Гуьйренан аренашкахь

sssss 195Агротехникин лехамашна жоп луш
Хьалха а билгалдаьккхина ма-хиллара, кху шарахь Нохчийчоьнан агропромышленни комплексах къамел хьакхаделча кест-кеста пайдаэца безаш хуьлу «дуьххьара» бохучу дашах.
ТIаьхьарчу иттех шарахь дуьххьара хенал хьалха чекхдаьккхира, масала, бIаьстенан хIу дIадер, дIаяханчу аьхка 200 эзар тонна гергга кенан буьртиган ялташ гулдира, алссам шекаран аьргалла гулъярехьа къийсам латтош бу хIокху деношкахь вайн латталелорхой. Ткъех шарахь ца хиллачу кепара лакхарчу боларшца дIахьош ду хиндолчу буьртиган ялтина ондда бух биллар.
Аьлларг тIечIагIдо дуьххьалдIа хIокху цхьана терахьо: аренашкахь тахана гIуллакх деш ю 255 хIутосург. Лаккхарчу эвсараллица пайдаоьцу оцу техниках латталелорхоша. Цунна тоьшалла ду дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича, 8-чу ноябрана болчу хаамашца берхIитта эзар гектарал сов йолчу майданашкахь алсам гуьйренан хIу дIадийна хилар, оцу денна гуьйренан ялташ дIадийначу майданийн барам 80,8 эзар гектаре дIа а кхачош (дIадаханчу шарахь оцу муьрана 62,5 эзар гектара тIехь бен ца дийнера хIу). Аьлча а, хьалхахIоттийна хилла декхар кхиамца кхочушдархьама бухайисинарг бархI эзар гектар бен яц.
Нагахь вайн агропромышленни комплексехь хIокху гурахь аьхнарг I00 эзар гектарал сов латта хилар а, хIу деран белхаш тIеттIа жигарабовлуш хилар а хьесапе эцча, кхеташ хуьлу латталелорхой шайна билгалдина хиллачу дозанашна тIехь совца дагахь цахилар. Иштта хетар ларамаза а дац. Говзанчаша чIагIдарехь, вайн Iаламан хьелаша таро хуьлуьйту иза дан, гуьйренан ялтийн хьекъарна вуочу агIор Iаткъам а ца беш. Дикачу хьолехь долуш Iаьнна кIел а доьлху уьш.
– Хиндолчу ялтийн майданаш цхьа бIе эзар гектарал алсамъяха дагахь бу республикин латталелорхой, – хаамбо юьртан бахаман министерствон стоьмаш-хасстоьмашлелоран, химизацин, ораматаш ларъяран отделан куьйгалхочо Вараев Мансура. – Иза дан ерриге а таронаш йолуш ю: хIора бахамехь лаккхарчу эвсараллица гIуллакх деш йолу техника, вай ваьш кхиийна тоьллачу сортех долу хIу, адамийн лаам. Билгалйинчу Iалашоне кхачарна оьшуш дерг цхьаъ ду – карарчу хенахь санна, йочанаш йоцуш денош латтар. Царах доьзна хир ду дерриге а.
Арахь болх бан йолчу таронех буьззина пайда а оьцуш, алссамчу майданашка хIу кхачо латталелорхойн ондда лаам хилар гойту теркахойн хIокху масало а. Шайна хIоттийна хиллачу декхарал (5400 гектар) алсам цхьа эзар гектара тIехь гуьйренан хIу дIадийна цигарчу бахамашкахь. Я белхан боларш лахдан дагахь болчух тера а дац уьш: хIора дийнахь цигахь гIуллакх деш ю 23 хIутосург – Висаитовн цIарахчу а, «Минеральный» а бахамашкахь кхоккха агрегат, вукху бархI бахамехь шишша хIутосург. Изза ала догIу 4751 гектара тIехь хIу дIадийна бевллачу гуьмсахойх а (хIоттийна декхар 4350 гектар). Районерчу исс бахамехь тахана а дIахьош бу и белхаш, гIуллакх дарна 15 агрегат юкъа а ялош.
Шайн декхар кхочушдарна герга бу тIехьамартанхой а, шелковчанаш а. Хьалхарчохь хIу дIаден йисинарг 200 гектар гергга бен яц, ткъа шолгIачохь – 300 гектарал жимма алсам.
ДIадаханчу шарца дуьстича, белхан боларш дикка лакхара делахь а, гуьйренан хIу деран гайтамаш мелла а лахара хиларца билгалбевлла тахана Хьалха-Мартан, Грозненски, Шелан, Курчалойн районашкара латталелорхой. И хьал нисдарна тIехьажийна гIуллакх деш бу хIора бахамехь. Буьззинчу барамехь пайдаоьцу шайн цигахь йолуш йолчу ерриге а техниках, эвсараллица пайдаоьцу тIеттIа дацлуш доьлхуш долчу денойх. Масала, берхIитта хIутосург юкъаялийна балхана хьалхамартанхоша: районерчу берриге а бархI бахамехь хIу дуьйш йолчу цара хIора дийнахь тIехкхочушйо дийнан нормаш. Грозненски районерчу пхийтта бахамехь гIуллакх деш ю 27 агрегат.
Хьалха а дийцина ма-хиллара, цхьамогIа районашкахь боккха тидам тIебохуьйту хIокху гурахь Iаьржа кIа а, рапс а кхиоран гIуллакхна. Царалахь уггаре а хьалха билгалъяккха йогIу Невран район. 840 гектара тIехь дIадийна цигарчу бахамашкахь кIа. Ткъа рапс кхуьур ю 1088 гектар майданахь. Шелковчанаша Iаьржа кIа кхиорна къастийна 885 гектар, ялх бIе гектар гергга майданаш дIалаьцна рапсо. Теркахойн аренашкахь 721 гектара тIехь кхуьур ю даьттанан и культура.
Тидам тIебохуьйтуш ду кхин цхьа гIуллакх а – хIокху гурахь лерина терго латтайо латталелорхоша белхан дикаллина тIехь, дIаса ца таьIIаш кхочушбо агротехникин лехамаш. Иза дарца ялтийн хьекъар лакхадаккхарна ондда бух буьллу.
Л.МАГОМАЕВ

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

1 комментари йазйина хIокху “Гуьйренан аренашкахь” йаздарна бухахь

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: