Бахархойн хьашташ дика кхочушдар экономика кхиаран билгало ю

бахархойн

ХIора шарахь июль беттан доьалгIачу шоьтан дийнахь Россехь билгалдоккху Махлелоран белхахойн де. Иза даздар дIадолийна 2013-чу шеран май баттахь, Россин Президентан Указца нийса а догIуш. Хьалха заманахь дуьйна мехкан экономикин а, политикин а дахарехь йоккха меттиг дIалоцуш хилла махлелоро. Йохк-эцаран юкъаметтигаш кхиа йолаелчахьана дуьйна, уггаре а яьржинчу, оьшучу говзаллех цхьаъ хилла схьайогIуш ю махлелорхочун говзалла. Юккъерчу бIешерашкахь и болх дукха хьолахь божарша бинехь а, карарчу хенахь зударша «караэцна» махлелор.

Махлелорхойн къинхьегам бахьанехь кхочушйо уггаре а коьртачех йолу социальни Iалашо – йохк-эцаран декъехь долу бахархойн хьашташ кхочушдар а, сурсаташца царна кхачояр а. Бахархойн хьашташ кхочушдаран дакъа кхуьуш хиларо, юкъараллин экономикин хьал тодаларна тоьшалла до. Ткъа и дакъа тIаьхьарчу шерашкахь сиха кхуьуш ду.

Таханлерчу дийнахь, махлелор – иза экономикин уггаре а дика кхуьучу дакъойх цхьаъ ду. Мехкан бюджет кхоллаяларехь доккха дакъа дIалоцу цо. Иштта, Росстатан хаамашца, Россин кегийчу предприятех ах гергга махлелоран декъехь болх беш ю. Цу юкъахь къахьоьгуш 3 миллион сов стаг ву. Цул сов, керла сурсаташ дохка юьйлалуш ерш а дукха хьолахь махлелоран кегий предприятеш хуьлу. Цундела, оцу предприятийн балхо махкахь инновацеш а жигарайоху.

Россин регионашна юкъахь махлелоран дакъа кхиорехь тоьллачарех ларалуш ю вайн республика а. Экономикин хьал тодаларца цхьаьна махлелор а кхуьуш ду вай долчохь. Цу декъана жоьпаллехь ю Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министерствон бахархойн хьашташ кхочушдаран а, махлелоран а экономикин департамент. 2015-2020-чуй шерашкахь Россин Федерацехь махлелор кхиоран стратегица а, цу декъехь йолчу тайп-тайпанчу федеральни а, ведомствон а программашца а догIуш, жигара къахьоьгу лакхахь билгалъяьккхинчу департаментан говзанчаша. Махлелор кхиоран стратегин коьрта Iалашо ю махлелоран юкъаметтигашкахь дакъалоцурш берриге а резабар. Цу юкъахь кхо дакъалацархо ву: сурсаташ (кхийолу хIума) дийриг а, уьш духкуш верг а, оьцуш верг а. Вайн махкахь махлелоран дакъа кхиаран хьал таллар а, кхиаран некъ дIакхехьар  а, махлелоран жима бизнес кхиор а, ярмаркаш дIаяхьар а, юьртабахаман, кхачанан сурсатийн базарш вовшахтохар а, доьзалша бизнес лелор а, иштта махлелоран дакъа кхиоран кхидолу гIуллакхаш а дийцина ду билгалъяьккхинчу стратегехь. Нохчийчохь махлелоран декъехь кхочушбеш болу берриге а белхаш 2011-чу шеран 7-чу июлехь республикин Парламенто тIеэцначу «Нохчийн Республикехь махлелоран гIуллакхаш пачхьалкхан тIегIанехь тодаран хьокъехь»  долчу законца догIуш дIахьош бу.

Махлелоран дакъа кхиар а, розницин «товарооборот» лакхаялар а 2006-чу шарахь дуьйна хаалуш ду вайн республикехь. Къаьсттина дика го иза тIахьарчу масех шарахь. Масала, 2014-чу шарахь розницин товарооборот 119468,6  миллион соьман барамехь хилла. Цул хьалхарчу шарца дуьстича 109,4 процент башхалла ю (2013-чу шарахь  товароборот 102958,6 миллион соьман барамехь яра). 2013-чу шарахь 6669 миллион сом бен хилла йоцу юкъараллин кхачанан оборот  2014-чу шарахь 10549,6  миллион соьме кхечира. Махлелоран а, юкъараллин кхачанан а оборот лакхаялар цу декъехь йолу предприятеш алсамйовларца а, 2013-чу шеран октябрехь схьайиллинчу «Гранд-парк» махлелоран туьшехь йолчу туьканийн балхаца а, кхачанан а, кхидолчу а сурсатийн тайп-тайпаналла яржарца а, кхачанан сурсатийн мах шарахь пхийтта проценте кхаччалц лакхабаларца а доьзна ду. Юкъараллин кхача а, махлелор а  дика кхуьуш ду вайн республикехь, делахь а, церан инфраструктура кхиаран тIегIа бахархойн хьашташ кхачам боллуш кхочушдарна тоьаш дац. Дукха яц вай долчохь кхузаманан лехамашца  йогIуш йолу махлелоран объекташ а. Нах дукха гуллучохь, коьртачу урамашкахь, майданашкахь аьхкенан кафеш кIезиг ю. Нохчийн Республика хьалха дуьйна юьртан регион ларалуш хиларе хьаьжна доцуш, бахархошна вешан производствон сурсаташца кхачояр а ледара ду вайн.

2014-чу шарахь 36102,5 миллион соьмана  бахархойн хьашташ кхочушдина Нохчийн Республикехь. Ткъа 2013-чу шарахь кхочушдинарш 29862,2 миллион соьмана  дара. Царна юкъахь уггаре а йоккха меттиг дIалоцу Iер-дахаран хьашташа – 25,2 процент, цул тIаьхьа догIу зIенан (20,4 процент), транспортан (18 процент), коммунальни (13,3 процент) хьашташ.

Хууш ма-хиллара, тIаьхьарчу шарахь Нохчийн Республикехь а, ерриге а Россехь а экономикин хьал башха синтем беш дац. Цуьнца доьзна ду, вайн бахархоша чIогIа сагатдеш долу, кхачанан сурсатийн мах лакхабалар. Денна аьлча санна лакхабуьйлуш бу кхачанан сурсатийн мехаш а. Масала, 2014-чу шеран ноябрь баттахь 219 соьмах духкуш хиллачу жижиган (кийлан) мах 2015-чу шеран июнь баттахь 262 соьме кхечира, ахшо хьалха 283 сом дехначу уьстагIан жижигах 291 сом доьху. ГIорийначу чIеран мах 95 соьмера 141 соьме кхаччалц лакхабаьлла. Башха дукха тIе ца кхетта шурин (литран) мах: ахшо хьалха – 59 сом, карарчу хенахь – 61 сом. ХIоьийн мах (итт хIоанах) 2014-чу шеран ноябрь баттахь 48 сом хиллачуьра карарчу хенахь 36 соьме кхаччалц охьабаьлла. Шекаран мах 12 соьмана  тIекхетта. Картолан, хохан, копастан мехашна итт-итт сом гергга тIекхетта дIадаханчу шеран ноябрь баттахь дуьйна. Къаьсттина лакхабаьлла жIонкан мах: 2014-чу шеран чаккхенехь хиллачул 20 сом совбаьлла ца Iаш, тIаьхьарчу баттахь (марханашна герга йолчу хенахь) кхин а 20 сом тIекхетта, 90 соьме хьалабаьллера иза. Бакъду, марханаш даьстинчул тIаьхьа мелла а лахадовлу кхачанан мехаш. Лакхахь хьаха ма-дарра, тIаьхьарчу хенахь экономикин хьал цхьабосса лаьтташ дац вайн махкахь. Цуьнца цхьаьна охьа-хьала буьйлуш бу долларан а, еврон а мехаш. Ткъа вайн республикехь юхкуш-оьцуш йолу продукци дукха хьолахь дозанал арахьара схьакхоьхьуш ю. Цундела, тIеюхучу бедаршна, кхачанан сурсаташна мах тIекхетар вайн махлелорхойх дозуш дац. Цу тIехь царна бехк буьллийла  дац.

 

А.МУСАЕВА

№82, шот, 25 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: