Бераш лардаран дуьненаюкъарчу денца вайн бераш декъалдеш, журналан агIонаш дIайолайо бIаьстенан зезагаш санна къегина, хаза, самукъане долчу берийн суьрташа.
Даймахке, нене болу шайн безам бовзуьйту «Берийн кхолларалла» рубрикехь йолчу дешархойн байташа.
Хазахеташ доьшур долуш ду дешархоша Ильясова Исимин «Тамарин доттагI» дийцар а.
Мумаидов Мохьмадан «Ма гIерта берда йисте…» нохчийн ширачу дийцаро хьоьху: «Хьайга аьлларг де. Ма хила сонта. Мацахлераниг санна, сан коча вогIур ву хьо! Бераша, шайна хьехар дича, сонта кураллаш ян мегар дац…, иштта лелаш верг цкъа мацца а шена а, нахана а бале волу…»
«Борззий, дIамий» халкъан туьйранехь дIамас барзана бина тешнабехк бевзар бу.
Къоначу дешархойн тидамза юьсур яц Хаджимурадов Шемалан «Зингат» а, Макалов Шамсуддинан «Баппаш» а байташ.
Коьртара и кура куй,
Хьовсийша, ма товш бу и!
Хьажар ду – къонахчун суй –
Бацалахь лепачу тхих…
Иштта дешнаш юкъахь долуш, Кагерманов Доккас берашка язбина «Мохьмад-Хьабибе дош» кхайкхам дагах ца кхеташ биса йиш яц.
«Караде дешнаш…» рубрикера материалаш хьехархоша шайх пайда оьцур болуш ю.
Кхин масех рубрикехь долу дийцарш бераша хазахетарца доьшур долуш ду.
Ахмадов Мусан «Хаар-зер» кроссвордехь шайн хаарш зен йиш ю берийн.
Л.ДАУТОВА
№82, шот, 25 июль, 2015 шо