Вайн декхар ду заьIапхойн терго яр

ДIадаханчу кIиранах Соьлжа-ГIалин Ерригроссин БIаьрзечеран реабилитационни туьшахь «горга стол» дIаяьхьира. Иза вовшахтоьхнера ГIоьналлин коммерчески йоцчу «Исламик Релиф» фондо «ЗаьIапхойн гIудалкхашна ремонт еш йолу пхьалгIа» проектан гурашкахь дIахьочу белхийн хьалхара жамIаш дийцаре дарна. Нохчийн Республикехь «Исламик Релиф» организаци 2000-чу шарахь дуьйна болх беш ю. Цуьнан гIо кхочу буоберашна а, заьIапхошна а, гIийла бохкучарна а.

IMG_2215

Проект дIахьош ю 2014-чу шеран август баттахь дуьйна. Цуьнан Iалашо ю  заьIапхочун 200 гIудалкхана ремонт яр.

Дийцаре дан лерина дара: «Оьшу я ца оьшу гIудалкхашна ремонт яран пхьалгIа?» аьлла долу коьрта гIуллакх.

«Горгачу стоьлехь» дакъалоцуш бара ГIоьналлин коммерчески йоцчу «Исламик Релиф» фондан программийн куьйгалхо Саламова Селима, Нохчийн Региональни «Нохчийн Республикин заьIапхой» юкъараллин  председатель Алаев Шемал, Ерригроссин бIаьрзечеран юкъараллин Нохчийчоьнан организацин председатель Каримова Хьава, Ерригроссин заьIапхойн юкъараллин Нохчийчоьнан организацин председатель Аздаева Рабу, заьIапхой: Маргошвили Изнаур, Орзаев Руслан, Бетерсултанов Шамхан, иштта кхиболу хьеший.

«Горга стол» дIахьош яра оцу Фондан программийн куьйгалхочун гIоьнча Цугаева Бэла. Цо маршалла хаьттина, дакъалацархоша шаьш бовзийтинчул тIаьхьа заьIапхойн гIудалкхашна ремонт ярна жоьпалле волчу Алаев Шемала довзийтира ремонт ярх дерг. Цо элира:

«Вайн бахархойн тешам цахиларна хала хуьлу тхуна болх дIабахьа. Соьлжа-ГIалахь бехачу заьIапхойн цIа а доьлхий йо оха гIудалкхашна ремонт. Мел дукха  Iийча а шовзткъа миноте ца довлу тхо ремонт еш. Ярташкахь бехачу заьIапхойн гIудалкхашна ремонт ян даха транспортаца халонаш хуьлу. ХIинцале оха  ремонт йина 136 гIудалкхана».

Шена тIехь и хало ловш волчу Маргошвили Султана элира: «Со схьавеана хIара гIудалкх чкъургаш дика йоцуш лаьтташ яра. Шемале телефон тоьхча, цо, сан цIа а веана, керла чкъургаш хIиттийра. Схьа а цо валийна со. И ца хиллехь сан кхуза ван аьтто бацара. Дика гIуллакх хьанна а оьшуш ду. Дела реза хуьлда Шемална, цо дийриг доккха а, оьшуш а гIуллакх ду».

Цо дийцинарг тIечIагIдеш дара Орзаев Русланан а, Бетерсултанов Шамханан  а къамел.

«Горгачу стоьлан» дакъалацархойн сацам хилира, вовшех дага а бовлуш, кхидIа а болх дIабахьа. ЗаьIапхойн тешам алсамбаккхархьама телевиденехь реклама яйта.

ХIокху заманахь балхаца а, дешарца а шайн дахар доьзна дукха заьIапхой бу.  И бахьанехь церан  дIасабахар дукха хуьлу. Цундела гIудалкхашна сих-сиха ремонт ян езаш хуьлу.

Мустаев Рамзана Iаьрбийн мотт Iамош волчунна пайдехь хир йолу дешаран пособеш а екъна, «горгачу стоьло» берзийра шен болх.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан сурт

№82, шот, 25 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: