Историн лорах я оьрсий Нохчийчу кхачарх

Историка-мохкбовзархочо Сайко Александра дийцарехь, Къилбаседа Кавказан историн хиламех цхьаъ бара 2013-чу шарахь Моздок гIалин 250 шо кхачар билгалдаккхар.  Моздок гIала йиллале 120 шо хьалха ехкина хилла Невре, Макан-ГIала, Ищерски станицаш. XVI-чу бIешарахь Къилбаседа Кавказана Россина дуьхьал тIом бо Хонкаро а, ГIирмерчу ханаша а, ГIажарийн паччахьо а. Кхузахь дехачу къаьмнашна хала даьхкина шераш дара уьш, цу заманахь цара зIенаш дIатосу Россица.

IMG_6255

Оццу XVI-чу бIашарахь меттигерчу бахархоша гIо а лоцуш, Теркаца а, Соьлжица а гIаьпнаш ехкира Идал хица а, Россин юккъерчу областашкара а Iедалх бевдда баьхкинчу оьрсаша. Царах гIалагIазакхий олура(гIалара гIазакхий бохучу маьIнехь).

1588–1589-чуй шерашкахь Теркаца йиллина хилла Терке цIе йолу гIала. XVII-чу бIешарахь оцу гIалано билггала меттиг дIалоцуш хилла ГIажарийчоьнан, Къилбаседа Кавказан Россица йолу юкъаметтигаш дIатасарехь. ГIалагIазакхийн ярташ Соьлжа хин аьрру агIор а, Терк хин аьтту агIор а долчу даккъашца хилла. ХIинца Шелковски а, Гуьмсан а районаша дIалаьцна долу латтанаш хилла уьш.  Кегий ярташ  хилла уьш. Оцу ярташкарчу гIалагIазакхашна Теркерчу куьйгалхоша ахчанца, ялтица гIо  деш, уьш шайна гIуллакх дан хIиттийна.

Айдамиров Абузара шен «Хронологии истории Чечено-Ингушетии» балха тIехь билгалдоккху  Оьрза-ГIала 1567-чу шарахь йиллина хилар, Щедрински, цул тIаьхьа ши шо даьлча, 1569-чу шарахь йиллина хилар.

ХIетахьлерчу  Терски, Гребенски гIалагIазакхийн яртийн цIерш цига дуьххьара ваха охьахиъначу стеган цIарах я меттигерчу топонимике хьожжий тохкуш хилла. Масала, Шелковски районерчу Курдюковски станицин цIе эла Черкасски вохош дакъалаьцначу Иванов Курдюкан цIарах тиллина, иштта цхьаццаннан цIарах  техникина кхиерш.

Iаламан бохамаш хуьлий я мостагI тIелетий ярташ йохош меттигаш а нислуш хилла хIетахь. Ишттачохь юрт ша хиллачохь я кхин бегIийла йолчу меттехь юхаюьллуш хилла, ткъа цхьайолу кегий ярташ яккхийчех дIатухуш  хилла.

1653-чу шарахь Иранан эскарш тIелеттачу хенахь оьрсийн дуккха а  ярташ йохийна дIаяьхна хилла, царах 10 юрт меттахIоттоза  йисина.

Кхузахь историн лорах хьаьвсича вайна го Невре, Макан-ГIала, Ишерск станицаш ехкина 370 сов шо хилар, Нохчийчохь оьрсий беха а оццул шераш хилар.

М.РУСЛАНОВ

Авторан сурт

№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: