Кегийрхойн политикин хьаьрмахь болх бан Iемаш ю

Дикахета вайн республикехь дешарца а, цIахь а ларош, шайх масал эца хьакъ долу къона тIаьхье кхуьуш. Царах цхьаъ ю Герасиева Амина. Вайн махкахь хала хенаш яьхкича, церан доьзал Ростовн областерчу Просковейске (к1отар) д1абахара. Циггахь яхара иза 1-чу классе деша. Аминас 4-гIа класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, Нохчийчу цIабирзира церан доьзал.

IMG-20150721-WA0008

Шайн дай баьхначу махка шаьш цIакхачарх дозалла дора цо. Соьлжа-ГIалин Октябрьски районехь баха хевшира уьш. Цигахь 5-чу классе деша яхара. Школехь дика доьшура цо. Къаьсттина литература йоьшуш самукъадолура йоьIан. 9 класс чекх а яьккхина, Серноводски аграрни колледже деша яхара Амина. Цигахь дешна яьллачул тIаьхьа, Кхузаманан Гуманитарни Академин правоведенин факультетан заочни отделени деша хIоьттира. ХIокху шарахь цигахь дешна йолуш  ю.

Нохчийн Республикин Кегийрхойн парламентана юкъа яхар цIеххьана нисделира Аминин. Телевизор чухула кегийрхойн тайп-тайпанчу организацех а, цара бечу балхах а лаьцна дуьйцуш лерина ладугIура цо. ТIаккха цо а сатосура кегийрхойн цхьана тобанан жигархо хила. Цхьана дийнахь Аминин вешица цаьрга веанчу накъоста цу парламентах дуьйцуш хезира цунна. И кIант цу юкъахь хилар а хиира йоIана. Иштта, хIорш къамеле бевлича, йоьIан цу юкъа яха лаам хилар хиъначу цуьнан вешин накъоста кхайкхира цуьнга цига. 2012-чу шарахь, Амина Кегийрхойн парламентан балхахь дакъалаца йолаелира. Цига яханчу хьалхарчу дийнахь дуьйна дикачу агIор гайтира цо ша. Шена тIедехкинчу декхаршца иза дика ларош хиларна, дукха хан ялале депутат хаьржира иза.

«3 шо гергга хан ю Кегийрхойн парламентана со юкъа яахна. И бахьана долуш  дуккха а дика г1уллакхаш дарехь дакъалаца аьтто хилла сан, дуккха а кегийрхой а бевзина. Уггаре а коьртаниг – Кегийрхойн политикин хьаьрмахь болх бан Iемина суна. Тхан белхан коьрта Iалашо вайн республикерчу кегийрхойн жигаралла лакхаяккхар, уьш республикехь хуьлучу хиламашна юкъаозор ю – дийцира Аминас.

Карарчу хенахь  парламентан хаамийн-аналитикин комитетан председатель ю иза. Лаьа, тIейогIучу хенахь а Кегийрхойн политика йовзарехь, Iаморехь Аминас къахьоьгийла а, вайн халкъана, махкана иза пайдехь хуьлийла а.

 

З.ЛОРСАНОВА

Авторан сурт

№82, шот, 25 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: