шалонна уллехь ор даьккхина, дIавоьллина дагадогIу суна. Иштта ор доцуш, новкъахь бисинарш а кIезиг бацара. Новкъахь сецаш, станцешкахь лаьтташ, цхьа бутт сов хан яьлча, Усть-Каменогорске кхечира тхо. «Защита» олучу меттехь охьадаьхна, электровозца Облакетка поселке  дIадигира. Да, ваша, цуьнан пхи бер а, кхин цхьа ваша а, йиша а цигахь дIадерзийра оха. Юьхьанца чIогIа хало Iаьвшира. Тхо совцийначу меттехь «Иртышгэсстрой» яра еш. (Маленков цига директор ваийтина а дагадогIу суна, сайн машенца иза кест-кеста дIаса а вуьгура ас).

МоггIара лаьтташ 8 барак яра, шайна чохь кхузза тIекIел йина нараш а йолуш. И баракаш юьзира махкахбаьхначу нахах. ГЭС-е балха ваханчунна дийнахь луш 6 бIе грамм а, болх ца балучу воккхачунна 3 бIе грамм а, берана 4 бIе грамм а Iаьржа бепиг дара. Цунна очартехь латта везара Iуьйкъанна дуьйна. КIора санна Iаьржа хуьлура бепиг.  Шелонна тоха са дацара. Балхара чувогIучо йохьий дечиг-хIума а хуьлура, амма гучуваьлча, цунна таIзар дора. Баракаш чуьра белларш арабохуш йолалора Iуьйре, уьш дIабохка а ницкъ ца кхочура. Мелла а хан яьлча, цхьацца аьттонаш нисбелира, хьоьхуш нохчи хьехархо а волуш, бераш школе а дахара. Ас а дийшира. Цул тIаьхьа цхьана шарахь ГЭС-н кертахь машенаш чу даьтта дуттуш болх бира, цул тIаьхьа ялх баттахь слесаран болх беш, суьйранна шопаран курсашкахь дийшира.

«ЗИС-585» олучу кира лелочу машена тIехь болх бина ас. 15 шо цигахь даьккхинчул тIаьхьа, 1959-чу шарахь, цIадаьхкира. ДIадохийначу тхо пхийттанах доьзалан кхоалгIа дакъа, кхо ваша, нана, нехан цIентIе яхана цхьа йиша дисинера, вуьйш Казахстанехь дIабоьхкира. Иштта я цул а оьшуш хьал дара нахехь. Цхьа а ца вуьсуш белла дIабевлларш а бара.

Зуда а, ши бер а дара сан  цIа воьрзуш. Юьхьанца ЧIиннаха даьхкира тхо, цигара кхуза хьаладаьхкира. ТIулгаш доцург дисина хIумма а дацара, дагийна а, дохийна а хIаллакдинера. Делахь а, хIинца а лаьтташ долу хIара тIулгаш хьаладоьттина, тIе тхов тиллина, кхуза, тхайн дай баьхначу хьаладаьхкина, даха хевшира тхо. Юха а бежана а, уьстагI а лелош, кха дуьйш-дерзош, колхозехь а, Итон-Кхаьллан а, ЧIиннахан а администрацешкахь а  40 сов  шарахь шопаран белхаш бина ас. Кху тIаьххьарчу тIемашкахь 95 некх а, 5 бежана а, 40 устагI а лелош, сайн доьзалш Гуьржийчу дIабахча а ара ца волуш, кхузахь Iийра. ХIетте а, ца ваьллачу денна аравала дийзира сан а. Юхавеача, къацахетарийн даар хиллачу сан 5 бежанан кортош дара неIартIехь Iохкуш, накхармозий а хIаллакьхиллера, устагIий а дIадайнера.

Делахь а, стаге кхочуш хIумма а дац, доьзалан вуон ца гичхьана, лелларг-дайнарг сагIа дина, юха а ваха волавелла ИбрахIим. Цхьа а гIар-гIовгIа а йоцуш, мотт-эладита а доцуш, гIийла шайн накхарш а, бежана а вовшахтухуш, денбала гIерташ бохку хIорш.

– Даима а дагахь дара суна, – боху ИбрахIима, – вайн паччахьна даггара баркалла ала. Ягоргаца чIогIа эшам хуьлуш, Iай, аьхка  къахьоьгура оха. Кадыров Рамзанах даьллачу беркатна газ ялийна тхуна. Дела реза хуьлда цунна. И бахьана долуш са дохделла сан. Шен махкарчу бахархойн терго яр бусалба паччахьна тIехь хиларе терра, тхо кIезиг дара аьлла ца Iаш, кхузахь бехаш 4 доьзал бен бац, Масаев Хьозин доьзалехь 7 стаг ву, тхо 5 ду, сан лулахочун  БатаевгIеран доьзалехь 6 стаг ву, дIанехьуо ехаш кхин ши зуда а ю. Тхо 20 стеган дахар аттачу даьккхина, тхан гIайгIа бина цо а, кху районан администрацин куьйгалхо волчу Темирбулатов Хьамзата а. Иштта дика, яхь йолу кIентий болу вай гIоза дехар ду аьлла, хета.

…Геннара юьйлаелла, сийна стигал дIалаьцна юькъа мархаш схьакхечира КIонжаха а. Юьхьанца наг-наггахь тIадам кхуссуш доладелла,  масех минотана догIа дилхира якхделлачу лаьтта. ГутIе боьдучу новкъа мел йоьдучу машено ченаша дуьзина гуонахара дитташ а, бецаш а, дикачу зудчо куьг тоьхча санна, къагийна дIахIиттийра, цхьаьна метта шортта Iаьнначу догIано. Цхьа башха цIеначу, шеца ийна бес-бесарчу бецийн хьожанах дуьзначу хIавао дуьзира гуонахара Iалам. Мел чуозарх а ца Iебаш, дагна там бора цо.

Дукха ца хьелуш, ломан басешна юккъе тIай туьллуш, къегинчу беснашца дIахIоьттира стелаIад. Цунна тIаьххье къегина схьакхеттачу малхо юха а, комаьршонца шен йовха зIаьнарш Iанийра КIонжахана тIе. Ишттачу хийцамашка хьоьжу со кхийтира, ИбрахIим а, цуьнан доьзал а, церан лулахой а кхузахь бахаран хьолах. Башха исбаьхьа меттиг ю церан дай баьхна латта. Дала де-дийне мел дели а алсамбовлуш, марзонца баха пурба лойла царна.

Т.САРАЛИЕВА

№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: