Невран районан библиотека 1977-чу шарахь дуьйна болх беш ю. 1986-чу шарахь дуьйна оцу библиотекин куьйгаллехь ю Нохчийн Республикин культурин хьакъйолу белхахо Лабазанова Марина.
Библиотекин шен леррина гIишло яцара. Невран район юхаметтахIотточу шарахь (масех шо хьалха) цу районан администрацин куьйгалхочун Кашлюнов Владимиран сацамца библиотекина шена гIишло елира. Библиотекехь ерриге а 5 отдел ю. Технически персоналца цхьаьна, верриге а 25 белхахо ву библиотекехь, царна юкъахь шиъ оьрсий ю: Андрианова Надежда, Жолобева Галина.
«Андрианова Надежда суна евза дуккха а хан ю. ХIокху библиотекехь болх бан цхьаьна йолаелла ала мегар ду тхойшиъ. Литература кечъяран отделан заведующи ю иза. Муьлхха а болх цунах тешо мегар долуш а, шех дика дош ала хьакъ долуш а белхахо ю иза. Цуьнан отделан болх дикачу агIор билгалбоккху даима а», – дийцира библиотекин куьйгалхочо.
Андрианова Надежда 1956-чу шеран 21-чу апрелехь дуьнен чу яьлла Соьлжан районан Краснооктябрьски юьртахь (хIетахь нохчийн юрт хилла иза). Макан-ГIаларчу юккъерчу школехь дешна цо. 1976-чу шарахь Культпросвет училище чекх а яьккхина, 1977-чу шарахь еара Надежда библиотеке балха. Ша балха яле а, библиотекехь хийлазза практикехь хилла яра иза. Цунна хир дара, библиотекера хьал Надеждина дика девзаш хилар. Иштта, библиотекин цхьаболу белхахой а бевзара цунна. Цундела, юьхь башха хала ца хийтира цунна. Цара дика тIелецира иза, цунна хаа дезарг а Iамийра.
Дуьххьара балха яхча, ешархойн хьашташ кхочушдаран отделехь болх бира цо. Бакъду, цу чохь хьен-м ца елира иза. Библиотекин куьйгаллина гуш дара Надежда шена тIедехкинчу декхаршца кхиамца ларош хилар. Лакхахь хьахийначу отделехь цхьана шарахь болх бинчул тIаьхьа, литература кечъяран а, комплектованин а отделан заведующи хIоттийра иза. ХIетахь дуьйна оцу отделан заведующин декхарш кхочушдеш ю. Надежда жимчохь дуьйна а яра книгаш йоьшуш хазахеташ. Ша школехь доьшучу хенахь библиотеке а йоьдий, шена а, шен нанна а еша книгаш йохьура цо. Шен мукъа хан романаш, повесташ, дийцарш доьшуш йоккхура. Иштта, фантастика а хазахетара цунна.
«Айса хаьржинчу балхана дохко ца яьлла со цкъа а. Жимачохь дуьйна а книгашца са лаьттинчу суна, цул кхин гергара болх хир а бацара аьлла хета. Тхан нанас а къобалдира со библиотеке балха яхар, и болх йоIехь товш хиларна», – бохура Надеждас.
39 шо хан ю цо цигахь болх бен. Библиотекин куьйгалхочо лакхахь ма-аллара, шех тешийна муьлхха а гIуллакх кхочушдеш, библиотекин тоьллачу белхахойх цхьаъ ю Андрианова Надежда.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо
