Нохчийчохь бехачу оьрсийн Iер-дахар

Карарчу хенахь Нохчийчохь вехаш 1,4 миллион гергга стаг ву, 96 къомах нах бу царна юкъахь. Ткъа царах 3,7 процент оьрсийн къомах болу нах  бу, вуьшта аьлча – 40,6 эзар. Советан заманахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь бехаш хиллачу оьрсашца дуьстича Iаламат лахара ду и терахь. ХIетахь республикехь дехаш 1,3 миллион гергга адам долчу хенахь царах 23,I процент (293,8 эзар) оьрсий бара.

1991-чу шарахь Iедалан куьйгалле зуламхой баьхкича юьйхира мехкадаьттанан промышленность, оьрсийн къомах болу нах, дукхах берш, хене бовла хIума доцуш бисира, хIунда аьлча уьш коьртачу  декъана  оцу декъехь къахьоьгуш бара. Россин къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу министерствос динчу жамIашца 1991-чу шарахь дуьйна 1994-чу шеран декабрь бутт тIекхаччалц йолчу хенахь, Нохчийчохь дуьххьарлера тIеман компани йолало хан яра иза, вайн республикера 200 эзар сов оьрсийн къомах болу нах дIабахара.  Ткъа 1991-чу шарера 1999-гIа шо кхаччалц йолчу хенахь  тIеман барзакъаш  дуьйхинчу зуламхойн карах 21 эзар сов оьрси  кхелхира. Бухабисинарш кхузара дIабаха таро йоцурш бара. Россин МВД-н жамIашца 1999-чу шарахь Нохчийчохь висинарг верриге а вацара 29 эзаре кхочуш  оьрси, царах  17 эзар пенсионер вара. Цул тIаьхьа, Iедал хийцаделча марша баха хевшира уьш.

Невран  районан администрацин куьйгалхочун заместитела Кушаев Рамзана дийцарехь, карарчу хенахь Невран районехь 57 эзар гергга вахархо ву. 27 къомах нах бу кхузахь бехаш,  царах оьрси 6,5 эзар гергга ву. Кху районехь бехачу оьрсех дукхах берш  пенсионераш бу, халахеташ делахь а къонанаш дукхах берш Россин тайп-тайпанчу регионашка дIабахана, уьш дIабахаран бахьана а лакхахь дийцина ма-хиллара, республикехь хилла политически хийцамаш бара. Цигахь шайн аьтто нисбелларш баха севцца, кIеззиг бен бацахь а Нохчийчохь къепе дIахьоьттича юхабаьхкинарш а бу. Карарчу хенахь хIокху районехь бехачу оьрсех 3 процент сов пачхьалкхан балхахь  бу. Администрацехь а, дешаран учрежденешкахь кхузахь дехачу а кхидолчу къаьмнашка терра къахьоьгуш бу уьш а.

Районехь дехачу къаьмнийн юкъаметтиг дика ю, хьан-сан бохург доцуш, вовшашца бертахь бу берриге а. Муьлххачу а къоман дезаде массара а цхьаьна даздо. Вовшашца гергарлонаш а леладо. Доцца аьлча къаьмнаш, динаш къестор доцуш, бертахь дехаш ду Невран районера къаьмнаш.

Р.МУСИПОВ    

№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: