КаIбатан неIарш схьайиллира Кадыров Рамзанан дехарца

Сийлахь КаIбат. Массо а бусалба стаг ву-кх хьо ган лууш, хьуна куьг хьаькхна, хьо хьаста хьаьгна, хьан неIарехь шен дог цIандеш бIаьрхиш лиэшо сатесна. КаIбатах бIаьрг кхетча хIора бусалба стеган дог цхьа тамашийна тохало, кху дуьненан хIуманашца йоьзна  йоцу, йогIуш  йоцу  ойланаш кхоллало. Маттаца  йийцалур а йоцуш. Цул еза а, сийлахь а меттиг яц дуьнен чохь.

foto

Оцу ниIматах ирс эца  аьтто белира Рамадан беттан фарз марханаш чекхдевллачу Iийда  деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан ненан Кадырова Айманин а,  цуьнан (Айманин) йоIарийн  Зарганан а, Зулайн а, Рамзанан хIусамненан Мединин а, йоьIан Хадижатан а. Цаьрца цхьаьна вара иштта Нохчийчоьнан  муфти Межиев Салахь, Россин Пачхьалкхан Думин  депутат Делимханов Адам, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун хьехамча Шахидов Адам, сенатор Сабсаби Зияд, правительствон  вице-премьер Хакимов Хьасан – верриге а 20 стаг.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дехар кхочуш а деш СаIудийн Аравин паччахьа Салман ибн Iабдул-Iазиз Аль СаIуда пурба  делира КаIбатан неIарш схьаелла, оцу Сийлахьчу  хIусаме Рамзан а, цуьнца цхьаьна берш а бахийта, цу чохь Iамалшъяйта.

Цул масех де хьалха Iумрат дан нийят динера Р.Кадыровс. ХIетахь  цо СаIудийн Iаравин паччахьан кIанте, оцу мехкан оборонан министре  Мохьаммад бен Салмане дехар дира шен ненан Кадырова Айманин дуьхьа, цуьнан лерам беш сийлахьчу КаIбатан  неIарш схьаелла алий хьайн дега  дехар дахьара  ахь аьлла. «Ас оборонан министре дийхира сайн хьомечу ненан Несин Айманин дуьхьа  Сийлахьчу КаIбатан неIарш схьаеллар а, цу  чу  даха бакъо ялар а  хьайн дега, паччахье Салман ибн Iабдул-Iазиз Аль СаIуде дехахьара ахь аьлла… Цо сан дехар кхочуш а дира», – бохура Кадыров Рамзана.

Цо Мохьаммад бен Салманна даггара баркалла, Дела резахуьлда элира шен дехар кхочушдарна. Юха билгалдаьккхира КаIбата чу  ваха массо а бусалба стаг сатесна хилар. «Iумрат диначеран а, дерриге а Нохчийн Республикин  халкъан а цIарах ас даггара баркалла, Дела реза хуьлда боху СаIудийн Аравин паччахьна а, сайн хьомечу вешина Мохьаммад бен Салманна а цара динчу дикачу гIуллакхана, цара соьца гIиллакх лацарна. Бусалбанна Сийлахьчу КаIбате вахарал деза совгIат хила йиш яц, цул боккха сатийсам а хуьлийла дац», – элира Кадыров Рамзана.

КаIбата чохь Iамалш йинчул тIаьхьа, тIаваф а, сайIу а дина, Нуьречу Мединате бахара вайн республикин Куьйгалхо хьалха волу хьаьжой. Цигахь Мухьаммад Пайхамаран ровзатехь а, асхьабийн кешнашкахь а хилира. Цара массанхьа  а доIанаш дира нохчийн халкъах къинхетам бар, Нохчийчохь машар, барт, беркат  хилийтар доьхуш.

SANYO DIGITAL CAMERA

Маккахь волчу хенахь Кадыров Рамзанан мехала цхьаьнакхетарш хилира СаIудийн Аравин оборонан министраца  Мохьаммад бен Салманца, паччахьан гуонерчу даржашкарчу кхечу нахаца. Цара схьахаийтира шаьш Нохчийчоьнца политикин, экономикин, культурин, динан юкъаметтигаш лелон лууш хилар, герггарчу хенахь вайн республике кхача лерина хилар.

Шеко йоццуш вайн махкана а, дерриге а халкъана а беркате хир ду Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Кадырова Аймани а, цаьрца хилла накъостий а Сийлахьчу КаIбатехь хиларх. Дала къобалдойла церан Iумрат а, зерат а.

Д.АНАДЕВ  

 № 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: