Цул хьалха цхьа бога а…
ЦIеххьана чIогIа чуо а хьовзийна, вадийна больнице валийна БаIис.
Кхуьнга хьожуш волчу лоьро хаьттина:
– ХIун йиънера ахь?
– Хьаьмцаш биънера.
– Дукха биънера ахь уьш.
– Цхьа бога биънера-кх.
– Вай, меца чоьнна тIе биънера ахь уьш?
– Ца биънера дера. Цул хьалха кхин цхьа бога а биънера-кх.
Бохучунна тIера ца волуш…
Лер-алар хилча, Къуддуза легаш а лаьцна пенах дIатаIийна БаIис. Хьала а гIоьртина
БаIис, охьа а гIоьртина, дIаса а гIоьртина, амма цуьнан карара ца вала велла.
ТIаккха, гIаддайначу БаIиса элира боху:
– Къуддуз! Ницкъ-м Дала белларг бен хир бац. Амма айса бохучунна тIера ца волуш,
хIокху пенах чекхвер ву-кх со!
Хьуна хIун хаьа?
Говрана харцахьа тIехиъна Iаш волчу БаIисах бIаьрг а кхетта, Iаббаза аьлла:
– ДоттагIа, хьо тIехьа а вирзина ма хиъна говра?
– ДIавалахь дIа, хьуна хIун хаьа со муьлхачу агIор ваха воллу, – дерзийна беречо.
Зорбане кечдинарг – С.ХАСАНОВ
№ 82, шот, 25 июль, 2015 шо