Нохчийчохь схьайиллинчу «Эльдорадо» туьканан болх сихаллехь д1абоьдуш бу. «Эльдорадо» дош испанхойн маттахь «дешех а, дезачу т1улгех а йина пачхьалкх» бохург ду. Дуьххьара «Эльдорадо» схьайиллина 1994-чу шарахь Самарехь. Карарчу хенахь «Эльдорадин» 700 филиал ю 500 гергга г1алахь болх беш. Ерриге а «Эльдорадо» Чехерчу хьалдолчу стеган Домжел Игоран карахь ю. Нохчийчохь «Эльдорадо» схьаеллар бахархошна доккха хазахетар ду. И тайпа туька дуьххьара схьайиллина Нохчийчохь. Ша саннарг кхин хир йоцуш туька ю и. Цу чохь 4 отдел ю: хьалхарчу отделехь – холодильникаш а, х1уманаш юьтту машенаш а ю; шолг1ачохь – итуш а, чайникаш а, кхийолу х1уманаш а ю; кхоалг1ачохь – яккхий а, кегий а телевизорш; йоьалг1ачохь – компьютерш а, ноутбукаш а, телефонаш а. Туька ша хаза хилла а ца 1аш, цу чохь духкуш долу х1ума а нехан б1аьрг т1ех1уттур болуш ду. Туька схьайиллинчу деношкахь йохкархой лара а ца беш, дукха эцархой лаьттира цу чохь. Цундела, г1о дан кхечу г1аланашкара схьакхайкхира «Эльдорадин» уггаре тоьллачу туьканашкара белхахой (Москвара а, Пятигорскера а, Ставрополера а, Нальчикера а). Хила безачул кхузза дукха белхахой хилла цу чохь. Шаьш г1олаца баьхкинчара вайн белхахошна пайдехь дерг хьехна цара. Билгалдаккха лаьа, «Эльдорадо» Соьлжа-Г1алахь схьаеллале, вайн махлелоран белхахой тоьллачу г1аланашкарчу «Эльдорадо» туьканашка а буьгуш, цигахь 1амийна хилар, цаьрга шайн балхана кечам байтина хилар. Х1инца «Эльдорадо» чохь болх беш 40 гергга белхахо ву: 26 йохкархо ву, х1ума оьцучеран хьашташ кхочушдечу отделехь 5 стаг ву, кредитан отделехь 4 белхахо ву, иштта кхерамзаллин белхахой а бу, церан куьйгахо ву Мальсагов 1усман. «Эльдорадин» директор Сулиманов Адам ву.
Механа еза телевизор я кхийолу х1ума эца луучарна пайдехь хьелаш ду. Масала, кредит х1ума эца таро ю: пачхьалкхан белхахойн, дуккха а шерашкахь болх бина пенси бахначеран, шен долахь бизнес йолучеран, и д1. кх. Уггаре адамаш цецдовлуш дерг: ц1ера ца оьшуш йолу, болх ца беш а, пайдехь а йоцу телевизор, холодильник схьаеача, юхкуш йолчу х1уманан мах 10 б1етуьманна т1екхаччалц охьабоккха. Цундела, «Эльдорадохь» х1ума эцар эцархошна ч1ог1а пайдехь хета. Белхахой а хьовсу, эцархошна оьшуш дерг дан. Эцархо шен езарг а эцна, дог реза а хилла д1авахийтар церан коьрта декхар ду. Йохкархошна леррина юкъахь сиха а, дика а болх барца къаьста масийтта белхахо: Замаев Заур, Макаева Марта, Хатуева Лайлаъ, Мачигов Асланбек, Борзаев Идрис. Хазахета, иштта йоккха а, хаза а «Эльдорадо» туька Нохчийчохь схьайиллина.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт