Марисултанов Iела… Нохчийн къоман театран цхьа сирла агIо. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран чаккхенехь дукха хьовсархой бара леррина Iелас дакъалоцу спектакль ган лууш театре богIуш. Цуьнан шовкъе амал, сцени тIехь товш долу куц-кеп, нуьцкъала аз, муьлхха а васт говза, «чомехь» кхолла хаар дара цуьнга хьовсархойн безам бахийтинарг. Ткъех шарахь гергга нохчийн къоман театрехь тоьлла актер ларалуш вара и похIме стаг. Цо ловзийна хIора роль къаьсттина шех дийца хьакъ долуш ю. Цуьнан ловзаран башхалла театр езархойн дегнашкахь йисина, заманан йохалла нур ца довш.
Шен дукхах болу нийсархой санна, генарчу Казахстанехь дуьнен чу ваьлла Марисултанов Iела 1956-чу шеран июль беттан 6-чу дийнахь. Тургень Энбекши поселок яра иза, Алматински областана юкъайогIуш. Бакъду, кIант кога вахана валале, 1944-чу шарахь Сталинан хьадалчаша махках баьхначу вайнахана, 1957-чу шарахь цIаберза бакъо елира. Цунах пайдаэцна Iелин да ИбрахIим, катоьххана, шен ворхIе да ваьхначу Хьалха-МартантIе цIавирзира. Хьалха-МартантIехь вахара Iела №7 йолчу юккъерчу школе деша. Лакхарчу классашкахь доьшуш волуш евзира цунна нохчийн къоман театр. Дуьххьара спектакль гарца кхоллабелира цуьнга безам, дахаран йисинчу массо а ханна. 1973-чу шарахь кхиамца юккъера школа чекхйоккхий, ойланашка вийлар доцуш, балха дIахIотта йолчу Iалашонца театре вогIу иза. Нохчийн мотт, оьрсийн мотт дика хаьара вуьрхIийтта шо кхаьчначу жимачу стагана. Шина маттахь байташ йоьшура, «чу са диллина», музыкальни лерса дара. Баккъал а актер хила болчу лаамца хIара вогуш гича, цу муьрехь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драматически театран коьрта режиссер волчу Солцаев Мималта балха дIаийцира Марисултанов Iела. ДIаэцарал совнаха, балха дIахIоьттина бутт балале, ша хIоттош йолчу «Асланбек Шерипов» спектакла юккъе валийра, воккхачу стеган васт кхоллар тIедиллина. Къоначу актеран а, цо васт кхуллучу турпалхочун а хенан башхалла кхузткъа шаре кхочуш яра. Делахь а и болх дукха шена безарна, сцени тIехь дуьххьара гIулчаш йоху къона актер дика ларийра шена тIедехкинчу декхаршца. Воккхачу стеган роль яра цуьнга режиссера Хакишев Руслана 1976-чу шарахь хIоттийначу «Яхь йолу кIентий» спектаклехь кховдийнарг а. Актер воьллера цу амплуах, сцени тIехь леларца, духарца, паргIат дечу къамелаца, алсам дика-вуо дайна, заманах чекххьоьжуш хеталучу бIаьргашца воккха стаг тарлора актер спектаклан хьовсархошна. Цуьнан лаккхарчу тIегIанехь йолу корматалла яра и ойла кхуллушъерг. Хьалхарчу ролашкахь дуьйна гуш дара нохчийн къоман театрехь иза ларамаза сцени тIе нисвелла хьаша ца хилар. «Ричард-3» спектаклехь цо кхоьллинчу васто тIечIагIдора актеран таронаш шуьйра, нуьцкъала хилар. Амма шо-шаре далале цуьнан эскарехь гIуллакх дан ваха дийзира. ТIаккха, цигара цIавирзича, Воронеже театральни институте деша вахара иза. А.К.Дундуков вара институтехь къоначу актерана говзалла хьехнарг. Говзалла караерзорал совнаха цигахь доьшучу муьрехь жимчу стага Iаламат дукха литература ешна. Нохчийн, оьрсийн, дуьненан. Цо Iамийна театран истори, цуьнца цхьаьна евзина театран чолхечу дахаран къайленаш, ешна дуккха а драматически говзарш. 1986-чу шарахь дара Воронежерчу театральни институтехь дешна яьлла кегийрхойн тоба Соьлжа-ГIала цIаеача. Нохчийн къоман театро зазадаьккхина мур бу иза. Къилбаседа Кавказехь евзина ца Iаш, советийн союзехь тоьллачу итт театрана юкъахь лераме меттиг дIалоцуш яра вайнехан театр. Малхбузерчу Европин пьесаш хIитторехь цIе яххана говзанча ларалуш волу театран коьрта режиссер Солцаев Мималт «БIешерийн боданера» цIе йолу спектакль хIотто кечлуш вара. ГIараваьлла вевзачу гIалгIайн яздархочо Базоркин Идриса язйина изза цIе йолу роман яра спектаклан бухе йиллинарг. Коьрта роль Марисултанов Iелига кховдийнера. Калой яра хIинца цо васт кхолла дезачу турпалхочун цIе. Цу заманахь Калой массарна дика вевзаш турпалхо вара. Хетарехь кIезиг нах хир бара вайн махкахь «БIешерийн боданера» роман ешаза. Цундела дукхах болчеран садуура, цу муьрехь дегIана мелла эгIаза волчу Марисултанов Iелига и роль кховдоро. Роман ешначеран кхетамехь Калой дегIана лекха, нуьцкъалчу амалехь турпалхо вара. Изза ойла хиллера романан авторан Базоркин Идрисан сагатдеш а. Иза леррина репетици веана хиллера, къастийначу актерана ша реза цахилар режиссере дIахаийтинера. Делахь а, дуьнене шен хьежам болуш, актерийн таронаш тIех дика евзаш волчу Солцаев Мималта, цкъа ша къастийначу актерехь йитира роль. Авторна хетачунна тIе тевжина, шен лаамтIера ца волуш. ТIекхечира премьера йолу де. Цхьа бутт хьалха доьхкина девллера билеташ. Амма нохчийн къоман театрана хьалха йолу майда, сийсош яра гулделлачу адамаша. Цул тIаьхьа, я хьалха цкъа а хилла дацара и тайпа сурт, нохчийн къоман театрана хьалха. Массарна лаьара кхин цкъа а Калойн, Зорин ховхачу безамах марзо эца. Делахь а, гулделла дерриге а адамаш чутарлойла дацара. Дуьйцачух кхета ца луучу хьовсархоша театран наьIарш кегъян йолийра. ТIаккха театран администрацин белхахойн, ца бевллачу денца, милици кхайкха дийзира. Ткъа хьалххе билеташ эцна спектакле кхаьчнарш-м Iаламат ирсе бара. Дика хIоттийна спектакль яра иза. Марисултанов Iелин говзалла, хьуьнар тоьира хьовсархойн кхетамехь ма хиллара Калойн башха васт кхолла. Массарел чIогIа премьерехь гинчух воккхавеш романан автор вара. Цхьаццадолу суьрташ сцени тIехь гойтуш бIаьргех долу хи ца сацалора яздархочуьнга. Спектакль чекхъяьлча, Калойн васт дукха дика кхолларна, къевллина маравоьллина Базоркин Идриса, къинтIера ваьккхира актер, юьхьанца ша дийцинчунна дохко ваьлла. Баттахь сов, «БIешерийн боданера» спектакль гойтучу суьйранна даима аншлаг хуьлура нохчийн къоман театрехь. Iелин къинхьегаман доккха дакъа дара цу кхиамна юкъахь. Актеро кхоьллина Калойн васт бахьанехь, цунна сийлахь цIе елира «Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъволу артист» аьлла.
Иштта боккхачу кхиамца чекхъевллачарна юкъахь яра режиссера Солцаев Мималта хIоттийна «И дольше века длится день» цIе йолу спектакль. Дуьненахь вевзачу гIиргIизойн яздархочун Айтматов Чингисан изза цIе йолу роман яра спектаклан бухе йиллинарг. Манкуртан роль яра Марисултанов Iелина цу спектаклехь кхаьчнарг. Цхьа а дин, адамалла йоцучу, къизачу гIерано бераллехь вадийна, йийсарехь хьалакхиъна ву Манкурт. Вадаварал совнаха, хилларг, гинарг дицдалийта Iазапехь кхиош ву иза, коьртаха цIоканан пес йоьллина, туьта йоккха ца хилийта, зоьпаршна юккъе Iаьвдича санна латтош, хье ца кхиийта. Цунна дицделла шен да-нана, схьаваьлла орамаш. Иза цхьа акха адам санна ву, гIеранан баьччано аьлларг, цхьа а щеко йоцуш, дан кийча. Амма хаддаза кхунах йолчу гIийлачу ойланашца ехаш, хIара лоьхуш йолчу нанна, цкъа мацца а караво Манкурт. Нанас онда къахьоьгу кхуьнан иэс самадаккха лууш. Делахь а Манкурт къора ву ненан лаамна. Цунна ца евза иза. Шен нана хилла, я ца хилла ца хаьа декъазчу кIантана. Эххар а, гIеранан баьччин омрица къинхетамза шен нана йоь цо. Хала спектакль яра иза. Ненан роль ловзочу РСФСР-н хьакъйолчу артисткас Багалова Зулайс, Манкуртан роль ловзийначу Iелас лакхарчу драмин низамца хIиттийна суьрташ алссам дара цу юккъехь. Дукхах болчу хьовсархошка бIаьргех уьду хиш ца совцалора. ХХ-чу бIешеран чаккхенехь марсаюьйлучу эвхьазлонна дуьхьал хIоттийна спектакль хетара «И дольше века длится день». Театро а, Манкуртан роль ловзийначу Марисултанов Iелас а хIоранга орца дохуш санна хетара; ма дицдейша шайн орамаш, сама даккхийша шайн иэс, хилийша къинхетаме, бохуш.
Нохчийн Республикин театрашкахь болх биначу 40 шо сов йолчу заманахь бIе гергга роль ловзийна Марисултанов Iелас, уьш тайп-тайпана хилла: жима-йоккха, самукъане, дегаIийжаме. Амма муьлххачу ролехь ша велахь а актеро уьш кхачам боллуш дика ловзийна, хьовсархойн дегнашкахь еххачу ханна сирла лар юьтуш. Ишта-м цо «Когда отзовется эхо», «В семнадцать мальчишеских лет», «Горец», «Партизаны», «Выстрел из тьмы» исбаьхьаллин фильмашкахь дакъалаьцна. Режиссераша Хамраев Искандера, Татаев Илеса шаьш сценари язйина вайн къоман къаьхьачу исторех яьккхина фильм яра «Когда отзовется эхо». Вайн заманхочун роль яра Iелина цу фильмехь кхаьчнарг. Коьртачу турпалхочун тIехьийза кIант ву Марисултановс васт кхоьллина лор. Кхийолчу шен ролашкахь санна говза сурт хIоттадо актера цу фильмехь а, хьовсархошна ша кхоьллина васт дагчохь дуьсу гечонаш лоьхуш.
Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 90-чу шерийн юьххьехь, Россин пачхьалкхан премин лауреат, профессор хиллачу режиссера Солцаев Мималта, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан Университетехь актерийн говзалла Iамош йолу кафедра схьайоьллу. Цу муьрехь цунна тешаме накъост хилла уллехь лаьттина ву Iела. Нохчийн къоман театрана къона тIаьхье кхио Iалашо йолуш схьайиллина яра и кафедра. Хиллачу тIемаша, каде йоьдучу замано дукха хIуманаш хийцина вайн дахарера. Делахь а, церан ницкъ ца кхаьчна Марисултанов Iелин театре болу ховха безам шелбалийта. Тахана, цкъа мацах шен хьехархо хиллачу Солцаев Мималта схьайиллинчу кафедрина куьйгалла деш ву Iела. Цунна Iаламат жоьпаллин гIуллакх хета, да санна ша лоруш хиллачу стеган лорах схьавар, цо безамца дIадолийна беркате гIуллакх доьза ца дайтар. Иза даима хилла шен хьехархочунна тешаме.
2006-чу шарахь дара, Москварчу культурин институтехь дешна яьлла кегийрхойн тоба ялош Солцаев Мималт Нохчийчу цIавирзича. Республикин куьйгалло цунна тIедиллира, тIом балале хьалха Соьлжа-ГIалахь болх беш хилла М.Ю.Лермонтовн цIарах йолу оьрсийн драмин театр юхаметтахIоттор. Театран гIишло йохийна яра. Москвахь дешна цIабирзина кегийрхой, театрехь луш долу алапа кIезиг хеташ дIасабевлллера. Делахь а шена тIедиллинарг кхочушдан Iемина волчу Солцаевс Марисултанов Iела дIавийхира ша волчу. Актере «хIан-хIа» ца ала делира, дуккха а шерашкахь шен синан эла хилла лаьтташ волчу стаге. Цхьаьна дIаволавелира и шиъ оьрсийн драмин театр юха вовшахтоха. Чуваха чоь яцара, охьахаа гIант дацара, хIинца театран йолу гIишло хир ю аьлла цхьанна а дагахь а дацара. Амма болх дIа-м болийра цу шимма, цхьана отичохь. Массо цецвоккхуш спектакль хIоттийра «Рыцари Кавказских гор» цIе йолуш. Ши турпалхо вара цу спектаклехь Тайми Биболат, Михаил Лермонтов. Марисултанов Iела инарла Ермоловн роль ловзош вара. Цуьнан къизалла, акхаралла, нохчашка хилла цабезам гайта ницкъ кхечира актеран цу чолхечу вастехь. 2007-чу шарахь Новочеркаскехь хиллачу ерригроссин театральни фестивалехь ворхI номинацехь совгIаташ схьаийцира театро и спектакль бахьанехь. Ермоловн васт кхоьллина хIара вара совгIаташца билгалбаьхначу актерашна юкъахь. «Нохчийн Республикин халкъан артист» аьлла сийлахь цIе тиллира цунна и кхиам бахьанехь. Бакъду, баьхначу кхиамех тоам бийр болуш стаг вац вайн турпалхо. 2008-чу шарахь иза деша воьду, балхана юкъара ца волуш, Москва гIаларчу театральни академи. Кхиамца и чекхйоккхий режиссеран говзалла караерзайо. Цо оьрсийн драмин театран сцени тIехь хIиттийначарех ю «Хьоме нус», «Хилаза ца ваьлла хилла шейх», «Хьесапца дина захало», «Малхбален седа», «Со юха вогIур ву» иштта дуккха а кхийолу спектаклаш. Уьш берриге а хьовсархоша безаш тIеэцна белхаш бу. 2011-чу шарахь театран коьрта режиссер хилла Солцаев Мималт, лазаро йийсаре лаьцна, балхана юкъара ваьлча, цуьнан метта коьрта режиссер дIахIоьттира Марисултанов Iела. Цунна хьакъ яра и белхан меттиг. И санна шен болх безаш, театрана муьтIахь болуш нах дукха бац вайн махкахь. Делахь а, рицкъа кхачийча, белхан меттиг йита езаш хуьлу. Бакъду, даржера дIаваьллера аьлла, оцу стеган хилла сий дIа-м ца долу. Хааршна иэшам ца хуьлу. Хьекъал арт ца ло. Делан къинхетамца и дерриге Марисултанов Iелица долуш ду. И тахана актерийн къона тIаьхье кхиош Университетехь балхахь ву. Вайн республикерчу театрийн сцени тIехь шен синан дакъа юкъадуьллуш цо кхоьллина башха васташ хьовсархойн дегнашкахь даха дисина. Цкъа мацах бераллехь театре кхоллабелла безам, ларбеш таханене схьабеана оцу сийлахьчу актера.
ГАЗИЕВА Аза
№82, шот, 25 июль, 2015 шо