Адамалла кхиор коьрта хила деза

чIагIдо зеделларг долчу хьехархочо Ханакаев Сайд-Эмис

Шен дерриге а дахар ша винчу Нажи-Юьртан кIоштарчу Даттахе юьртарчу юккъерчу школаца доьзна Сайд-Эмис. Бакъду, къинхьегаман некъ дIаболор луларчу Зандакъ-Ара юьртарчу школехь нисделира. 1957–1961-чуй шерашкахь оцу юьртарчу ворхIшеран (оцу заманахь иштта школаш яра) школехь юьхьанцарчу классашкахь хьийхира хIетахь дукха къона хиллачу кIанта. 1961-чу шарахь дуьйна, эскарехь гIуллакх дан бен юкъах ца волуш, Даттахерчу юккъерчу школехь къахьегна. 33 шарахь (1976–2009-г1ий шераш) школин директор  лаьттина, цул хьалха итт шарахь директоран дешаран декъехула заместитель волуш болх бина, берашна оьрсийн мотт, литература, нохчийн мотт,  литература хьехна. Еххачу хенахь дешаран декъехь бинчу белхан мах хадош, 2014-чу шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указца «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» сийлаллин цIе а тиллина.

IMG-20150723-WA0047

Школа евзачунна хаьа, хала болх бу берашца берг, баккъал и дош хеташ, чу са а диллина, беш вацахь-м муххале а. «Дозаллица дийца даккхий хIуманаш дацахь а, деша луучунна деша меттиг а, тхайн дешархойх, массарех академикаш, инженераш ца хилахь а, гIиллакх, оьздангалла хIун ю хууш, цхьа адамаш хир дац те бохуш, тхайн ницкъ кхочучу барамехь къам хьегна, – дуьйцу Сайд-Эмис. – Дуйнаца чIагIдан цхьаъ ду-кха сан: хIокху школехь сайна хьалхахула чекх мел даьлла бер, оцу вайн чуьрчарел башха-м ца хетта суна».

60–70-чуй шерашкахь луларчу ярташкахь – БулгIат-Ирзехь, Зандакъ-Арахь, Чеччалхехь – юккъера школаш яцара. Оцу ярташкарчу бераша а юккъера дешар хIокху школехь дерзадора. ХIетахь кхузахь дешначу берех хIинца шайн ярташкахь а, махкахь а девзаш адамаш хилла: юкъараллин гIуллакххой, Iилманчаш, лоьраш, хьехархой, юьртан бахаман белхахой, иштта кхин  а. Дозаллица йоху Сайд-Эмис церан цIерш. «Гой хьуна, дукха ца дешнехь а, кIезигчу хенахь тхан школехь дешна историн Iилманийн доктора Гапуров ШахIрудис, хIокху школехь дешна бара «Нохчийн-оьрсийн фразеологизмийн дошаман» авторш вежарий Байсултанов Дадаш, Дауд, тхан школехь дешна а, кхиъна а, еххачу хенахь хIокху школехь болх бина а ву Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо Зубайраев Сайпудди (карарчу хенахь Нажи-Юьртан кIоштан дешаран отделан куьйгалхо). Шайн яккха цIе йолуш хьехархой-м кхин а бевлла тхан хиллачу дешархошлахь. Масала, карарчу хенахь Аргунерчу №1 йолчу школехь хими хьоьхуш волу Ибрагимов Ахьмад. «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» сийлаллин цIе елла ву иза а, Шелковскерчу №2 йолчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш йолу цуьнан йиша Ибрагимова Забунат а. Иштта яха цIерш кхин а, кхин а ю.. Сан хьуьнаршна дац иза, сан белхан накъостийн хьуьнарна ду. Ткъа коьртаниг – дукхах болчу тхан дешархошна дахарехь шайн меттиг карийна, юьртан диканан, вуонан бала а болуш, кхиъна уьш гуш воккхаве», – дуьйцу С.Э.Ханакаевс.

Цуьнан хиллачу дешархочо Таймазов Атас дийцира: «Даттахерчу школехь дешначу цхьана а стага Сайд-Эмих вон дош олуш ца хезна суна. КIеззигчу хIуманаш тIехь дешархошца эвхьаза вийларш ца хуьлура. Бер атта хеташ хIума-м аллане эр дацара. «Ой, хьо-м хилла ваьлла стаг вай, эхь дац ахь динарг ?», «Хьуна хьайн да мила ву хаьий? Иза-х юьрто лоруш стаг ву. ХIара ахь динарг цунна дIахезча муха хир ду», «Кхин хIумма ца хилча а нохчи вац хьо? Иштта хуьлуш ма вац нохчи, варийлахь, кхин ишттаниг ма далийталахь хьайгара?», – оцу кепара, хьуна эхь хоьтуьйтуш, йохье воккхуш, хуьлура бехкбаккхар. Вуьшта аьлча, дикачу ден шен доьзалца хуьлуш йолу юкъаметтигаш хуьлура цуьнан дешархошца. Цундела, цо дов дича а, човхийча а дегабаам ца бора оха. Кхин цхьаъ а дара тхуна тосаделла. Хьехархочун, дешархочун дош дашера даьлла, юкъаметтиг ийгIина хьал хIоьттича, гуттар  а дешархочун агIо лоцура цо, тIехула иза гуш ца хилахь а. Тхан цхьана накъостаца иштта меттиг нисъелла, чIогIа оьгIазвахана, хIара волчу чу иккхина хиллера хьехархо. «Я ахь и дешархо дIавоккхур ву, я со балхара дIавер ву», – цо аьлча, Сайд-Эмис аьллера: «Шуьшиннах цхьаъ дIаваккхаза ца валахь, ахь болх бита безар бу».

Дешарна хьалха лаьтта декхарш дика девзаш, дешаран дика вовшахтохархо вара Сайд-Эми. Цунна тоьшалла ду, лакхахь билгалдаьккхина ма-хиллара, итт шарахь директоран заместитель а, кхин 33 шарахь директор а волуш, цо болх бар. Шен болх безаш а, бевзаш а ца хилча, оццул шерашкахь и балур я бойтур а бацара.

Юьртахь хьехархочун, школин куьйгалхочун муххале а, болх бан атта дац. Хьалха шерашкахь Iер-дахаран хьелаш, вахар-вар хала хилла хилар а дац вай дуьйцург. Жимачу юьртахь хьехархочо дIа мел боккху ког а, олу дош а дешархошна гуш, хезаш хуьлу. Цуьнан белхан накъосташа а, хиллачу дешархоша а дийцарехь, оцу агIор а шех ала кхардаме дош ца дитина Сайд-Эмис. Жимчохь дуьйна а юьртахь иза къаьсташ вара шен леларан а, духаран а оьздангаллица, хазачу гIиллакхца, ламаз-мархица хиларца, мерзачу тIе-каренашца. ХIетахь а, хIинца а юьртахь цхьа а дика а, вуон а (той, тезет, белхи…)  ца доьрзу цо дакъа ца лоцуш. Дийцар хилла лаьтта шен хIусамненаца а, доьзалца а цхьаьна цара хаза лелайо беш. Вуьшта аьлча, шен дахаран масалца а дешархой дахарна кечбо цо.

Тахана а школаца зIе ца хадийна С-Э.Ханакаевс. Шен ницкъашка хьаьжжина урокаш лелайо (нохчийн меттан, литературин), къоначу хьехархошна белхан зеделларг довзуьйту, школин, юьртан юкъараллин дахарехь жигара дакъа а лоцу.

Балха тIехь а, юьртахь а тарвала гIерташ, адамийн дегнаш тIера вожарна кхоьруш, шен дешархошкахь адамалла кхиор коьрта лоруш, дахарехь беркате лар юьтуш, схьавогIу Сайд-Эми. Цундела шен дешархойн а, юьртахойн а сий-лараме а кхаьчна.

 

Хь.ДОВКАЕВ

№82, шот, 25 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: