2011-чу шеран 1-чу июнехь схьайиллина Невран районан Оьрсийн культурин туш. Оцу районан администрацин куьйгалхочун Кашлюнов Владимиран дIадолорца йиллина яра иза. Оцу туьшан куьйгалхо ю Кулинич Раиса. Невран районан Культурин цIийнехь ю и туш.
Кхузахь вокальни «Росинка» ансамбль а, театральни «Преображение» студи а ю. Театральни студехь 10 шарера 16 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш ду – дерриге а 50 гергга бер.
Районан, гIалин конкурсашкахь дакъалаьцна ца Iаш, республикин а, Дуьненаюкъарчу а конкурсашкахь, фестивалашкахь жигара дакъалоцу цара. Карарчу хенахь «Преображение» студин декъашхой ГIирмерчу Евпаторехь дуьненаюкъарчу берийн тетральни кхоллараллин фестивалехь дакъалоцуш бу. Цигахь «Казаки» спектакль гайтарца йовзуьйтур ю цара шайн къоман культура. Оццу спектаклаца Л.Н.Толстой винчу денна леринчу даздаршкахь «Ясная Поляна» олучу меттехь а хилира театральни студин декъашхой. Иштта, Москвахь Л.Н.Толстойн цIарах йолчу университетехь а хилла уьш шайн концертни программица. Театральни студин декъашхой Iамош, цаьрца болх беш схьайогIуш ю Машинская Вера. Туьшан куьйгалхочо дийцарехь, шаьш хIитточу спектаклашна дукха хьолахь сценареш ша язйо цо. Соьлжа-ГIаларчу Лермонтовн цIарахчу театрехь а хIиттийна цара спектаклаш.
Тетральни хьуьнарш хилла ца Iаш, суьрташ дахкарна а говза ду бераш. Масала, дIадаханчу шарахь суьрташдахкаран республикин конкурсехь 1-ра, 2-гIа меттигаш ехира цара. Цигахь царна совгIаташ а делира.
Шайн культура йовзийтаран Iалашонца дIадаханчу шарахь Итон-Кхаьллан районехь хилира «Росинка» ансамблан а, «Преображение» студин а декъашхой. Цигахь церан таро хилира Исаевн цIарах йолу музей а, бIаьвнийн комплекс а ган. Кулинич Раисас дийцарехь, оцу районан администрацин куьйгалло, бахархоша дика тIелецира уьш, оьрсийн берийн чIогIа самукъаделира цигахь. Цигарчу хазчу Iаламех, меттигех бIаьрг буьзна а хилла церан. М.Ю.Лермонтовн 200 шо кхачарна леринчу Ерригроссин фестивалехь а дакъалаьцна жигархоша. И туш схьайилличхьана дуккха а дипломаш, Сийлаллин грамоташ, кхидолу совгIаташ а делла царна. 40 гергга диплом а, грамота а ю церан. Царах дуьзна ду туьшера пенаш.
Культурин цIийнан вокалан концертмейстер волу, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо Дорохов Василий вокальни «Росинка» тобанан аккомпаниатор ву. Бераш Iамош, вокальни церан хьуьнарш алсамдахарехь царна гIо деш схьавогIуш ву иза. Невран районан администрацин куьйгалло гIо лоцу Оьрсийн культурин туьшана костюмашца а, оьшучуьнца а.
«Оха бечу белхан коьрта Iалашо ю оьрсийн къоман культурин ламасташ лардар. ХIора къам шен культура йовзуьйтуш а, гойтуш а ца хилахь, цхьадолу дIадайна къаьмнаш санна юкъара дIадовларна кхерам бу. Суна баркалла ала лаьа тхайна гIо мел лоцучарна», – бохура Кулинич Раисас.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо
