Цхьа-ши дош…

Хонкаран къилбаседехь теракт йина. Оцу бохамехь 31 стаг кхелхина, бIе  гергга стагана чевнаш  хилла. Теракт йинарг ша а иккхина.

***

Пакистанан къилбаседа-малхбузехь чIогIа догIанаш даьхкинчул тIаьхьа хиш дистина, ярташка хьаьвдира. Цигахь лаххара а ткъа стаг кхелхина, дуккха а бахархойн цIенош дохийна.

***

Ла-Манша бухахь йолчу туннелехула  цIерпошташ а, кхийолу транспорт а дIасалелар галдаьлла Францерчу морякаша юха а забастовка яр а, некъаш дIакъовлар а бахьана долуш.

***

Великобританин финансийн министра дийцарехь мехкан бюджет кхин а 20 миллиард фунтана лахъян герга ду.

***

2020-гIа шо кхачале тIеман-хIордан 50 кеманна модернизаци ян (царна тIе ракеташна  дуьхьало яран гIирсаш а хIиттош) дагахь ду США-н  эскаран куьйгалла.

***

Мексикан пачхьенехь Мехикохь вовшахлетта таксисташ. Цара вовшийн машенаш ягийна. Таксисташна юкъахь чIогIа лазийнарш а бу.

***

США-ца цхьаьнагIуллакхаш даран хьокъехь 1993-чу шарахь бинчу барта юккъера дIаяьлла ГIиргIизийчоь. Цу хьокъехь оцу мехкан куьйгалло хаам  бина масех де хьалха.

***

Таджикистанехь токхамаш хилла. Iаламан бохамехь вархI стаг кхелхина, пхи стаг вайна. Царах хилларг цкъачунна хууш дац.

***

Минскехь контактни тобанан дакъалацархойн барт хилла Украинан Iедалан а, ДНР-н а, ЛНР-н а танкаш а, даккхий герзаш а (100 мм. калибр ерш) тIеман зилера юхадаха. Шен герзаш хIинцале юхадаьхна Донбасан куьйгалло.

***

Украинан Iедалан эскарша даккхий герзаш диттина Горловке. Иттаннаш цIенош дохийна.

***

Россин ФСБ-н белхахоша схьалаьцна Евросоюзан мехкашкара а, Украинера а герзаш вайн махка схьакхоьхьуш, духкуш  йолу зуламхойн тоба. Цуьнгара схьадаьккхина бIе сов герз.

***

Россин Премьер-министра Д.Медведевс ша Новосибирскехь волуш медицинин инновацица доьзна гIуллакхаш дийцаре дарна лерина кхеташо дIаяьхьира.

№ 81, еара, 23 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: