Неврехь йина а, кхиъна а ю Савельева Зоя. 1961-чу шарахь яьлла иза дуьнен чу. Хан кхаьчча, шен нийсархой санна кхузара №1 йолчу школе деша яхара.
Школа чекхъяьккхинчул т1аьхьа,1978-чу шарахь, Ставрополерчу юртбахаман институте деша яхара. Кхиамца институт чекх а яьккхина, 1984-чу шарахь «Сельхозэнерго» предприяте балха яхара. Цигахь деа шарахь болх бинчул т1аьхьа Неврерчу з1енан цехе дехьа елира иза. Мастер йолуш д1айолаелла йолу Зоя карарчу хенахь оцу цехан хьаькам ю.
– Зоя тхуна массарна йиша, накъост хилла схьайог1уш ю кхуза ша балха х1оьттичахьана а,– боху з1енан оператора Масаева Тамарас.– Дика куьйгалхо а, дика накъост а х1ара хиларх дан тоьшалла а ду тхан. Кхунна цкъа а ца хета цхьа адам гергара, важа хийра. Дика куьйгалхо хиларал сов шега далучу т1ехь хьанна а г1о-накъосталла деш, дийр долуш, дог ц1ена адам ду Зоя.
Институтехь доьшуш йолуш яьллера Зоя ден ц1ера ара. Цхьа к1ант а ву цуьнан, Сергей, иза а шена ваьлла доьзал болуш а, Прохладни г1алахь кабельш ечу заводехь болх беш а ву.
– Суна сайн болх беза а беза, суо х1окху балхах кхета аьлла а хета. Дуьххьара кхуза балха еанчу деношкахь дуьйна а хийтира суна сайна оьшург карийна аьлла, дукхах долчу декъана кхузара бертахь коллектив бахьанехь езалелла суна х1ара меттиг. Кхолламо х1ун кечдина-м ца хаьа могашалла мел лаьтта а, суо х1окху балхахь мел йити а кхечуьнца хийца а я х1ара д1атаса а ойла яц сан, – бохура Зояса.
Р.АРБИЕВ
Авторан сурт
№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо