Невран районехь ерриге а 23 школа ю. Оцу школашкахь болх бечу хьехархошна юкъахь 83 оьрсийн хьехархо ву. Дешархойх дерг аьлча, оьрсийн дешархой кIезиг бу цигахь. Оьрсийн 32 – 35 дешархо велахь, кхин вац.
Невран районан дешаран отделан хьаькаман заместитела Ибакова Зояс дийцарехь, оьрсийн оцу 83 хьехархочунна юкъахь шайн болх безаш, дуккха а шерашкахь болх беш схьабогIуш болу говза хьехархой дуккха а бу. Масала, Гал-ГIаларчу юккъерчу школин химин хьехархо Баранова Наталья (белхан стаж – 40 шо) Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо ю. Чернокозоверчу юккъерчу школин математикин хьехархо Тарарина Людмилас болх бен а яц кIезиг хан. ЦIеяххана дика хьехархо а, дика белхахо а ю иза. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо ахчанца совгIат дина цунна масех шо хьалха. Оьрсийн меттан, литературин хьехархо Пащенко Нина «Россин тоьлла хьехархо» проектан лауреат ю. Педагогически къинхьегаман ветеранаш а бу царна юкъахь: Новотерскерчу юьхьанцарчу школин хьехархо Апаева Лидия, Новр-ГIаларчу №2 йолчу юккъерчу школин юьхьанцарчу классийн хьехархо Андреева Анна, Макан-ГIаларчу юккъерчу школин оьрсийн меттан, литературин хьехархо Ташлыкова Валентина, и.дI.кх. Иштта, Къинхьегамехь билгалбовларна мидалш елларш а кIезиг бац.
Царах цхьаъ шуна йовзийта лаьа тхуна. Андреева Анна Новр-ГIалахь йина а, кхиъна а ю. 1948-чу шеран 21-чу декабрехь дуьнен чу яьлла иза. Новр-ГIаларчу юккъерчу школехь дешна цо (хIетахь и цхьаъ бен школа ца хилла цигахь). Цуьнан да а, нана а культурехь болх беш хилла. Иштта, ша школехь доьшучу хенахь, Аннина а моьттура шех культурин белхахо хир ю. Делахь а, иза иштта ца хилира… Школа чекхйоккхучу хенахь цуьнан ойла хийцаелира.
Школехь дешна яьлча, Анна деша яхара Нохч-ГIалгIайн хьехархойн институте юьхьанцарчу дешаран факультетан заочни отделени. Цу шарахь иза балха а яхара. Шен къинхьегаман некъ ло дIаболийра Капустино-КIотарарчу юьхьанцарчу дешаран школехь.
«Сайн белхан дуьххьарлера де хазахетарца дагалоцу ас кест-кеста. Со къона а яра, мелла а карзахе а яра. Делахь а, дуьххьара урок яла со класса чу яхча, бераша дика тIелецира со. Уьш кегий хилча, харцахьа хиларна кхоьрура со, амма суна гинарг кхин сурт дара. Со керла хьехархо юйла шайна хааре терра, соьга ла а дугIуш, дика Iийра бераш. Иштта, дика чекхделира сан белхан хьалхалера де», – дийцира А.Андреевас.
Цу школехь шина шарахь болх бира Аннас. Цул тIаьхьа, Новр-ГIаларчу №2 йолчу юккъерчу школе балха яхара иза. Цо хьехархочун болх бен 48 гергга шо ду. Ша болх бечу юкъана тайп-тайпанчу конкурсашкахь дакъалаьцна цо. Хьахо лаьа цуьнан кхиамех цхьа кхиам. 2010-чу шарахь хиллачу республикин «Нохчийн Республикин тоьлла хьехархо» конкурсехь дакъалецира цо. Дийнна республикера цигахь финале бевллачу хьехархойх схьакъастийначу тоьллачу 10 хьехархочунна юкъахь яра Анна. Цигахь Сийлаллин грамота а, ахчанца совгIат а делира цунна. Иштта, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон, Невран районан администрацин дипломаш а, Сийлаллин грамоташ а ю цуьнан.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо