Эвтарахь доккха маьждиг ду деш

маьждиг

«Дуьнен чохь маьждиг диначунна Ялсаманехь цIа дугIур ду Ша» – аьлла Дала, – бохуш, дуьйцу Iеламнаха. Цара дийцарехьа –   Далла Iамалъян  маьждиган гIишло еш хьостам беллачунна а, йоккха ял хир ю. Бусалба стагана Дала дина дика ду, Шена Iамалъян таро ялар. Ткъа, иза маьждиг чохь яр кхин а деза ду.

Карарчу хенахь Шелан районерчу Эвтарахь а  деш доккха маьждиг ду. Кху деношкахь тхо хилира и белхаш дIахьочохь. ХIокху шеран февраль баттахь ян йолийна маьждиган гIишло. Цу балхана кечамаш 2014-чу шеран октябрехь дуьйна бинера. ГIишло ян лерина йолу меттиг нехех а, коьллех а дIацIанъеш гIуллакхаш дира белхалоша. Делан гергарчу эвлаяан Митаев Бамат-Гири-Хьаьжин цIарах хир долуш ду маьждиг. Эвтарахь иза дIавоьллина зерат а ду, вайн республикера  а, луларчу регионашкара а бусалба нах  оьху цига.

«Лаьтта бухахь чоьнаш а йолуш, ши гIат долуш хир ду хIара маьждиг. Мрамор а, кхидолу мехала тIулгаш а ду кху маьждигна дохкуш. ХIара гIишло еш йолу майда 1822 кв. метр ю. Пхи эзар стагна меттиг хир ю кху чохь ламаз дан. Ткъа Эвтарахь вехаш верриге а ткъа эзар стаг ду» –  дуьйцу, гIишлошъяран участкан хьаькама Эльгириев Заурбека. Иштта цо билгалдаьккхира, цигахь белхаш беш болу «Строймечеть» цIе йолчу гIишлошъяран компанин белхахой шайн белхан зеделларг долуш хилар.

Вайн республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах долу Соьлжа-ГIалара «Нохчийчоьнан дог» маьждиг деш а дакъалоцуш хилла ву Заурбек. Гуьмсера доккха маьждиг дечохь а хилла иза болх беш. Шен балхах дика кхеташ ву иза.

Карарчу хенахь Бамат-Гири-Хьаьжин цIарах  долчу  маьждигехь белхаш беш сварщикаш, арматурщикаш, экъа латош берш, иштта кхиболу а говзанчаш бу. Монолит олу тIулг латош бу туркой, узбекаш. Нохчийн бригадаш а ю цигахь маьждигна юкъара пенаш дуттуш, Ток ялош  «Югэлектромонтажер» ООО-н электрикаш бу, Гулаев Лом-Iела куьйгаллехь а волуш. Уьш берриге а дика ларош бу шайна хьалха лаьттачу декхаршца. Цара дийцарехь, маьждиг хIокху шеран чаккхенехь дина дер долуш ду.

 

МАТАГОВ Исхан

Авторан сурт

№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: