Кху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира республикин правительствон декъашхошца. Кхеташо дIайолош Р.Кадыровс билгалдаьккхира Нохчийчоь дуьненахь а лоруш регион хилар. Цунна тоьшалла далош дийцира дIадаханчу мукъачу деношкахь езачу КаIбатан неIарш Кадырова Айманин лерамна схьаелларх лаьцна.
– Вайна дика дагайогIу Хьаьжц1а даха сатуьйсуш вай лелла хенаш. Цул тIаьхьа дуккха а хIуманаш хийца а делла. Россин Федерацин куьйгалла бахьана долуш паргIат бусалба дин лело а, езачу меттигашка эха а аьттонаш хуьлу вайн, – бохура цо.
Республикин Куьйгалхочо дицарехь регионан кхиаран болар лаха ца далийта хIорамма а шайн белхан декхарш дика кхочушдан деза.
– Цхьа а шеко йоцуш республика кхиар цуьнан дуьхьа къахьоьгуш болчу говзанчех доьзна ду. Кегийрхой балха хIитторца боьзна болу белхаш кхачам боллуш дIахьош бац. Пенсионерашкара зеделларг схьэца деза, къона говзанчаш кечбан беза, – элира цо.
Республикин куьйгаллин белхан жамIаш деш Р.Кадыровс дIахаийтира ша цхьайолчу министерствоша бечу белхашна реза цахилар. Царна тIедиллира белхаш жигарабахар, тобар.
– МоттаргIанаш а ца лелош. халкъан дуьхьа къахьега дезаш ду вай. Нохчийн Республикин могашалла Iалашъяран министерствон, къинхьегаман, нах балха нисбаран, социальни кхиоран а министерствон а, туризман а, спортан а министерствон, дешаран а, Iилманан министерствон болх чIогIа ледара бу. Къаьсттина къахьега дезаш меттигаш ю уьш, – бохура Р.Кадыровс.
Кхеташо дахьош тидамза ца йисира нохчийн къоман культура а гIиллакх-оьздангалла а. Регионан Куьйгалхочо билгал ма-даккхара зуда ялорца доьзна долу Iадаташ, гIиллакхаш лардеш дац. Вайн гIиллакхашца догIуш доцу дукха хIуманаш юкъадало гIерта цхьаберш. И агIо а тидамехь латто езаш хилар дIахаийтира республикин Куьйгалхочо.
Цхьаьнакхетар дерзош Р.Кадыровс бигалдаьккхира массара а цхьаьна къахьега дезаш хилар. ТIедиллира йоццачу ханна ледарлонаш дIаяхар.
Р.АБДУЛМУСЛИМОВ
№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо
