ХIокху деношкахь Владикавказ гIалахь дIаяьхьира Ерригроссин 5-гIа греко-римски охьатохархлатарехула кхиазхойн спортан ловзарийн фестиваль.
Вайн спортсменаша цигахь командашна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира.
Къийсадаларш дIадаьхьира деа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь толам баккхарца вайн махкахойх билгалбевлира: Забаев Ислам (42 кг.) – ДЮСШ №7, Исаев Турпал (54 кг.) – ДЮСШ №3, Арсанукаев Ражаб (63 кг.) – ДЮСШ №3, Хаджиев Мохьмад (120 кг.) – Грозненски районерчу Пролетарски юьртан ДЮСШ.
Доккха баркалла ала лаьа вайн спортсменаш оцу фестивале кечбинчу тренершна А.Магомадовна, Р.Абиевна, С.Вежевна, М.Мутаевна.
З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт
№82, шот, 25 июль, 2015 шо