Берашна – мехала совгIат

Стаг шен меттехь хиларо хаздой, серладоккху хIара дуьне. Царах цхьаъ ву «Къоначу хьовсархойн театран» директор Сагаев  Муса. Пхийтта шо гергга зама ю  цо Нохчийн Республикин культурин хьаьттахь хьанал къахьоьгу. ХIинца-м, болх дукха дика барна цунна «Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо» сийлахь цIе елла.

IMG-20150721-WA0022

Ткъа 2000-чу шеран юьххьехь иза  болх бан дIаволалуш хьанна дагахь дара цу кхиаман лакхене жима стаг кхочур ву бохург. Делахь а, халкъан а, мехкан а зовкх кхиа лааро, кIадвалар, гIелвалар дага ца доуьйтуш, доггах къахьега ницкъ лора  цунна цу муьрехь. Къоман кханенах теша лаар, цуьнан хиндолчух дегайовхо кхабар  дара гIортор хилла лаьтташ.  Бакъду, къизачу тIамо хIаллакйина гIала иштта сиха меттах1уттур ю аьлла цхьанна а дагахь дацара.  Пхи шо ду Сагаев Муса тайнигийн театран директоран даржехь болх беш волу. Iаламат халчу хьелашкахь болх беш бара хIорш юьхьанца. Йохийнера кхеран хилла гIишло. Нохчийн Республикин кинематографин урхаллин тхов кIела цкъачунна дIатаръелла, хене йолуш яра «къоначу хьовсархойн театр». Театран шен долахь гIишло ца хиларо  халонаш алсамйохура. ХIетте а кхара дика спектаклаш хIиттайора, кест-кеста хIорш гастролашка а боьлхура. Керлачу спектаклашца, кхечу гIаланашкара тайнигийн театраш хьошалгIа а кхойкхура. Берийн чIогIа самукъадолура и тайпа цхьаьнакхетарш нисделча. Амма хьовсархойн йоккха зал ца хиларо иэшам бора тIекхуьу чкъор кхетош-кхиорна. БIе бер  ца хоьара, театро цкъачунна йинчу хьовсархойн зала чу. Ткъа спектакле хьовса луурш дукха хуьлура. Къаьсттина алсам довлура тайнигин театре дахка луу бераш каникулашкахь. Театран таронийн  кIорггера ойла а йина, Сагаев Мусас, белхан накъосташца цхьаьна хьекъале сацам тIеийцира: керла гIишло лаха. Иза гIали юккъехь хила езаш яра, берашна тIедахка атта хилийта.  Эххар а карийра  оьшу гIишло, Соьлжа-ГIалин №9 йолчу больницана уллохь. Бакъду, тIехь онда пхьола оьшуш яра и. Берашна совгIат дан лууш йолу театран тоба юха ца елира. Царна ахча карийра, белхан куьйгаш карийра гIишло битаме яло. Масех бутт балале ца евззарг хилла дIахIоьттира иза. Август баттахь вайн махкара бераш тIеэца керлачу гIишлонан наьIарш схьайоьллур ю  «Къоначу хьовсархойн театро». Таханлера бераш, къоман кхане хиларх  дика кхеташ волчу Сагаев Мусас дукха къахьегна вайн къоначу махкахошна и деза совгIат дан. Дала тIаьхье беркате йойла оцу мехалчу гIуллакхан. Къона тIаьхье кхетош-кхиорехь  маьIне гIулч ю  тайнигийн театр керлачу гIишлочу ерзар. Дешаран  шо дIадоладалале бераш марзо эца кхиа декхар ду шайна динчу совгIатах.

 

А.ДАЧАЕВА

№82, шот, 25 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: