Вайн а хир бу вешан стоьмаш

ХIокху деношкахь «Нохчийчоьнан бошмаш» ООО-хь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо

Аргунера Гуьмсе воьдуш, Жалкха хина тIех ма-велли, некъана дехьа-сехьа хаза кхуьуш йолчу стоьмийн бошмийн терго яза стаг дукха хир вац. БIаьрг белош ду хаза кхиъначу къоначу дитташа тIехь алссамчу барамехь латийна стом гар. Дукха хан йоццуш кхузахь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан. Цуьнца цхьаьна вара Нохчийн Республикин Правительствон Председатель Эдельгериев Абубакар а.

Ерриге а 500 гектар майданахь бошмаш ю кхузахь кхиош. Царех 80 гектар майданахь синтарш кхиадо, 60 гектар зерийн белхаш барна лерина ю. Мехала ду «Нохчийчоьнан бошмаш» ООО-хь 150 стагана белхан меттиг хилар а.

«Нохчийчоьнан бошмаш» юкъараллин белхан мах хадош, Р.Кадыровс билгалдаьккхира, дозанал арахьара чукхоьхьуш хиллачу кхачанан сурсатийн меттана вешан сурсаташ кхио дезаш  хиларан хьокъехь Россин Президентан тIедахкарш кхочушдар маьIне хилар. Оцу декъехь билггал болх бо хIокху юкъараллехь. Республикин Куьйгалхочунна кхузара хьал довзуьйтуш, А.Эдельгериевс хаийтира кхушара стоьмийн кхиар дика хирг хиларх шаьш тешна хилар. Карарчу хенахь кхоазлагIа дIахьош ду Iежаш, туьркаш, баьллаш, шапталш, хьечаш схьагулдар. Бахархойн шайга чIогIа хьашт долуш ду кхузахь дохка кхиош долу стоьмийн синтарш. Уьш дика дIаоьцу ГIирмин, Дагестанан, Нохчийчоьнан бахамаша. А.Эдельгериевс иштта хаийтира «Нохчийчоьнан бошмаш» юкъараллин сурсаташ цхьацца Iаьрбийн мехкашка дахьаран некъаш лоьхуш хилар а.

Шарахь предприятис бахархошна духку 250 эзар синтар а, 200 тонна стоьмаш а, цуьнан Iалашонашкахь ду и терахьаш дикка лакха дахар. Вуьшта аьлча, шарахь 1 миллион синтар а, 10 эзар тонна стоьмаш а кхиоре кхача дагахь бу кхузахь.

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела дийцира карарчу хенахь БIачи-Юьртахь «Фруттис групп» ООО схьаелларна лерина кхочушъеш инверстицин керла проект хиларан хьокъехь а. 300 гектар майданахь бошмаш лелор ю цуьнан Iалашо.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна хетарш тидаме а оьцуш, «Нохчийчоьнан бошмаш» ООО-но кхин а жигара доккхур ду бахархойн стоьмашка долу хьашташ кхочушдаран декъехь болх бар.

Хь.АБАЕВ

 № 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: