Болх кхин а алсамбаьлла

Хууш ма-хиллара, дукха хан йоццуш «Соьлжа-ГIалин хIорда» йистехь садоIу меттиг (пляж) схьайиллина. Республикин массо а маьIIера адамаш оьху хи йисте. Царна юкъахь дика нека дан ца хууш берш а хуьлу. Оцу хьокъехь Россин Федерацин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу коьртачу урхаллин хьаькама Яхъяев Руслана ведомствон белхахошна тIедиллина «Соьлжа-ГIалин хIорда» йистехь йолчу садаIаран меттигашкахь кхерамазалла латтор.

Yw6gGEi4yJ-800x600

Хиш тIехь адамийн кхерамазалла ларъяран отделан инспектора Адаев Эльдара билгалдаьккхира МЧС-н белхахой мукъачу деношкахь а белхаш беш хилар.

«Арахь йовха хиларна садаIа дукха нах оьху кхуза. Лийча баьхкинчарна хих хила тарлуш болу бохам ца хилийта Iуьйранна исс даьллачул тIаьхьа суьйранна ворхI даллалц болх беш ду тхо. Мукъачу деношкахь а соцуш бац болх. Кхин а алсам  хуьлу. ХIунда аьлча белхашкара мукъа ма девллинехь адамаш кхуза схьадог1у», – элира цо.

Талламан-кIелхьарабахаран отделан белхахочо Гишаев Мансура дийцира шаьш хIора дийнахь хи буха воьдучуьра ши-кхо стаг кIелхьара воккхуш хиларх лаьцна. «Ма диэ аьлларг марзло вайна, дахарна кхераме иза делахь а. Оха даима дуьйцуш ду хитIехь ларъян езачу бакъенех лаьцна, дехьавала мегаш доцу дозанаш хиларх лаьцна а. Амма дуьйцучуьнга ла ца дугIуш берш нисло», – дийцира белхахочо.

Дукха хан йоццуш Гишаев Мансура хи буха воьдуш волчуьра шен белхан накъосташца кIелхьараваьккхира дейтта шо долу кIант. Цо дийцарехь ша нека деш мел гена валалур ву хьожуш хилла иза. Амма бердана дикка гена ваьллачул тIаьхьа юха ван ницкъ ца тоьъна. МЧС-н белхахошна шен хеннахь и кIант гар бахьана долуш, кIелхьараваккха таро хилира. Халахеташ делахь а, цу тайпа масалш дуккха а ду. Цхьа а ларвала ца хьожу. Цул сов, лийча шайн бераш далийначара а церан терго ца йо. Цу тайпанчу «бен ца хетачаьрца» МЧС-н белхахоша профилактикин болх бо.

Ишта а массанхьа а кхиа гIерташ болчу МЧС-н белхахойн болх кхин а алсамбаьлла «Соьлжа-ГIалин хIорда» йистехь садаIаран меттиг схьаеллар бахьана долуш.

 

А.АБДУЛАЕВ

 № 82, шот, 25 июль, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: